3. АЛ-IИМРАН

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Алиф-лам-мим.

2.

Цхьа Дела ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар хIоьттина ву /Шен лайн гIуллакхаш кхочуш деш/.

3.

Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш долу жайна (КъурIан)‚ Цо охьадоссийна Товрат а‚ Инжил а /Мусага а, Iисага а/.

4.

Хьалха нийса некъ хилла нахана‚ цо охьадоссийна Фуркъан. Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – царна ма ду чIогIа Iазап. И Дела ма ву ша веза верг а‚ бекхам оьцуш верг а.

5.

Баккъалла а, и Дела ма ву Шех къайлаер йоцуш хIумма а лаьттахь а, стиглахь а.

6.

И ву шу кепе дерзийна беран цIа чохь Шена ма луьу‚ кхин дела вац И бен‚ ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву И.

7.

И ву хьоьга доссийнарг жайна‚ цунна чохь хьикмате аяташ ду – уьш жайнан нана ю‚ кхидерш – цхьатерранаш ду. Амма шайн дегнашкахь дIатевжар дерш – уьш тIаьхьахIуьтту царех тера хеташ долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гIерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла шена бен. Шаьш Iилманчохь кIаргбеллачара олу: "Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-кхобучуьнгара". Ойла-м ца йо шаьш хьекъал долуш болчара бен.

8.

(Олу иман диллинчара): "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхан дегнаш дIа ма товжаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа‚ Хьайн гергара къинхетам лолахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву луш верг‚

9.

Тхан Кхиош-кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийриг шена чохь шеко йоцчу денна‚ баккъалла а, и Дела вац-кх ваIда йохош".

10.

Баккъалла а, цатешаш берш – церан дохнно а‚ бераша а Делера /Цуьнан Iазапах/ хьалхабохур бац уьш хIуманна а. Уьш ма бу цIеран ягориг.

11.

ФирIанан доьзалан Iадатах терра‚ царал хьалха хиллачийн Iадатах терра: харцдира цара Тхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таIзар чIогIа долуш ву.

12.

Ахьа ала цатешначаьрга: "Эшор а ду шу‚ жоьжахатийн чу лохкур а ду шу". – Ма вон мотт бу-кх иза.

13.

Шуна делил дара-кх ши тоба‚ вовшийн дуьхь-дуьхьала яхна хилла йолу – цхьа тоба тIом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг‚ царна уьш гуора шайл шозза алсам бIаьргаца. Дала чIагIво Шен гIоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчарна.

14.

Нахана хаздина чIогIа безам зударшка а‚ кIенташка а‚ тIеттIа гулдинчу дешига а‚ датога а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ Далла гергахь ма ду хаза дIавоьрзийла.

15.

Ахьа ала: "Аса дуьйций шуна цул диканиг?" /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучун хьалхахь бошмаш ю‚ бухахула татолаш а долуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цIена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву шен леш‚

16.

Шаьш олуш болу: "Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, иман диллина‚ Ахьа гечделахь тхан къинош‚ Ахьа хьалхадахалахь тхо цIеран Iазапах"‚ –

17.

Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтIахьболуш‚ сагIа луш‚ гечдар доьхуш сатасале.

18.

Дала тоьшалла дина цхьа а Дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Iилма долчу наха а дина /тоьшалла/‚ нийсонна тIехIоьттина воллуш ву Иза‚ кхин Дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза.

19.

Дин ду Далла гергахь ислам. Шайга жайна делларш хилпе ца хилира‚ шайга Iилма деанчул тIаьхьа бен‚ вовшийн юккъе хьагI яр бахьанехь. Делан аяташ харцдеш верг – и Дела ма ву хьесапна сиха.

20.

Цара хьоьца къийсахь‚ ахьа ала: "Аса муьтIахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тIаьхьахIоьттинчо а йина". Ахьа ала шайга жайна даийтинчаьрга а‚ бодане болчарга а: "Шу хиллий муьтIахь?" Уьш муьтIахь хилла белахь‚ тIаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дIаберзахь – хьуна тIехь дIакхачор бен дац. И Дела ма ву гуш Шен леш.

