35. ФАТIИР

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хастам бу Далла - стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо сов доккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ берг ву.

2.

Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна - вац цуна дIакъовлархо. Цо дIакъевлинчуна - вац цуна дIахуьйцург Цул тIаьхьа. Иза сийлахь-везза верг а‚ хьукаме верг а ву.

3.

ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилладолу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицIкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадина-кх шу!

4.

Хьо цара харцвахь - хьоьл хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш.

5.

ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда - хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо.

6.

Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе.

7.

Цатешнарш - царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!

8.

Ткъа ву-те шен Iамалах вониг шена хазйинарг‚ тIаккъа иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тила вала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг.

9.

Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дIалехкира беллачу махка - цуьнца /догIица/ латта дендийра иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ духадендар.

10.

Мила хиллехь сий дезаш - Делан ду сий дерриге а. Цуьнан тIе хьала айло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш - царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло - иза эрна ю.

11.

Дела ву Ша шу кхоьллинарг лаьттах‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайнан чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду.

12.

Цхьанисса бац /хIара/ ши хIоьрд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа - дуьра туха ду. ХIораммех аша дуу керла жижиг‚ аша /цара чуьра/ схьайоху мехала маржанаш‚ аша уьш тIеюху. Хьуна го кема цара чухула кхерсташ аша лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аша хам бийр бацара-те.

13.

Цо йохуьйту буьйса дийнан чу‚ де буьйсана чу‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасхьа лелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аша Иза а витина шайга кхойкхучаьрийн долахь ма дац цуьрриг а.

14.

Аша цаьрга кхийкхича а‚ царна ца хозу шун кхайкхар‚ хезча а - цара шуна жоп ца ло‚ къемат дийнахь цара керста дийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац Ша сов хуучу /Цо/ санна.

15.

ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле. Дела - Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а.

16.

Шена лаахь шу дIадахийтина  керла халкъ далор ду Цо.

17.

Иза Далла /хIумма/ хала дац.

18.

Хьур бац хьочо кхечун мохь. /Къих/ дуьзна сино дийхича а шен /мохь/ бахьар‚ хIумма цунах хьур бац /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахьа хьехам бе /кхерам таса/ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчаьрна И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттинчаьрна. ЦIанвелларг - иза шена цIанло. Деле ду дIадахар.

19.

Цхьанисса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚

20.

Боданаш а‚ нур а‚

21.

IиндагIа а‚ йовхо а‚

22.

Цхьанисса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтург долуш кешнийн чохь волчуьнга.

23.

Хьо веккъа кхерамча ву.

24.

Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла шена юкъахь кхерамча ваьхна бен.

25.

Цара хьо харцвахь‚ царел хьалха хиллачаьра а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ язонашца а‚ нуре долчу жайнаца а.

26.

ТIаккха Аса схьалецира ца тешнарш. Муха хилира Сан Iазап?

27.

Хьуна хаьий Дала доссина хилар стиглара хи‚ Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш кIайн а‚ цIе а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чIогIа Iаьржа дерш а.

28.

Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лех Iелам нах. Баккъалла а, Дела ву везза верг а‚ гечдеш верг а.

29.

Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хIоттинарш‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа делларш къайлах а‚ гучахь а - уьш дог дохуш бу хIаллак хир йоцчу йохк-эцаре /ялсамане/‚

30.

/Уьш догдохуш бу/ Цо дIаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниIматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ шукаре верг а.

31.

Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догIуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву.

32.

ТIаккха Оха жайна /КъурIан/ делира ирсана Тхан лех Оха хаьржинчаьрна. Царех шена зулам дийриг а ву /цу КъурIанца Iамал ца еш/‚ царех барамехь /Iамал еш/ верг а ву‚ царех Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. ХIара - иза ду доккха ниIмат.

33.

Iадну бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгийх/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гIоз‚церан духар цу чохь хир ду дари.

34.

Цара эр ду: "Хастам бу Далла‚ тхуна тIера сингаттам дIабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ шукаре верг а ву.

35.

Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цIа /ялсамани/ Шен ниIматах‚ тхоьх ца хьакхало цу чохь хало‚ тхоьх ца хьакхало цу чохь кIаддалар.

36.

Ца тешнарш - царна жоьжахатин цIе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш‚ айдийр дац церан тIера цуьнан Iазапах /хIумма а/. Иштта бекхам бо Оха хIора цатешачунна.

37.

Цара кхуьйкхур ду цу чохь: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ ара дахахь тхо‚ оха дика Iамал йийр ма яра тхаш йина хилларг а йоцуш!" Оха даха ца дитира шу /дуьненахь/‚ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Iовша /хIинца Iазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гIоьнча.

38.

Баккъалла а, Дела ву стигланийн а‚ латтан а къайлахьдерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а.

39.

Иза ву Ша шух лаьттахь тIаьхье хилийтина. Милла велахь керста ваьлла - цуна шена ду цуьнан керстаналла. Сов бохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-кхобучун гергахь оьгIазаллица бен. Сов бохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен.

40.

Ахьа ала: "Хьовсал шайн накъосташка‚ аша шайга кхойкхуш болчу Дела а витина. Гайтал соьга‚ хIун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна накъосталла ду стигланашкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонаш тIахь а болуш? ХIаъ‚ зуламхоша - цхьаболчара вакхарна еш йолу ваIда Iехор бен ма яц.

41.

Баккъалла а, Дала лоцуьйтуш ю стигланаш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча лоцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза ву тIех кхетаме верг а‚ гечдийриг а.

42.

Цара /Маккара керстанаша/ дуй биира Делаца инзаре чIогIа дуй шайга кхерамча вагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамча веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динан/ генабаларца бен‚

43.

Лаьттахь курабаларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIлах бен. Хьоьжур бу-й уьш хьалхалерчийн Iадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечун тIе/.

44.

Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачьрийн тIаьхье? Уьш ма бара хIоккхарел вуно чIогIа ницIкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанно хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницIкъберг а.

45.

Дала нах луьйцуш белхьара цара дийначуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а тIехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча - /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжна/. Баккъалла а, Дела хилла  Шен леш гуш верг.