4. АН-НИСАЪ

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ХIай нах! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух‚ шу кхоьллина волу цхьана синах (Адамах)‚ Цо кхоьллина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ царех шиннех а Цо баржира дуккха божарий а‚ зударий а. Шу кхера Делах‚ аша Шеца вовшашка дехарш деш волчу‚ гергарлонаш тIехь. Баккъалла а, и Дела хилла шуна тIехь тергамхо.

2.

ДIало буоберашна церан даьхний. Ма хийцаде боьханиг цIеначуьнца, ма даа церан даьхний‚ шайнчух тохий. И хилла доккха къа.

3.

Шу кхоьруш делахь буоберашкахь нийсо ца ярна‚ аша балабе шайна дика хетта болу зударий шишша, кхокхха‚ йиъ-йиъ‚ шаьш нийсо ца ярна кхерахь – цхьаъ‚ я шайн дуйша дола динарг (ялае). И герга ду шу тIех ца довларна.

4.

ДIало зударшна (шаьш балош болчу) церан там совгIатана. Цара шуна цунах хIума юхалахь дог цIена‚ гIоза доийла и аша.

5.

ДIамало тIалам бан ца хуучаьрга  шайн даьхний‚ Дала шун дахаран бух бина долу. Цунах даа а‚ духа а ло царна (буоберашна)‚ цаьрга ала хаза дош.

6.

ТIалам бе буоберийн зуда ялориг хиллалц. Уьш кхиина буйла шайна хаа делча‚ дIало цаьрга церан даьхний. Аша ма даа и кхоам ца барца а‚ тIалам ца барца а уьш баккхий хилале‚ – хьал долуш верг озалойла (оцу буоберийн даьхний даарх)‚ мисканиг – цо жимма дуийла. Шаьш цаьрга церан даьхний дIалуш‚ цу тIехь тоьшалла хIоттаде. Кхочушхилла хьесап деш верг Дела хилар.

7.

Божаршна дакъа ду дас-нанас‚ гергарчара а бухадитинчух (уьш дIакхелхина)‚ зударшна а ду дакъа ден-ненан а‚ гергарчеран а  бухадисинчух‚ кIеззиг делахь а и‚ дуккха делахь а – дакъа ду перз хилла.

8.

Ирс доькъучохь хилахь пекъар болу гергарнаш (шайн цунах ирс ца кхочу) а‚ буобераш а‚ мисканаш а – рицкъа ло царна цунах‚ хаза дош ала цаьрга.

9.

Кхоьрийла уьш шайл тIаьхьа шайн доьзал гIиттонехь битарна кхоьруш берш. Уьш кхоьрийла Делах а‚ цара олийла нийса дош.

10.

Баккъалла а, зуламца буоберийн даьхний дууш берш – уьш ма бу шайн гай чохь цIе юуш‚ уьш гIур ма бу жоьжахата.

11.

Дала весет до шуьга шун доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): божаберана ло шина зудаберана кхочу дакъа. Нагахь санна зударий белахь /шиъа а/ шиннел сов а, царна бухадитина долчух кхо дакъа дича, ши дакъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна (бухадисинчух) ах ду. Дена-нанна – хIоранна царех – ялхалгIа дакъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дакъа дича, цхьа дакъа (дисинарг дас схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дакъа дича, цхьа дакъа ду‚ (хьакъболчарна ирс доькъур ду) цо дина весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий – шуна ца хаьа царех мила ву шуна герга пайдехь. Делера перз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла ша хууш а‚ хьукма (нийса) деш а.

12.

Шуна а кхочу ах дерг шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь – шуна цара бухадитинчух, диъ дакъа а дина, цхьа дакъа ду церан весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Царна (шу делла бухабисина болу шун зударшна) – аша бухадитинчух, диъ дакъа а дина, цхьа дакъа ду‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь – царна аша бухадитинчух, бархI дакъа а дина, цхьа дакъа ду шун весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь – церан ваша‚ я йиша елахь – цу шиннех хIоранна а, ялх дакъа а дина, цхьа дакъа лур ду. Нагахь уьш церал алсам белахь – уьш декъахой хир бу, кхо дакъа а дина, цхьана декъехь‚ цуьнан весет кхочуш динчул тIаьхьа‚ декхарел тIаьхьа‚ ша зен (цхьанна сов доккхуш‚ вукхунна эшош) ца деш. Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ дог кIеда а (дуьненахь сиха таIзар ца деш къинош динчарна).

13.

Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг – и вуьллур ву Цо ялсамани чу‚ шена бухахула хин татолаш лелаш долчу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И сийлахь-боккха толам бу.

14.

Далла а, цуьнан элчанна а Iеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вуьллур ву Цо цIерга‚ гуттаренна цу чохь лаьтташ‚ цунна – сийсазе долу Iазап ду.

15.

Шун зударех боьханиг деанарг – шух веаммо тоьшалла дойла цунна тIехь. Цара тоьшалла дахь – цIахь дIалаца уьш баллалц‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц.

16.

Шух шимма дахьахь и (боьханиг – зина) – лазабе уьш. Цара шиммо а тоба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовла царех. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тоба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

17.

Тоба къобалдар ду Далла – ишттачарна‚ шаьш вон деш хиллачарна ца хаарца‚ тIаккха тоба деш болу сихонца. Баккъалла а, церан тоба къобалдийр ду Дала. И Дела хилла хууш верг а‚ хьикмате верг а.

18.

Тоба къобалдийр дац шаьш вониг диначарна, шайх цхьаъ валлалц‚ олуш: "ХIинца аса тоба дина"‚ шаьш цатешаш а болуш беллачарна а‚ царна Оха кечдина лазош долу Iазап.

19.

ХIай иман диллинарш! Хьанал дац шуна аша зударий ницкъаца ирсе битар‚ хало ма е царна шаьш царна деллачух цхьадерг духаэцархьама‚ нагахь санна билггала боьханиг цара тIедаийтина дацахь. Хаза даха цаьрца‚ шуна уьш безаш ца хилахь а. Шуна цхьа хIума ца еза тарло‚ Дала цу чохь дуккха диканаш дан тарло.