21.

Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ бен хьакъ боцу пайхамарш бойуш берш, нахах шайга нийсо лелае бохуш омра деш берш бойуш берш – царна ахьа кхерам тасалахь лазош долчу Iазапца.

22.

Уьш ма бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ ма бац царна гIоьнчий.

23.

Хьуна ца го и шайга жайнан цхьа дакъа даийтинарш – уьш Делан жайне кхайкхича вовшийн юккъехь хьукма дан‚ царех цхьа тоба дIайоьрзу‚ дуьхьал хуьлуш.

24.

Иза ду цара олу дела: "ЦIаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта дийнахь бен". Шаьш кхуллуш долчо шайн динехь чIогIа тилийна уьш.

25.

Муха‚ Оха уьш гулбинчу хенахь шена чохь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо сина ша карийначуьнца бекхам белча‚ царна зулам дийр дац?

26.

Ахьа ала: "ХIай Дела‚ мулк Шен долахь дерг‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахьа мулк‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахьа мулк‚ Хьайна луург вазво Ахьа‚ Хьайна луург сийсазво‚ Хьан карахь ду-кх дика‚ баккъалла а, Хьо ма ву массо хIуманна ницкъ кхочуш.

27.

Буьйса денна чу йолуьйту Ахьа‚ де буьйсанна чу долуьйту Ахьа‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахьа‚ дийна волчух велларг схьавоккху Ахьа‚ цхьа а хьесап доцуш рицкъа ло Ахьа Хьайна луучунна".

28.

Муъма наха ма лоьцийла цатешарш доттагIий /кхин/, муъма нах битина. И динарг вац Делера /цхьа а/ хIуманна тIехь‚ шу царех /керстанех/ кхеранне а кхоьруш дацахь‚ Дала шу лардо Шеца‚ Деле ма ду дIадерзар.

29.

Ахьа ала: "Аша хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккахь и – Дела и хууш ву‚ И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг‚ и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ма ву.

30.

Оцу дийнахь массо сина шен хьалхахь карор ду ша дина дика. Ша динчу вонан а, шена а юккъехь генара хан хуьлийла луур дара цунна‚ Дала лардо шу Шеца‚ и Дела дог кIеда ву лешца".

31.

Ахьа ала: "Шу делахь Дела везаш‚ суна тIаьхьахIитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош"‚ – и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.

32.

Ахьа ала: "МуьтIахь хила Далла а‚ элчанна а". Уьш дIаберзахь‚ Далла ца беза цатешарш.

33.

Баккъалла а, Дала хаьржира Адам а‚ Нухь а‚ ИбрахIиман доьзал а‚ Iимранан доьзал а Iаламал,

34.

Цхьадерш вовшашкара баьлла болуш‚ и Дела хезаш а‚ хууш а ву.

35.

Iимранан зудчо аьллера: "Сан Кхиош-кхобург‚ аса Хьуна нузар дина-кх сайн кийрахь дерг массо хIуманах паргIат а даьккхина, къобалдехьа соьгара‚ баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх".

36.

Ша бер дина яьлча /цо/, элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ аса-м йоI ма йина". И Дела дика хууш ма ву‚ цо хIуъа йинехь а. "Боьршаниг ма ца хуьлу стенаниг санна. Аса цунна цIе тиллина Марьям‚ аса иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо эккхош хилла долчу шайтIанах".

37.

Дала къобалдира цуьнан и хаза къобалдарца‚ хаза а, цIена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цунна тIехь долалла дар тIедиллира Закарена. И йолчу Михьрабан чу ма-велли‚ Закарена цуьнан (Марьяман) хьалхахь рицкъа карадора. Цо олура: "Марьям‚ хIара мичахьара ду хьуна?" Цо (Марьяма) олура: "ХIара Делан гергара ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна хьесап доцуш".

