36. ЙА-СИН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Я син.

2.

Ша хьикмате долчу КъурIанах дуй боу Аса:

3.

Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтанчаьрех

4.

Нисчу новкъахь.

5.

Ша везза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссина ду иза /КъурIан/‚

6.

Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла - уьш гIапал хилла /Делан дин ца девзаш/.

7.

Царех дукхах болчаьрна тIехь дош бакъхилла - цара /ахь деъначуьнга/ иман дуьллур дац.

8.

Церан логех Оха буржолаш тоьхна‚ уьш чIенгийх кхаьчча - церан кортош ирх айабелла.

9.

Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргийн хьалха кирхьа диллина Оха - уьш гуш ма бац.

10.

Царна цхьатерра ду: ахьа хьехам бича а‚ ца бича а - уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/.

11.

Баккъалла а, ахьа хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух /Делах/ кхоьруш волчунна. Ахьа цуьнга кхаъ баккха: цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а.

12.

Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIа яз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а /дахийтинарг а/‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо хIума дIанис ма дина‚ Оха билгалчу жайнан чохь.

13.

Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш.

14.

Оха вахийтинера цаьрга шиъ - цара уьш шиа харцбира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду".

15.

Цара /юьртан наха/ элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанне хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу - шу харц луьйш ма ду".

16.

Цара /элчанаша/ элира: "Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла.

17.

Тхан тIехь-м дац билгала дерг дIакхачор бен"

18.

Цара /юьртан наха/ элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ду шу".

19.

Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аша тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам /дуккха кIорга дахна шу къинош дарехь/".

20.

ГIалин йистера ведда цхьа цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна.

21.

ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчаьрна - уьш нисчу новкъахь ма бу.

22.

Аса хIунда ца до Iибадат суо кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?

23.

Иза вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа аса? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьаравоккхур ма вацара /Делан Iазапах/.

24.

Гуш-лаьтташ тиларчохь хир ма вара со тIаккха.

25.

Баккъалла а, аса иман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга соьга ладогIа…"

26.

/Маликаша/ элира: "Ялсамане чу гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх

27.

Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахьболчарех хилийтар а".

28.

Цул тIаьхьа цуьнан къоманна тIе стиглара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьтуш ца хилира Тхо.

29.

Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира - уьш /чим хилла/ дIатийна бисира.

30.

Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веъна-кх цаьрга И цара сийсаза веш бен.

31.

Царна ца го-техьа: мел дукха нах хIаллак бина Оха царел хьалха‚ уьш царна тIе бухабоьрзур ма бац.

32.

Массо а цхьана Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу.

33.

Билгала делил ма ду-й царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цуьнах Оха буьртигаш а дехна - царех цара кхача боу.

34.

Цуьнан тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттина. Цуьнах Оха шовданаш а дехна -

35.

Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта - церан куьйгаша ца дина иза. Цара баркалла хIунда ца олу?

36.

Вонах цIена ву и Дела‚ Ша массо хIума боьрша а‚ сте а‚ кхоьллина волу: лаьттан тIехь схьадолуш дерг а‚ шу шаьш а‚ шуна ца хуург а.

37.

Билгала делил ду царна буьйса: цунах де доккху Оха‚ уьш боданехь буьсуш.

38.

Малх а дIалела шена хIоттинчу меттиге - Ша везза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза.

39.

Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь - дIабоьрзуш хурманан ширчу гах тарлой.

40.

Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу - массо а шен-шен меттехь нека деш ю.

41.

Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу кема тIехь лелийна хилар.

42.

Цуьнах тера кхоьллира Оха царна уьш тIе хаа хIуманаш а.

43.

Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ - ма хир дацара царна гIо‚ ма кIелхьарабохур бацара уьш

44.

Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен.

45.

Цаьрга аьлча: "Шу кхералаш шун хьалха хиллачух а‚ шун тIаьхьа хирдолчух а - шух къинхетам бан там бара" /уьш дIабоьрзу/.

46.

Делан билгалох цхьа а делил ца деъна‚ уьш цуьнах дIабоьрзуш а бен.

47.