20.

Шу лууш делахь зудчун метта зуда хийца‚ аша царех цхьаннена дуккха даьхний делла делахь‚ цунах хIумма а духа ма эцалаш. – Аша схьаоьцу и ткъа доккха зулам а‚ билгала къа а деш?

21.

Аша и схьа муха оьцу‚ шу вовшашна юкъадахана (майрий а‚ зуда а хилла) ма хиллий? Шуьгара чIогIа ваIда эцна ма ярий цара?

22.

Аша ма балабе шун дайша балийна хилла болу зударий‚ хьалха дIадаханарг доцург. И хилла боьханиг‚ чIогIа ирчаниг‚ вуно боьха Iадат а.

23.

Шуна (бало) хьарам бу шун наной а‚ шун мехкарий а‚ шун йижарий а‚ шун ден йижарий а‚ шун ненан йижарий а‚ шун вешин мехкарий а‚ шун йишин мехкарий а‚ шу дакхийна хилла болу шун наной а‚ шун шурин йижарий а‚ шун зударийн наной а‚ шун цIеношкахь Iеш болу шун цаьрца гергара юкъаметтиг а хилла болчу зударийн кхечарна бина болу мехкарий а. Шун цаьрца гергара юкъаметтиг ца хиллехь – къа дац шуна (церан мехкарий бало). Шун чIурах схьабевлла болу шун кIентийн зударий а‚ ши йиша вовшахтоха а /хьарам ду шуна/‚ хьалха дахна хилларг доцург. Баккъалла а, и Дела хилла гечдеш а‚ къинхетаме а.

24.

Зударех марехь берш (хьарам бу шуна)‚ шун аьтту куьйгаша дола дина боцурш‚ и тIе диллина Дала шуна. Хьанал бу цул дехьахь берш‚ шайн бахамца аша лехча‚ шайн догIу урду дIалуш‚ шарIаца балош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича – царна богIу мах дIало перз хилла. Перз кхочуш дина (цаьрна догIу урду дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урду юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьикмате а.

25.

Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цIена болу муъма зударий бало – шайн аьтту куьйгаша дола дийначех шайн муъма мехкарех балабе. Далла дика хаьа шун иман‚ шу вовшех ду. Балабе уьш церан охIлан пурбанца‚ дIало церан мах диканца‚ цIена хилла болу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагIа лаьцна боцуш болу – (зударий). ТIаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догIучух ах Iазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аша собар дахь (и зуда ца ялош) – и шуна дика ду. И Дела гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.

26.

Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нийсдан‚ шун тоба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукам нийса деш а ву.

27.

Цу Далла лаьа шун тоба къабалдан. (Шайн) дезаршна тIехьахIуьттуш болчарна лаьа шу (цIеначух) дуккха гена довла.

28.

Шуна тIера (халонаш) яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьIап.

29.

ХIай иман диллинарш! Вовшийн даьхний ма даа харцонца‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа. Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме.

30.

МостагIаллица‚ зуламца и динарг‚ тIаккха Оха чуверзор ву цIерга. И хилла Далла атта.

31.

Шайна нехIа дина долу даккхий къинош аша юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудухкур ду шу сийлахьчу чугIойлина (ялсамане).

32.

Шуна ма деза Дала шух цхьаболчарна вукхарел базбина делларг. Божаршна дакъа ду шаьш карийначух‚ зударшна а дакъа ду цара шаьш карийначух. Аша Деле деха Цуьнан комаьршаллех. И Дела хилла массо хIума Ша хууш.

33.

ХIоранна Оха хилийтина вали дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчунна. Шун дуйша чIагIбиначарна (хьалха аша шайна ирс лур ду, аьлла, ваIда йина хилла болу доттагIий), – дIало царна церан дакъа. Баккъалла а, и Дела хилла массо хIуманна теш.

34.

Божарий тIехIиттина бу зударшна, Дала цхьаберш вукхарел базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу – шайн марошна муьтIахь берш‚ шаьш ларош берш ца гучохь Дала ларде аьлларг (церан марошка уьш весет бина). Шу – церан Iесаллех кхоьруш дерш – хьехамбе царна‚ /цуьнах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь‚ /цуьнах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТIаккха уьш шуна муьтIахь хилахь – некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха а‚ воккха а

35.

Шу кхерахь (майрачун а‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (майрачун) нехан юккъера а‚ зудчун нехан юккъера а. МаслаIат лууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу церан юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо хIума) хууш верг а‚ (къайлах дерг) дика хууш верг а.

36.

Далла Iибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хIуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ буоберашна а‚ мискачарна а‚ лулахь Iаш гергарчарна а‚ генарчу лулахочунна а‚ генарчу накъостана а‚ новкъа накъостана а‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а (дика хила). Баккъалла а, Далла ца веза беккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а.

37.

Пис берш а, нахана пис хила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллах хьулдеш берш а (ца беза Далла) – Оха кечдина цатешачарна сийсазе долу Iазап.

38.

Шайн даьхний нахана гайтархьама сагIина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ ТIаьххьара дийнах а тешаш боцуш а‚ шена шайтIа доттагIа берш а – вон доттагIа хилла цунах (уьш а ца беза Далла).

39.

ХIун дара царна Делах а‚ ТIаьххьара дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъах сагIа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла.

40.

Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и шозза алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло.

41.

Муха хир ду Оха массо умматах теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча?

42.

Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду Оха шаьш лаьттаца нисдар. Хьулдийр дац цара Делах (цхьажимма а дуьненахь шаьшца) хилларг.

43.

ХIай иман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахь а – ца луьйчуш, шаьш новкъахула (хи доцучухула) лелаш дацахь, я (маьждига чохь ца совцуш) чекхдолуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хинарара веъна велахь‚ я шу зударех хьакхаделла делахь – тIаккха шуна хи ца карадахь – тайм де цIенчу лаьттаца (я гIумарца). Шайн яххьийх а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а.

