32. АС-СУЖДА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Алиф-лам-мим.

2.

Жайна охьадоссор /ду хIара/‚ шена чохь шеко йоцуш‚ Iаламийн Дегара.

3.

Я цара олу: "Цо /Мухьаммада/ кхоьллина /харцдерг/ ду иза?" ХIаъ‚ иза бакъдерг ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара ахьа къаман кхерам тасархьама‚ хьоьл хьалха шайга цхьа а кхерамча веана воцчу‚ уьш нийсачу новкъа хIуттур бацара-те?

4.

Дела ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iаршан тIехь. Ма вац шуна Иза воцург цхьа а вали а /доттагIа/‚ цхьа а гIодаккхархо а‚ шу ца кхета-те?

5.

Омра дIасадоькъу Цо стиглара лаьттан тIе‚ тIаккха иза /омра/ Цуьнан тIе айло дийнахь‚ шен барам эзар шо долуш аша дагардечу кепара.

6.

Иза ву къайлахьдерг а‚ гучахьдерг а хууш верг а‚ веза верг а‚ къинхетаме верг а /ву Иза/.

7.

Иза ву Ша мел кхоьллинарг хаза динарг. Адам кхолла волавелла Иза поппарах.

8.

ТIаккха цуьнан тIаьхье хилийтира Цо гIаддайначу хинан тIадамах (ораллах).

9.

ТIаккха Цо иза нисвира‚ Цо диллира цу чу Шен сих‚ Цо хилийтира шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а. Ма кIеззиг ду-кх аша шукур дийриг.

10.

Цара элира: "Тхо дайча лаьттахь‚ тхо керлачу кхолларехь хир ду-й‚ /духа дендийр ду-й/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарна керста хили.

11.

Ахьа ала: "Долуьйтур ду шу даларан малико‚ ша шуна тIе хIоттина долчу‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе шу дIадерзор ду.

12.

Хьуна гуш балхьара и къинош динарш шайн кортош охьатаIина шайн Кхиош-кхобучун хьалха /олуш/: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ духадерзадехь тхо /дуьненан чу/ - дика Iамал йийр яра оха‚ тхо /хIинца/ тешна ду".

13.

Тхуна лиънехьара Оха лур бара хIора сине шен нийса некъ‚ делахь а бакъ хили-кх Соьгара дош: "Юзанне е юзур ма ю Аса жоьжахати жинех а нахах массарех".

14.

Iовша /Iазап/ хIокху шайн денца цхьаьнакхетар аша дицдарна. Оха шу а дицдина. Iовша гуттаренан Iазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь.

15.

Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех шайна уьш хьехийча суждане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш.

16.

Церан агIонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа ло цара.

17.

Ца хаьа сина‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарех шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал.

18.

Ткъа муъма хилларг ву песакх хиллачух тера? Нис ца ло уьш.

19.

Ткъа иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна бошмаш ю чугIойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Iамал бахьанехь.

20.

Ткъа песакх хилларш а - церан чугIойла цIе ю. Царна цу чуьра арабала мел лии - цу чу бухаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: "Iовша шайна цIеран Iазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу".

21.

Оха Iовшанне а Iовшийтур ма ду цаьрга дайа Iазап‚ /эхартан/ доккха Iазапал хьалха бухабаьрбацара-те уьш /къиношдечух/.

22.

Ткъа мила ву зуламе шен Кхиош-кхобучун аяташ шена хьехадеш тIаккха царех дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначарех бекхам /чIир/ оьцур берш ма ду.

23.

Оха деллера Мусага жайна - хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца цхьанакхетарна. Оха хилийтира цунах /Товратах/ нийса некъ Исраилан кIенташна.

24.

Оха хилийтира царна юкъахь имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омраца, шаьш собаре хиллачул тIаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех тешаш.

25.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь.

26.

Ткъа Оха царел хьалха мел хIаллак йинчу тIаьхьенаша а нис ца бо-те уьш /бакъдолчунна тIе/? Уьш лелаш ма бу церан гIишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Цара ла ца дугIу-те?

27.

Царна ца го-те Оха лохку хи /дакъаделла/ этIачу лаьттана тIе‚ цуьнца ялта арадолуьйту - цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?

28.

Цара /дин харцдечара/ олу: "Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тIехь/ шу бакълуьйш делахь?"

29.

Ахьа ала: "Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачаьрна церан имано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац" /тоба дан/.

30.

ДIаверза царех‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iаш.