38.

Цигахь кхайкхира Закаре шен Кхиош-кхобучуьнга‚ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ лохьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву кхайкхам хезаш".

39.

Цуьнга кхайкхира маликаш‚ и хIоьттина ламаз деш волуш Михьрабан чохь: "Дала кхаъ боккху хьуна Яхьъяца‚ ша бакъдеш хилла волу Делера Дош‚ ша эла а волу‚ ша чIагIо а хилла волу‚ ша дикачех пайхамар а хилла волу".

40.

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш". Элира: "Иштта Дала до Шена луург".

41.

/Закарес/ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ цхьа делалла дехьа суна". /Дала/ элира: "Хьан делалла ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца а бен‚ хьан Кхиош-кхобург хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а".

42.

Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина массо Iаламан зударел.

43.

ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Кхиош-кхобучунна‚ сужд а де‚ гора гIуо гуора гIучаьрца".

44.

Иза ду къайле хабарех‚ Оха шаьш хьуна хоуьйтуш долу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламаш кхуьссуш‚ муьлхачо гIайгIа бийр бу Марьямах хаа‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь.

45.

Маликаша аьллера: "ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дошаца‚ шен цIе Хьеханарг‚ Марьяман кIант Iиса а волуш‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинверг‚ ша /Далла/ гергарчех хинверг.

46.

Нахаца хабар дуьйцур ду цо аганчохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза".

47.

Цо /Марьяма/ элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ мичара хир ву суна кIант‚ сох стаг хьакха а ца велла". Элира /маликаша/: "Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гIуллакх лиъча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" – и хуьлу".

48.

Цо цунна /Iисана/ Жайна Iамор ду‚ хьекъал а‚ Товрат а‚ Инжил а.

49.

Элча хир ву Исраилан кIенташка". – "Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилца‚ аса кхуллу шуна поппарх хьозан суьртех хIуманаш‚ сакхуллу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ аса товийр ву бIаьрса доцург‚ бурс цамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ аса дуьйцур ду шуна аша юучух а‚ аша шайн цIеношкахь Iалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делалла ду шуна‚ шу Делах тешаш делахь.

50.

Бакъдан /веъна со/ сол хьалха хилла Товрат‚ хьанал дан шуна хьарам хилла долчех цхьадерш‚ – со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делаллашца – Делах кхера‚ суна муьтIахь хила.

51.

Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-кхобург а ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша – хIара бу нийса некъ", /Iисас эр ду и дешнаш/.

52.

Iисас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: "Муьлш бу сан гIоьнчий Делехьа?" Хьаварийша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахьа тоьшалла де тхо муьтIахь дерш (бусулбанаш) ду‚ алий.

53.

Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахьа доссийначух‚ тхо тIаьхьахIиттина элчанна – Ахьа дIаязде тхо тоьшалла динчаьрца".

54.

(Цатешачара) мекарло йира‚ /церан мекарлонан дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву.

55.

Дала аьллера: "ХIай Iиса‚ Аса хьо волуьйтуш ву‚ Суна тIе хьалавоккхуш ву‚ цIанвеш ву хьо цатешаш болчарех‚ Со латто воллу хьуна тIаьхьахIиттинарш цатешачарна тIехь къематде даллалц. ТIаккха Суна тIе ду шун дерзар‚ Аса кхиэл йийр ю шуна юккъехь‚ шу хилпало еш хиллачунна тIехь.

56.

Цатешаш берш – Аса царна Iазап дийр ду чIогIачу Iазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма бац-кх царна гIоьнчий".

57.

Амма тешнарш а‚ диканаш динарш а – царна шайн ял дIалур ю Цо‚ оцу Далла ца беза зулам дийраш.

58.

И ду Оха хьуна ша доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а.

59.