44.

Хьуна ца го и шайна жайнах дакъа делларш – шаьш тиладалар оьцуш‚ шу а некъах тиладала лууш бу?

45.

Далла дика бевза шун мостагIий. Вали кхачо хилла Делаца‚ гIоьнча кхачо хилла Делаца.

46.

Жуьгтех бу шаьш дош шен меттигера дIадоккхуш берш. Цара олу: "Хезна тхуна‚ Iеса хилла тхо". "ЛадогIа ахьа – хозуьйтур дац хьуна (вониг)", "РаIина"‚ вочунна тIеуьдуш берш шайн маттаца (олуш дашца) динна дуьхьала хиларца. Цара аьллехьара: "Хезна тхуна‚ муьтIахь хилла тхо‚ ладогIа‚ тхоьга хьажа (тхан гIайгIа бе)"‚ царна дика хир дара‚ чIогIа а (хир дара)‚ мухха делахь а, Дала неIалт аьлла царна уьш цатешарна. Ма тешаш бац уьш цхьа кIеззиг берш бен.

47.

ХIай шайга жайна делларш! Шу теша Оха доссийначух (КъурIанх)‚ ша бакъдеш долу шуьца дерг (Товрат а‚ Инжил а) Оха яххьаш нийса йина тIехьа ерзаяле‚ я неIалт алале‚ шоьтан дийнан дайшна ма-аллара. Делан гIуллакх кхочушхилла.

48.

Баккъалла а, Дала ца гечдо Шеца накъост лацар‚ Цо геч ма до и доцург Шена луучунна. Милла а велахь а, Делаца накъост лоцуш – доккха къа кхоьллина цо.

49.

Хьуна ца го и шаьш цIанбеш берш? Дала цIанвийр ма ву Шена луург. Цуьрриг а зулам дийр ма дац царна.

50.

Хьажал хьо‚ муха кхуллу цара Далла тIехь харцдерг! Кхачо хили цунах билггала къа хиларца.

51.

Хьуна ца го шайна жайнах дакъа делларш – уьш тешаш бу джибтех а‚ тIагIутах а‚ цара олу цатешачаьрга: "Шу ду нийсачу новкъахь (Мухьаммадан Деле) иман диллинчарел"

52.

Уьш ма бу Дала шайна неIалт аьлларш. Дала неIалт аьллачунна хьуна карор ма вац гIоьнча.

53.

Я шайна мулках дакъа долуш бу уьш? Цара лур ма дац нахана тумхалг а.

54.

Я нахана хьагI йо-те цара, Дала царна Шен комаьршаллех деллачунна тIехь. Оха делира ИбрахIиман доьзална жайна а‚ хьукмалла а. Доккха мулк (даьхний) деллера Оха царна.

55.

Царех (жуьгтех) цунах (цу Дала доссийначу жайнах – КъурIанх) тешнарг а ву. Царех цуьнан дуьхьалваьлларг а ву. Кхачо хилла жоьжахатица (уьш баго) цIе хилар.

56.

Баккъалла а, и Тхан аятех цатешарш – тIаккха бохуьйтур бу Оха уьш цIерга. Церан чIкъоьрнаш даьгна мел дели‚ Оха уьш хийцор ду кхечу чIкъоьрнашца цаьрга Iазап Iовшийтархьама. Баккъалла а, и Дела хилла нуьцкъала а‚ хьекъале а.

57.

Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а – тIаккха уьш чубохуьйтур бу Оха бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хин татолаш лелаш йолчу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. Цу чохь царна цIена зударий хир бу. Оха чубохуьйтур бу уьш луьстачу IиндагIе.

58.

Дала омра до шуьга‚ шайга тешаме елла хIуманаш дIаерзор шен дайшка‚ нехан юккъехь шаьш хьукма деш, и хьукма дар нийсонца. Баккъалла а, и Дела ниIмате ву шуьга, и хьехам беш волу. Баккъалла а, и Дела – ма хаза ду Цо шуьга шеца хьехам беш дерг! Баккъалла а, и Дела хилла хезаш а, гуш а.

59.

ХIай иман диллинарш! Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна а‚ шайх гIуллакх карахь долчарна а. Цхьана хIуманна тIехь шу къийсам хилахь‚ аша и дерзаделаш Деле а‚ элчане а‚ шаьш Делах а‚ ТIаьхьарчу дийнах а тешаш делахь. И дика а ду‚ хазачу кепара дастар а ду.

60.

Хьуна ца го и шаьш хьоьга доссийначух а‚ хьоьл хьалха доссийначух а тешаш бу моьттуш берш? Уьш лууш ма бу шайна юккъехь хьукма дойла тIагIута. Цаьрга омра ма дина цунах (тIагIутах) ма теша, аьлла. ШайтIа ма ду лууш уьш тило геннарчу тиларца.

61.

Цаьрга аьлча: "ТIедуьйла Дала доссийначуьнга а‚ элчане а (дало‚ хьукам дойту вай КъурIане а‚ элчане а)"‚ хьуна ма го и мунепикъаш дIабоьрзуш хьо волчура (сихачу) берзарца.

62.

Муха шайна тIе цхьа бала беъча‚ шайн куьйгаша кечбина хилла‚ уьш хьуна тIе баьхкира‚ шаьш Делаца дуйнаш бууш: "Тхо ма дацара лууш диканиг а‚ кхиам хилар а бен"‚ – олуш.

63.

Уьш ма бу Далла шайн дегнашкахь дерг хууш берш. Юьстахвала хьо царна‚ хьехамбе царна‚ ала цаьрга дIакхочуш дош.

64.

Цхьа а элча ца ваийтина Оха цунна (нах) муьтIахь хилархьама бен, Делан лаамца. Уьш хиллехьара шаьш шайна зулам дича хьуна тIе богIуш, Деле гечдар доьхуш‚ элчано а гечдар дехча, царна и Дела карор ма вара шайна гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

65.