Цаьрга аьлча: "Аша сагIа ло Дала шайна деллачу рицIкъах" ца тешачаьра олу иман диллинчаьрга: "Оха хIунда кхобу уьш? Дала Шена лаахь Ша кхобур бу‚ гуш-лаьтташ тилар чохь ду-кх шу".

48.

/ТIаккха/ цара олу: "Маца хир ду иза аша дуьйцург шу бакълуьйш хиллехь?"

49.

Хьоьжуш лаьттар бац уьш - беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоьцур бу уьш шаьш лаьтташехь къуьйсуш.

50.

Весет дан а ницIкъ кхочур бац царна‚ шайн нахана тIе бухабоьрзур а бац уьш.

51.

Сур локхур ю - уьш кешнашкара шайн Кхиош-кхобучунна тIе сихлур бу.

52.

Цара эр ма ду: "Ма боккха бала беъна вайна! Хьан гIовтина-те вай‚ дийшина Iохкучуьра?! /Маликаша я муъма наха эр ду/: "ХIара ду шуна Къинхетам болчо хир ду аьлларг. Бакъ луьйш хилла элчанаш".

53.

Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла - уьш берриг Тхуна хьалха дIахIиттина /хир бу/.

54.

Тахана сина цхьанне хIуманца зулам дийр ма дац‚ аша йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац.

55.

Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу.

56.

Уьш а ‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна тIетевжина лаьттар ма бу.

57.

Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю.

58.

"Салам!" - олуш маршалла хир ду къинхетам болчу Кхиош-кхобучуьнгара.

59.

Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!

60.

Аса шуьга ца аьллера ткъа: "ХIай Адаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш - иза шуна билгала а мостагIа ма ду?

61.

Суна Iибадат дейша - хIара бу нийса некъ!"

62.

Шух йоккха тоба тилина даьлла и! - Шу ца хуьлу-кх хьекъале?

63.

ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна‚ аьлла‚ хьехинарг!

64.

Iовша цуьнан йовхо тахана - шаьш цатешаш хиларна!

65.

Тахана Оха церан багенашна мухIар тухур ма ду‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ когаша тешалла дийр ма ду‚ дерриге цара /дуьненахь/ деш хиллачунна.

66.

Тхуна лиънехьара бIаьрса дехьна буьтур бара уьш‚ новкъах тилла бисинчу царна мичара гур дара?

67.

Я Тхуна лиъна хиллехьара шайн меттигехь куьцаш хуьйцура ма дара церан - дIабахалур ма бацара уьш‚ буха а боьрзур ма бацара уьш.

68.

Оха ваха витинарг кхолламах вухаверзаво цара ойла ца йо-те?

69.

Ца Iамийна Оха цуна /Мухьаммад пайхамарна/ иллеш - и дан цо там ма бацара: из хьехам а, /хIумнаш/  билгал доху КъурIан а ма ду‚

70.

Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначаьрна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта.

71.

Царна ца го-техьа Оха шайна Тхан куьйгашца дехний кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина?

72.

Оха уьш царна муьтIахь хилийтина: царех уьш тIехуьйшурш а ду‚ царех цара доу.

73.

Царна царех пайданаш а‚ маларш а ду - баркалла хIунда ца олу цара?

74.

АллахI а витина кхин делий лаьцна - шайна гIо хир ду моьттуш.

75.

Хир дац царна цаьргахула гIо - ма бу уьш царна дIахIоттина бIо.

76.

Церан дашо сингаттаме ма войла хьо - Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а.

77.

Стагана ца го-те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах? - билгала мостагI хили-кх цунах.

78.

Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: "Хьан ден йийр ю даьIахкаш уьш яхкаелча?"

79.

Ахьа ала: "Денйийр ю уьш шаьш дуьххьала кхоьллинчо - Иза массо хIума кхолла Ша хууш ма ву.

80.

Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ - аша цунах лата а еш".

81.

Ткъа стигланаш а‚ латта а ша кхоллинчун ницIкъ ца кхочу‚ и саннарг юха кхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш кхоллархо ма ву!

82.

Цуьнан гIуллакх ду Шена цхьа хIума лиъча"Хила!" алар - иза хуьлу.

83.

Вонах цIена ву И /Дела/‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена дIадерзор долу.