Баккъалла а‚ Iисан масал Далла гергахь Адаман масалх тера ду: Ша и кхоьллина волу лаьттах‚ тIаккха аьлла цуьнга "Хила!" – и хуьлу.

60.

Бакъдерг ду и хьан Кхиош-кхобочуьнгара – хьо ма хилалахь шеко ечарех.

61.

Хьайца цу чохь къуьйсуш болчаьрга‚ хьоьга хаам беанчул тIаьхьа‚ ала: "Дуьло‚ кхойкху вай тхан кIентий а‚ шун кIентий а‚ тхан зударий а‚ шун зударий а‚ тхо а‚ шу а‚ тIаккха доIанаш дер вай‚ Делан неIалт лур вай харцлуьйчарна.

62.

Баккъалла а, хIара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша (АллахI цIе йолу) Дела а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъале верг а ву.

63.

Уьш дIаберзахь – и Дела хууш ву доьхна хIума лелош берш.

64.

Ахьа ала: "ХIай Жайнан охIла‚ дуьйла тхуна юккъехь а‚ шуна юккъехь а цхьаъ долчу дашна тIе: "Iибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хIуманца а‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вакхарех делий лоцур бац". Уьш дIаберзахь, аша ала: "Аша тоьшалла де тхо /Далла/ муьтIахь дерш хиларна".

65.

ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда къуьйсу ИбрахIиман хьокъехь? Товрат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тIаьхьа а бен‚ аша ойла ца йо?

66.

ХIай шу ма ду-й къийсамчу дегна (барта ца догIуш) шайгахь Iилма долчахь а /Мусан а, Iисан а гIуллакхашкахь/. ХIунда къуьйсу аша шайна шеца Iилма доцуш долчуьнца? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.

67.

Ца хилла ИбрахIим жуьгтий а‚ насари а – и хилла цIена тешаш верг а‚ муьтIахь верг а‚ и ца хилла мушрикунех.

68.

Баккъалла а‚ ИбрахIимца там болу нах бу – цунна тIаьхьахIиттина хилла берш а‚ хIара пайхамар а‚ тешаш берш а‚ и Дела ма ву тешаш болчеран вали.

69.

Дийзира Жайнан охIланан цхьана тобанна шу тило‚ тилор-м дац цара шаьш бен‚ царна ца хаало.

70.

ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь (уьш бакъ дуйла)?

71.

ХIай Жайнан охIла‚ хIунда вовшахъэдо аша бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу шайна хуьушехь.

72.

Жайнан охIланан цхьана тобано элира: "Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде /важа/ дисинарш‚ уьш /бусулбанаш/ дIаберза тарло /шайн динах/.

73.

Шу ма тешалаш шайн динна тIаьхьахIуттуш волчух бен". Ахьа ала: "Нийса некъ бу Делан нийса некъ" – "Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-кхобучун гергахь?" Ала: "Баккъалла а, дозалла Делан куьйгахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна". И Дела шорто йолуш а‚ хууш а ву.

74.

Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!

75.

Жайнан охIланах ву ахьа шена цхьа къинтIар делча‚ шех тешна‚ иза хьоьга духадерзош верг‚ царех ву ахьа шена цхьа динар делча а‚ шех тешна‚ иза хьоьга духа ца дерзош верг‚ хьо шена тIехIоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: "Тхуна бодане нахалахь некъ бац". Далла харцдерг олу цара, шайна хуъушшехь.

76.

ХIаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт ца хилларг а – уьш бу нийсачу новкъахь) – баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш.

77.

Баккъалла а, Делан ваIданах а‚ шайн дуйнех а кIеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дакъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац И къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Iазап а ма ду.

78.

Баккъалла а, царех ма ю цхьа тоба шайн меттанашца хуьйцуш /Делан/ Жайна‚ иза шуна /Делан/ Жайнах ду моттийта‚ ма дац и /Делан/ Жайнах. Цара олу: "И Делера ду", ма дац и Делера. Уьш олуш бу-кх Далла харцдерг‚ шайна хуьушшехь.