Хьан Кхиош-кхобуш волчу (Деллара) ма бац уьш (Делах) тешаш шайна юкъа доьжначун тIера хьукма хьоьга дойтуш бацахь‚ тIаккха ахьа йинчу кхиэлана шайгахь хIумма новкъарло ца караеш‚ шаьш цунна муьтIахь хуьлуш бацахь.

66.

Оха царна тIедиллина хиллехьара шаьш дайа‚ аьлла‚ я арадовла шайн цIеношкара‚ аьлла‚ царех кIеззиг болчара бен и дийр ма дацара. Шайна хьоьхуш дерг цара дахьара – и дика а‚ делилца чIогIа а ма дара.

67.

ТIаккха Тхан гергара сийлахь-йоккха ял лур ма яра царна Оха.

68.

Нийсачу новкъа бихкина хир ма бара Оха уьш.

69.

Далла а‚ элчанна а муьтIахь берш – уьш хир бу Дала шайна ниIмат деллачаьрца цхьаьна: пайхамаршца‚ уггар бакълуьйчаьрца‚ гIазотехь дIакхелхинчаьрца. Ма хаза хили уьш шайн накъост хиларца!

70.

И дозалла Делера ду‚ кхачо хилла Дела хууш верг хилар.

71.

ХIай иман диллинарш! Ларлуш хилалаш‚ гIазотана арадовлалаш тобанашца а‚ я дерриге а.

72.

Баккъалла а, шух ма бу шаьш (гIазотана) тIехьабуьсурш. Шуна цхьа бохам хилча олу цара: "Ма ниIмат делла суна Дала со царна юккъехь (гIазотехь) цахиларна" (хиллехьара со лазийна я велла хир вара).

73.

Шуна Делера сий хилча‚ билггала олу цо‚ шуна а, шена а юккъехь безам боцуш санна: "Ма декъаза хили-кх со‚ цаьрца хила ца мегара со – боккха толам аса боккхур ма барий тIаккха".

74.

Делан новкъахь тIом бойла шаьш эхартах гергара (дуьненан) дахар духкучара. Делан новкъахь тIом бина велларг а‚ я толам баьккхинарг а – тIаккха лур ю Оха цунна сийлахь-йоккха ял.

75.

Аша хIунда ца бо Делан новкъахь тIом‚ божарех а‚ зударех а‚ берех а заьIап болчу нехан дуьхьа а‚ уьш ма буй олуш: "Тхан Кхиош-кхобург! Арадаха тхо хIоккху юьртара‚ шена чуьра нах зуламе болчу‚ хьан гергара верас (гIолоцург) ваийтахьа тхуна‚ хьан гергара гIоьнча ваийтахьа тхуна"

76.

Иман диллинчара тIом бо Делан новкъахь‚ цатешачара тIом бо тIагIутан (шайтIанан) новкъахь. ШайтIанан верасаш хIаллакбе. Баккъалла а, и шайтIанан мекарло ледара ма хилла.

77.

Хьуна ца го и шайга аьлларш: "Духадаха шайн куьйгаш (тIамах: тIом бар ма  деха хIинца а – цуьнан хан тIе ца кхаьчна)‚ ламазана хIотта‚ закат ло"‚ шайна тIом бар тIедиллича‚ царех цхьа тоба кхийрира нахах‚ Делах кхерар санна‚ я кхин а чIогIа. Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ хIунда тIедиллина Ахьа тхуна тIом бар. Цхьа гергара замане тIаьхьа таьттина хиллехьара Ахьа тхо". Ахьа ала: "Дуьненан хIума – кIеззиг хIума ю. Эхарт ю дика ша (Делах) кхоьручунна". Цхьа цуьрриг а зулам дийр ма дац шуна".

78.

Шу миччахьа хилахь а, далар тIекхуьур ду шуна‚ чIогIа хIиттина бIаьвнашчохь шу хилча а. Шайга цхьа дика деъча, цара олу: "ХIара Делера ду"‚ нагахь санна шайга вониг деъча, цара олу: "ХIара хьоьгара ду". Ахьа ала: "Массо а ду Делера". ХIун ду-те цу къамана? – Кхета ца туьгу-кх иза хиллачух.

79.

Хьуна тIедеъна долу диканиг – Делера ду хьуна (хIай адам)‚ хьуна тIедеъна долу вониг – хьоьгара ду хьуна. Оха ваийтина хьо /хIай Мухьаммад/ нахана тIе элча хилла. Кхачо хилла Делаца теш хилар.

80.

Элчанна муьтIахь хилларг – Далла муьтIахь хилла‚ вухаваьлларг – хьо ца ваийтина Оха царна тIехь тергам  латтош верг хилла.

81.

Олу цара: "МуьтIахь хир ду". Хьо волчуьра дIайирзича, царех цхьана тобано буьйсанна леладо ахь ма де аьлларг. И Дела яздеш ма ву и цара буьйсанна лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царех)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна.

82.

КъурIанх ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцучуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонаш карор ма ярий царна.

83.

Кхерам ца хиларх а‚ я кхерамах цхьа гIуллакх шайга деъча а – и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гIуллакх карахь долчаьрга а – тIаккха царех цуьнан буха тIекхуьучарна хуур дара (бакъдерг). Делан комаьршалла а‚ къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кIеззиг берш боцурш шайтIанна тIехьахIуттур ма дара шу.

84.

ТIом бе (я Мухьаммад)‚ Делан новкъахь. Ахьа жоп лур ду деккъа хьайна тIера. Муъма нехан дегнаш айде (тIамна)‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чIогIа ма ву ницкъаца а‚ и чIогIа ма ву бекхамца а.

85.

Хазачу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах дакъа ду‚ вочу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо хIуманна тIехь ницкъ болуш.

86.

Шайга салам делча‚ цул хазачуьнца салам ло аша‚ я духадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо хIуманна тергамбеш.

87.

АллахI цIе йолу цхьа Дела ву – кхин дела вац И бен. Цо дерраш а гулдийр ду шу къематдийне‚ цу чохь шеко яц. Мила ву, ткъа, Делал хабар бакъдуьйцуш?

88.

ХIунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба? Дала дIакхиссина уьш (керстаналлийна чу) шаьш динарг бахьанехь. Шу лууш ду нисван Дала тилийнарг? Дала тилийнарг – хьуна карор ма бац цуьнан некъ (и нисван).

89.

Царна дийзира шу иманах духадовлар, шаьш духадовларах терра‚ тIаккха шу хир дара цхьанийса. Ма лаца царех доттагIий, уьш Делан новкъахь дIакхалххалц. Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царех доттагIа а‚ гIоьнча а ма лаца.

90.

Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а шайн дагахь доцуш‚ шуьца я (шун дуьхьал долчу) къомаца тIом бар боцурш а. /Шуьца я шуна дуьхьал боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш – цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь – цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (машар бе цаьрца).

91.

Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила‚ шайн къомаца тешаме хила‚ шаьш питане ма-кхайккхина, цу чу бегаш. Уьш шух дIа ца къастахь‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна (тIекхийдочух) ца сацадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъ бина (цаьрца тIом бан мега шуна).

92.

Муъма стага муъма стаг вен мегар дац, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъма стаг вехь – муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна сацаделла долу дият лур ду цо‚ цара, цунна гечдина, сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъма волуш – муъма лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах – сацаделла долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъма лай паргIатвоккхур ву. И ца карадахь – тIеттIа шина баттахь марханш кхобур ду‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукма нийса деш а хилла.

93.

Цхьаммо шена хаа а хууш муъма стаг  вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а вахана цунна‚ неIалт а аьлла‚ доккха Iазап кечдина цунна.

94.

ХIай иман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аша билгал – даккха‚ шайга салам деллачуьнга ма ала: "Хьо муъма вац"‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш – Далла гергахь дуккха хIонс ю. Иштта хилла шу хьалха – Дала шуна ниIмат делла. Аша билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аша дийриг дика хууш.

95.

Нислуш бац муъма нахах шаьш гIазотах цхьа а бахьана доцуш бухабисинарш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гIазот динарш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гIазот динарш даржаца базбина Дала бухабисинчарел. ХIоранна Дала ваIда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГIазот динарш базбина Дала бухабисинчарел сийлахь – йоккхачу йолаца (боккха миэл баларца).

96.

Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца (базбина Цо уьш). Дела хилла Ша гечдеш а‚ къинхетаме а.

97.

Баккъалла а, шайна зуламаш дина маликаша дIаэцна болчаьрга эр ма ду: "Шу мичахь хиллера?" Цара эр ду: "Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тIехь ницкъ беш". Эр ду: "Ткъа Делан латта шортта дацара шу цу чохь дIакхалха?" Уьш ма бу шайн чугIойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ дIабоьрзу меттиг!

98.

Божарех а‚ зударех а‚ берийх а шайна ницкъ хилла (дIабаха) таро ца хилийнарш а‚ (кIелхьара) бовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала).

99.

Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а.

100.

Делан дуьхьа дIакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетевжийлаш а‚ шорто а. Делана а‚ элчанна а дуьхьал воьдуш шен цIера араваьлча,  цунах валар кхиъча (и новкъахь велча) – цуьнан ял Далла тIейоьжна. И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а хилла.

101.

Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аша ламаз доцца дича‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тIелатарна). И цатешарш хилла шуна билггала мостагIий.

102.

Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш‚ царна ламазна хьалха хIоьттича‚ царех цхьа тоба хьоьца хIуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш суждане бахча (церан рукIат чекхдаьлча), шуна тIиэхьа кхиберш хIуьттийла. ТIаккха цхьа ламаз дина доцу тоба йогIийла (хьуна тIихьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш лууш бара шу шайн герзах а, хIуманех гIапал хуьлийла – тIаккха уьш шуна тIекхуьур бара цхьа гIулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догIанца, я шу цомгуш делахь, аша шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Iазап.

103.

Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агIошна тIетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хIоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъма нахана хан тоьхна тIедиллина.

104.

Шу ледара ма халалаш шайн мостагIий болу нах (гIазот дан) лаха. Шуна лазош хиларх – царна лазош ма ду шуна лазош санна, шу-м Делера цхьана хIуманах догдохуш а ду, цара дог ца дохучунна. И Дела хилла Ша хууш а, хьикмате а.

105.

Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна бакъонца ахьа нахана юккъехь хьукма дархьама, Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь тешнабехк бинчеран дуьхьа къуьйсуш.

106.

Деле гечдар деха. Баккъалла а, Дела хилла гечдеш а, къинхетаме а.

107.

Ахьа ма къийсалахь шаьш тешнабехк бинчеран дуьхьа. Баккъалла а, Далла ца веза къинош дарца тешнабехк бийриг.

108.

Уьш дIахьуллуш бу нахах, дIахьуллуш бац Делах, ткъа Иза уьш гуш ву, цара буьйсанна и реза воцу дешнаш дуьйцуш. Дела хилла цара диначунна гуо лоцуш.

109.

ХIай, шу ма ду церан дуьхьа дуьненан дахарехь къуьйсуш. Хьан къуьйсур ду Делаца, церан духьа къематдийнахь? Я мила хир ву царна тIехь векал?

110.

Милла велахь а вониг деш, я шена зулам деш, тIаккха цо Деле гечдар дехча‚ цунна и Дела карор ма ву гечдеш а, къинхетаме а.

111.

Милла велахь а къа деш – и деш ду цо шена. Дела хилла хууш а‚ хьукаме а.

112.

Милла велахь а гIалат я къа деш, тIаккха и цунах цIена волчунна тIетоьттуш –  и ма ву ирча харцдерг а‚ билггала къа а шена тIекхуллуш.

113.

Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а хьуна ца хиллехьара – царех цхьа тоба ма яра хьо тило лууш. Цара-м тилор бацара шаьш бен. Цхьа хIумма а цара зен дийр дац хьуна. Дала хьоьга доссийна жайна а, хьекъал а‚ Цо Iамийра хьуна хьо хууш ца хилларг. Йоккха хилла хьуна Делан комаьршалла.

114.