79.

Адамна там бац Дала шега Жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делча‚ ала нахе: "Шу хила суна леш‚ Дела а витина‚ мухха делахь а‚ там бу цара ала‚ шу хила кIорггера Iеламнах‚ шаьш Жайна Iамош хиларе терра‚ шаьш иза доьшуш хиларе терра".

80.

Цо шуьга омра дан там бац маликаш а‚ пайхамарш а делий бина лаца‚ аьлла. Ткъа цо шуьга омра дийр ду, ма теша, аьлла‚ шу муьтIахь хиллачул тIаьхьа?

81.

Дала барт бира пайхамаршца: "ХIара Аса шуьга делларг ду Жайнах а‚ хьекъалах а. ТIаккха вогIур ву шуьга элча‚ шуьгахь дерг бакъдеш волу. Шу билггала тешар ду цунах‚ аша цунна гIо дийр а ду". /Дала/ элира: "Аша чIагIдирий‚ ийцирий аша цунна тIехь Сан ваIда?" Цара элира: "ЧIагIдина оха". Элира /Дала/: "Тоьшалла де‚ Со а ву шуьца тоьшалла деш болчарех".

82.

Цул тIаьхьа вухаваьлларг – уьш ма бу песакъаш.

83.

Ткъа Делан дин дуьтий кхечунна тIе гIерта, ткъа? Цунна муьтIахь ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, шена лууш а‚ ца лууш а‚ Цуьнга уьш дIаберзор болуш а ма бу.

84.

Ахьа ала: "Тешна ду тхо Делах а‚ тхоьга доссийнчух а‚ ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Яiкъубе а‚ цуьнан берашка доссийначух а‚ Мусага а‚ Iисага а, /кхин/ пайхамаршка а шайн Кхиош-кхобучуьнгара деллачух а. Царех цхьа а къаста ца во оха‚ тхо Цунна /Далла/ муьтIахь ду".

85.

Ислам доцург /кхин/ дин дезаш верг – къобал дийр дац иза цуьнгара‚ эхартахь иза эшначарех ма ву.

86.

Муха нисбийр бу Дала нах‚ шаьш иманал тIаьхьа цатешаш хилла болу‚ шаьш элча бакъхилар тоьшалла дина хилла болу‚ шайга билгалонаш еъна хилла болу? Цу Дала нис ма ца бо зуламе болу нах.

87.

Царна бекхам бу – Делан а‚ маликийн а‚ массо нехан а неIалт хилар.

88.

Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь. Ойур дац царна тIера Iазап‚ тIаьхьатоттур а бац уьш‚ –

89.

Цул тIаьхьа тоба динарш бен‚ тIаккха дика Iамалш а йина – баккъалла а‚ и Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву.

90.

Баккъалла а, шаьш иман диллинчул тIаьхьа цатешаш хилла берш‚ тIаккха цатешарца сов буьйлуш берш – церан тоба къобалдийр ма дац – уьш ма бу тилабелларш.

91.

Баккъалла а, цатешаш берш‚ шаьш цатешаш болуш белларш – царех цхьаьнггера а къобалдийр ма дац латта дуьззина деши‚ нагахь санна цара делча а. Царна лазош долу Iазап ма ду. Ма бац царна гIоьнчий.

92.

Цкъа а мел кхочур бац шуна аша сагIина шайна а дезачух делча а бен. Аша сагIина хIумма а ца ло оцу Далла хууш бен.

93.

Массо кхача хьанал хилла Исраилан кIенташна‚ Исраила шен дегIана ша хьарамбина боцург‚ Товрат доссале хьалха. Ахьа ала: "Товрат дохьуш дуьйла‚ деша и шу бакълуьйш делахь".

94.

Далла тIехь харцдерг кхоьллинарг цул тIаьхьа – уьш бу зуламхой.

95.