Пайда ма бац дукхахдолчу цара къайлах дечу къамелашкахь сагIа далар, оьзданиг, нехан юккъехь машар бар цара хьоьхуш дацахь. И деш верг милла а велахь а, Дела реза хиларе дог а дохуш – тIаккха Оха цунна лур ма ю йоккха ял.

115.

Милла велахь а элчанна дуьхьалваьлларг, шена нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа, муъма боцу нехан некъана тIаьхьа хIоьттинарг – и вуьтур ву Оха ша хаьржинчу новкъахь,  вохуьйтур ву жоьжахати чу. Вон хилла и тIевоьрзу меттиг!

116.

Баккъалла а, Дала гечдеш дац Шеца накъост лацар, гечдийр ду цул лахарниг Шена луучунна. Милла велахь а Делаца накъост лоцуш – тилавелла и генарчу тиларца.

117.

Иза витина, уьш кхойкхуш ма бу стечу хIуманашка, уьш кхойкхуш ма бу дуьхьалдаьллачу шайтIане.

118.

Дала неIалт аьлла цунна. Цо (иблисо Деле) аьллера: "Хьан лех цхьа билггала дакъа сайгахьа доккхур ду аса.

119.

Тилланне а тилор бу аса уьш, хазанне – хазбийр бу аса царна харц лаамаш, омра дийр ма ду аса царна – тоьдур ма ду цара бежнийн лергаш‚ омра дийр ма ду аса царна – хийцор ма ду цара Делан дин" (кхоллар). Дела а витина, и шайтIа шена доттагIа лаьцнарг – эшна и билггалчу эшарца.

120.

ВаIда йо цо царна‚ харц лаамаш дага кхуьссу царна. ШайтIано царна ваIда ма яц, харцдерг бен.

121.

Уьш – церан чугIойла жоьжахати ю‚ карор дац царна цунах кIелхьара довлар.

122.

Ткъа иман диллинарш а‚ дика Iамалаш йинарш а – Оха чубохуьйтур бу уьш бошмашка (ялсамане)‚ шайн бухахула хин татолаш лелаш йолчу‚ царна чохь уьш гуттар лаьттар бу – Делан ваIда бакъ хиларца. Мила ву Делал бакъ дош аларца? (Хьенан дош ду Делан дашал бакъ?)

123.

Шун лаамашца а‚ жайнан охIланан лаамашца а дац иза (гIуллакх сацаделла). Милла велахь а вониг деш – цуьнца бекхам бийр бу цунна. Карор вац цунна Дела воцург верас а (дола дийриг‚ гIо лоцург)‚ гIоьнча а.

124.

Милла велахь а дика Iамалш еш – боьрша и велахь а‚ я зуда елахь а – ша муъма (иман диллинарг) волуш – уьш чу гIур бу (ялсаманин) беша‚ цхьа цуьрриг зулам дийр дац царна.

125.

Мила ву шен юьхь (ша диканиг деш) Далла муьтIахь йиначул‚ ша бакъдолчунна тIетеввжина хиллачу ИбрахIиман миллатана тIаьхьа хIоьттина хиллачул динехь вуно дика верг? Дала доттагIа лецира ИбрахIим.

126.

Далла ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Дела хилла массо хIума чулоцуш.

127.

Хьоьга хьехам боьхуш бу уьш зударшкахь. Ахьа ала: "Дала хьехам бийр бу шуна цаьргахь а‚ (довзийтур ду шуна) зударий аша шайна ирсана кхачорах лаьцна КъурIан чохь доьшуш дерг а, (иштта довзийтур ду шуна) байлахь дисинчу зудберех а, шу шайна уьш бало лууш царна догIу урду кхоччуш дала ца лууш болу, берех заьIап хилла кIелбисинчаьргахь а (хьехам бийр бу Дала): аша нийсо латтае буоберашкахь. Аша диканиг дахь – и Дела и хууш хилла".

128.

Нагахь санна зуда кхоьруш хилахь майра шех хервала гIертарх‚ шега тидам цахиларх – царна шиннена (майрачунна а‚ зудчунна а) а къа дац вовшийн юккъехь маслаIат дарх‚ маслаIат тоьлуш ду. БIаьрмецигалла лаьтташ ю синошца. Шу дика хилахь‚ шу Делах кхоьруш хилахь – и Дела ма хилла аш динарг дика хууш.

129.

Шуна цкъа а ницкъ кхочур бац зударийн юккъехь нийсо ян‚ шуна мел лиъча а‚ дIа ма дерза (шайна цаезачу зудчах) кхоччуш аша и ютуш (хIаваэхь) кхазаелларг санна. Аша маслаIат дахь‚ шу Делах кхерахь – и Дела хилла гечдеш а‚ къинхетаме а.

130.

И шиъ (майрий‚ зудий) къастахь – Дала лур ду (царех) хIоранна Шен шортта долчух. И Дела хилла шортта (ниIмат) долуш а‚ хьукаме а.

131.

Цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Оха весет дина шул хьалха жайна даийтинчаьрга а‚ шуьга а Делах кхера, аьлла. Аша керсталла дахь – цу Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. И Дела хилла хьал долуш верг а‚ Шена хастам беш верг а.

132.

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Делаца кхачо хилла (шен лайн Iамалш) Iалаш йийриг хилар.

133.

Шена лиъча‚ шу дIадохур ду Цо‚ хIай нах‚ кхиберш балор бу. Хилла Дела цунна тIехь ницкъ болуш.

134.

Дуьненан миэл безаш милла велахь а‚ Делан бу дуьненан миэл а‚ эхартан миэл а. Дела хилла хезаш а‚ гуш а.

135.

ХIай иман диллинарш! Шу хилалаш чIогIа дIахIиттина нийсонца‚ тоьшалла деш Далла шена тIехь делахь а, я шайн дена-ненан тIехь делахь а‚ я гергарчарна тIехь делахь а; и хьал долуш велахь а‚ я пекъар велахь а – Дела ву цу шиннел (лара) хьакъ верг (дика хууш ву царна шиннена пайдане дерг; уьш шеа Iалашбийриг Дела ву). Шу тIаьхьа ма хIитталаш деган дезаршна – шу (бакъдолчух) дIатовжа кхерамна. Аша (тоьшалла) хийцадахь я (и тоьшалла дан шу) дуьхьал хилахь – баккъалла а, и Дела ма хилла аша дийриг дика хууш.

136.

ХIай иман диллинарш! Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Цо шен элчане доссош хиллачу жайнах а‚ Цо хьалха доссийначу жайнах а. Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а‚ ТIаьхьарчу дийнах а ца тешнарг – и тила ма велла генарчу тиларца.

137.

Баккъалла а, и тешаш хилларш‚ тIаккха керсталла деш‚ юха а тешаш‚ юха а керсталла деш‚ тIаккха керсталлица совбуьйлуш берш – Дела вац царна гечдийр долуш‚ нисбийр болуш уьш нийсачу новкъа.

138.

Ахьа кхаъ баккха мунепикъашка царна лазош долу Iазап хиларца.

139.

Ишттанаш бу уьш, муъма нах битина, цатешаш берш шайна доттагIий лаьцнарш. Сийлалла лоьху-те цара цаьргахь? Баккъалла а, сийлалла ерриге Делан ма ю!

140.

Цо ( Дала) шуьга жайни чохь масийттаза доссош хилла: нагахь санна шуна Делан аяташ харцдеш а‚ сийсаздеш а хазахь‚ цаьрца охьа ма ховша‚ аьлла, – уьш кхечу хабарна тIеберззалц. Вуьшта, – шу, баккъалла а, уьш санна ду. Баккъалла а, цу Дала гулбийр болуш ма бу мунепикъаш а‚ цатешарш а жоьжахати чохь – берриге а.

141.

Уьш бу шу тергалдеш Iаш. Шуна Делера толам хилча‚ цара олу: "Ткъа тхо а дацара шуьца?" Нагахь санна цатешачарна дакъа хилча‚ олу: "Тхо дацара шуна гIо дан гIерташ‚ шу Iалашдеш муъма нахах?" Дала хьукма дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь. Банне цатешачарна муъма нехан тIехь некъ ца белла Дала.

142.

Баккъалла а, и мунепикъаш Дела Iехо гIерта. И ву уьш Iехош. Шаьш ламазна хIиттича‚ уьш хIуьтту маллой (ца лууш), нахана шаьш гайтархьама‚ кIеззиг бен Дела ца хьехаво цара.

143.

Уьш лесташ (теркаш) бу оцуьнан (иманан а, керстаналлин а) юккъехь: хIокхарах а (муIма нахах а) ца хIоттало‚ вукхарах а (керстанех а) ца хIоттало. Ша Дала тилвала витинчунна ахьа карроне карор ма бац некъ.

144.

ХIай иман диллинарш! Аша ма лийца цатешарш, доттагIий бой, муъма нах буьтий. Шу лууш ду Дала шайна тIехь билггала делил дан?

145.

Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу цIеран (жоьжахатин) уггар бухарчу гIопа чохь‚ хьуна каронне а карор ма вац царна гIоьнча.

146.

Шаьш тоба а дина‚ диканаш а дина‚ Делаца чIагIделла, шайн дин Далла цIандина берш боцурш. Уьш муъма нахаца бу. ТIаьхьа лур ю Дала муъма нахана йоккха ял.

147.

ХIун пайда бу Далла шуна Iазап дарехь шу баркалла олуш а, тешаш а хилча? И Дела хилла баркалле а‚ хууш а.

148.

Далла ца деза вон хабарш даржадар‚ шена зулам динчо бен. И Дела хилла хезаш а‚ хууш а.

149.

Аша гучудаккхахь диканиг‚ я хьулдахь и‚ я гечдахь (шена вон динчунна) вониг, – баккъалла а, и Дела ша ма хилла гечдеш а‚ ницкъ кхочуш а.

150.

Баккъалла а, Делах а‚ Цуьнан элчанех а ца тешаш берш‚ шаьш лууш берш Далла а‚ Цуьнан элчанийн а юкъ эгIо‚ шаьш олуш берш: "Теша тхо цхьаболчарех‚ ца теша тхо вукхарех"‚ шаьш лууш берш цу юккъехь некъ лаца –

151.

Баккъалла а, уьш ма бу хьакъболу керстанаш. Цу керстанашна Оха кеч ма дина сийсаздолу Iазап.

152.

Шаьш Делах а‚ цуьнан элчанех а тешнарш‚ царех цхьа а ца къестош берш – уьш бу Оха шайна тIаьхьа ял лург ерш. И Дела хилла гечдеш а‚ къинхетаме а.

153.

Хьоьга доьху жайнан охIлано шайга стиглара жайна доссаде‚ бохуш. Мусага цул доккханиг дийхира цара‚ элира: "Дела гайта тхоьга гуччахь". ТIаккха стиглара цIаро схьалецира уьш‚ шайн зулам бахьанехь. ТIаккха эса схьалецира цара, шайга билгалонаш схьаеъначул тIаьхьа. Цунна а гечдира Оха. Мусага делира Оха билгала делил.

154.

Церан тIехула (Синай) лам айбира Оха, цаьрца бартбеш /и тIелацитархьама/‚ Оха элира цаьрга: "НеIарехула чоьхьадовла, сужд деш". Элира Оха цаьрга: "(Делан) дозанех ма довлалуш шоьтдийнахь". Цаьргара нуьцкъала ваIда ийцира Оха.

155.

Цара и шайн барт бохорна‚ уьш Делан аятех цатешарна‚ цара цхьа а бехк боцуш пайхамарш байарна‚ церан "тхан дегнаш мужулт (хьарчийна) ду", аьлла, дош бахьанехь (Дала неIалт аьлла царна). Дала мухIар тоьхна церан (дегнашна) уьш цатешар бахьанехь. КIеззиг бен уьш тешар болуш бац.

156.

Уьш цатешар бахьанехь‚ церан Марьямна аьлла долу дош – доккха эладита бахьанехь (неIалт аьлла царна).