Ахьа ала: "Бакълийна Дела‚ шу тIаьхьахIитта ИбрахIиман миллатана‚ ша бакъ-цIена тешаш хилла волчу. Ца хилла и /Делаца/ накъост лоцучарех".

96.

Баккъалла а, дуьххьарлера цIа‚ ша нахана хIоттийна хилла долу, – ду Баккатехь дерг: беркате а‚ нийса некъ ларалуш а массо Iаламна.

97.

Цу чохь билггала аяташ ду: ИбрахIиман меттиг. Цу чу ваханарг маьрша хилла.. Далла – нехан тIехь ХьаьжцIа дахар ду‚ – шена некъаца ницкъ кхачахь. Милла а тешаш вацахь – и Дела хьоле ву Iаламел.

98.

Ахьа ала: "ХIай Жайнан охIла‚ шу хIунда ца теша Делан аятех‚ и Дела теш ма ву аша деш долчунна тIехь?"

99.

Ахьа ала: "ХIай Жайнан охIла‚ аша хIунда дIатоьтту Делан некъа тIера тешна верг? Шу ду лууш и гамбан‚ шу шаьш ма дуй /цунна тIехь/ тешаш". Ма вац и Дела бен ца хеташ аша деш дерг.

100.

ХIай иман диллинарш‚ шу Жайна доссийначийн тобанна муьтIахь хилахь‚ цара дерзор ду шу керстаналлина тIе, шун иманал тIаьхьа.

101.

Шу муха хуьлу цатешаш – шуьна тIехь доьшуш Делан аяташ ма дуй‚ шуна чохь цуьнан элча ма вуй? Милла велахь а, Делаца чIагIвелларг – нисвелла и нийсачу новкъа.

102.

ХIай иман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла‚ шу Цунна муьтIахь долуш бен.

103.

ЧIагIло Делан мушца массо а‚ шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат: шу ма дарий мостагIий – шун дегнаш кIаддира Цо‚ шу хилира Цуьнан ниIматца вежарий. Шу ма дарий цIеран оран йисттехь – Цо шу цунах кIелхьара дехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ – шу нисдала тарлора.

104.

Шух хуьлийла уммат‚ ша дикане кхойкхуш‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш. Уьш бу баккхийбийр берш.

105.

Шу ма хилалаш шаьш бекъабеллачарех‚ шайн барт ца хиллачарех тера‚ шайга билгалонаш еъначул тIаьхьа. Царна – дезза-доккха Iазап ду.

106.

Цу дийнахь яххьаш кIайлур ю‚ яххьаш Iаржлур ю. Амма шайн яххьаш Iаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: "Ткъа шу ца тийши шайга иман деъначул тIаьхьа а? Iовша Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!"

107.

Ва амма шайн яххьаш кIайъелларш – Делан къинхетамна чохь (ялсаманехь) хир бу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

108.

Уьш Делан аяташ ду; Оха доьшу хьуна уьш бакъдолчуьнца. И Дела ма вац зулам лууш Iаламна (ша кхоьллинчу цхьанне хIуманна).

109.

Делан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

110.

Шу хилла нахана юкъадаьллачех уггар дика уммат‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш‚ Делах тешаш. Жайнан охIла тешна хиллехьара‚ царна дика хир дара. Царех тешарш а бу‚ дукхахберш песакъ бу.

111.

Цара шуна данне а зен дийр дац‚ цатам бахь бен. Шух латахь а – шайн баккъаш берзор бу цара шуна (эшна бухабовлур бу уьш – жуьгтий)‚ тIаккха царна гIо дийр дац.

112.

Царна тIекхоьссина сийсазалла‚ уьш миччахьа хилахь а‚ Делера ваIда йолуш а‚ нахера ваIда а йолуш бацахь‚ Делерачу оьгIазаллина тIекхиира уьш‚ тIекхоьссира царна мискалла. Иза – уьш хилла хиларна Делан аятех цатешаш‚ байа хьакъ боцуш‚ пайхамарш бойуш. Иза – цара Iесалла ярна а‚ уьш дозанех бевлла хиларна а ду.