157.

Церан: "Баккъалла а, Оха вина Масихь – Марьяман кIант Iиса Делан элча", –  аьлла, дош бахьанехь а (и дерриге бахьанехь Iазап дина Оха царна). Вина вац цара и‚ ирх оьллина а вац цара и. Мухха делахь а, царна (цхьа кхин) тарвеллера цунах. Баккъалла а, цу чохь хилпало йинарш – цунах шеконехь бу-кх уьш. Цуьнан цхьа а Iилма дац цаьргахь – шайна мотталуш долчунна тIаьхьа хIоттар бен. Ца вина цара и, баккъалла а,.

158.

Дала шена тIе хьалаваьккхина и. И Дела хилла веза а‚ хьукаме а.

159.

Жайнин охIланх цхьа а вац цунах тешар волуш бен и валале‚ къематдийнахь и хир ву царна дуьхьал теш.

160.

Жуьгташкара даьлла зулам бахьанехь, хьарам дира Оха царна диканаш‚ хьалха шайна хьанал хилла долу‚ Делан некъах цара дуккханнаш дIатовжор бахьанехь а.

161.

Цара риба эцар бахьанехь, шайна дихкина хилла долу‚ цара харцонца нехан даьхний даар бахьанехь а. Царех керстанашна лазош долу Iазап кечдина Оха.

162.

Мухха делахь а, царех кIорга Iилма хууш берш а‚ муъминаш а иман диллина бу хьоьга доьссинчуьнга а (КъурIан)‚ хьоьл хьалха доьссинчуьнга а‚ хIоттош бу ламаз‚ луш бу закат‚ Делах а‚ эхарт дийнах а тешаш бу. Царна тIаьхьа Оха лур ма ю сийлахь – йоккха ял.

163.

Баккъалла а, Оха вехьий даийтира хьоьга‚ Нухье а‚ цул тIаьхьа пайхамаршка даийтарх терра. Вехьий даийтира Оха ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьаъе а‚ ЯIкъубе а‚ ЯIкъубан тIаьхьене а‚ Iисага а‚ Аюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулеймане а. Давуде делира Оха Забур (Псалтырь‚ Псалмы).

164.

Элчанашка‚ Оха хьайга хьалха бийцина болчу‚ Оха хьайга бийцина боцчу элчанашка а (вехьий даийтира Оха). Мусага хабар дийцира Дала /схьаделлина/ дийцарца.

165.

Элчанашка‚ шаьш кхаъ боккхуш хилла болчу а‚ нахана кхерам туьйсуш хилла болчу (даийтира Оха вехьий) а Далла тIехь делил цахилийтархьама элчанийл тIаьхьа. Дела везза а‚ хьукаме а хилла.

166.

Мухха делахь а, Дала тешалла до хьоьга доссинчуьнца – Цо доссийна и Шен Iилманца. Маликаша а до тешалла. Кхачо хилла Делаца теш.

167.

Баккъалла а, и цатешаш берш‚ Делан новкъара /нах/ юьстах бохуш берш – уьш тилабелла генарчу тиларца.

168.

Баккъалла а, и цатешаш берш‚ зулам динарш – ма вац Дела царна гечдан воллуш‚ уьш нисбан (воллуш нийсачу) новкъа‚

169.

Жоьжахатин новкъа бен‚ цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта.

170.

ХIай нах! Шуьга веъна элча бакъонца шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ аша иман дилла – иза дика ду шуна. Аша керстаналла дахь – Делан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Дела хилла хууш а‚ хьукаме а.

171.

ХIай жайнан охIла! Дукха тIех ма довла шайн динехь. Ма ала Далла тIехь бакъдерг бен. Баккъалла а, Масихь (Христос) Марьяман кIант Iиса – Делан элча ву‚ Цуьнан дош ду‚ Цо ша кхоьссина хилла долу Марьяме‚ Цунах са а ду – иман дилла Деле а‚ Цуьнан элчанашка а. Аша ма ала: "Кхоъ". Совца – шуна дика хир ду. АллахI – цхьа дела ву‚ цIена ву и Шен кIант хиларах. Цуьнан ма ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кхачо хилла Делах векал.

172.

Куралла янне а йийр яцара Масихьас Делан лай хила‚ герга долчу маликаша а йийр яцара. Цуьнан Iибадатна куралла йинарг, веза вийдинарг – тIаккха Шена тIе гулвийр волуш ву Цо массо а.

173.

Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна бекхамна лур ю шайн ял‚ Шен комаьршаллица Цо совбохур бу уьш. Амма куралла йинарш а‚ беза бийдинарш а – Iазап дийр ду царна лазош долчу Iазапца‚ царна карор вац Дела воцург доладийриг а‚ гIоьнча а.

174.

ХIай нах! Еъна шуьга шун Кхиош-кхобучунгара билгало. Къегина нур доссийна Оха шуьга.

175.

Деле иман диллинарш‚ Цуьнца чIагIбелларш – тIаккха бухкур бу Цо уьш Шегара къинхетамна чу‚ комаьршаллина чу‚ нисбийр бу Цо уьш Шена тIе нийсачу новкъа.

176.

Хьоьга жоп доьхуш бу уьш цхьацца масалашна. Ахьа ала: "Дала кхетор ду шу: Шен доьзалхо я да буха ца вуьсуш веллачуьнгахь: нагахь санна цхьа стаг лахь‚ шен доьзалхо а /да а/ воцуш бухавуьсуш‚ бухаюьсуш ю цхьа йиша – цунна цо бухадитинчух нийсса ах лур ду. Вашас оьцу йишин дерриге ирс‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо вацахь. Нагахь санна ши йиша буха йисина елахь – царна шиннена кхо дакъа дина ши дакъа лур ду цо бухадитинчух. Нагахь санна бухабисина белахь вежарий а‚ йижарий а – боьршачунна шина зудчунна кхочу дакъа лур ду. Шуна и билгалдеш ву Дела шу ца тилийтархьама. И Дела массо хIума хууш ву.