113.

Цхьатерра бац уьш. Жайнан охIланах ю цхьа (нийса) хIоьттина йолу тоба: цара Делан аяташ доьшу буьсанан заманчохь, цара сужд до (Далла).

114.

Уьш тешаш бу Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ диканиг хьоьхуш бу‚ вочух /нах/ духатухуш бу‚ сихлуш бу уьш дика хIуманаш дан – уьш бу дикачарех.

115.

Цара дина дика – керста дийр дац и царна (къобал ца деш дуьтур дац), и Дела ма ву бевзаш /Шех/ кхоьруш берш.

116.

Баккъалла а, цатешаш берш – церан бахамо а, церан доьзалша а царех хIумма а духатухур дац Делера. Уьш бу цIеран дай, уьш цу чохь даима лаьттар бу.

117.

Герггарчу /дуьненан/ дахарехь цара /керстанаша/ йина харж тера ю шеца чIогIа шело йолчу махах, шайна зулам динчу нехан ялтина хьекхна болчу, цо и хIаллакдина. Дала зулам ца дина царна, мухха делахь а, шаьш зулам деш бу уьш шайна.

118.

ХIай иман диллинарш! Аша ма лаца шайн /даггара/ доттагIий, шаьш доцурш, шун гIуллакхаш дохо жигара хуьлу уьш, шуна халонаш хуьлийла лаьа царна, оьгIазалла гучуяьлла церан багошкахула, церан дегнаша хьулдинарг кхин а доккха ду. Аяташ билгалдаьхна Оха шуна, шу хьекъале делахь.

119.

ХIай шу! Уьш безаш ду шу, царна шу ца деза. Шу теша массо жайнах. Шух кхийтича‚ цара олу: "Тхо тийшира". ДIатилча, шайн пIелгех цергаш йоьхку цара оьгIазлонца. Ахьа ала: "Са дала шу шайн оьгIазаллица. И Дела хууш ма ву шун дегнашкахь дерг".

120.

Шух диканиг кхетча, цо вон до царна, шуна вон хилча, цунах баккхийбоь уьш. Аша собар дахь, шу Делах кхерахь, церан мекарлоно хIумма а зен дийр дац шуна. И Дела цара деш долчунна гуо лоцуш ву.

121.

Хьо аравелира хьайн цIа чуьра, муъма нах тIамна дIанисбеш, ткъа Дела хезаш а, хууш а ма ву.

122.

Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабелла тIамах бухбовла ойла хилира церан), лиира дIасадаржа. И Дела ма ву церан гIоьнча. Далла тIетевжийла муъма нах.

123.

Дала гIо ма дира шуна Бадрехь шу сийсаза долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукру деш.

124.

Ахьа олура муъма нахе: "Шуна тоам ца хуьлу‚ шун Кхиош-кхобучуьнгара шу чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликех?"

125.

ХIан-хIа! Аша собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликашца‚ Iаламаташ долчу.

126.

И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш иманца чIагIдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукма нийса деш волчу Делан гергара бен.

127.

/И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агIо хадорхьама я уьш сийсазбархьама – догдиллина бухабовлур бу уьш.

128.

ГIуллакхах хIумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Iазап дер – уьш зуламхой бу.

129.

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Iазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.

130.

ХIай иман диллинарш! Ма даа риба‚ шозза алсам даккхаран тIе а‚ шозза алсамдоккхуш‚ Делах кхера – шу даккхийдедан мегара.

131.

Шу кхера цIерах‚ кечйина йолчу цатешачарна.

132.

Шу муьтIахь хила Далла а‚ элчанна а‚ шух къинхетам бан мегара.

133.

Шу сихло шайн Кхиош-кхобучунгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ кечйина йолчу /Делах/ кхоьруш болчарна.

134.

Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагIа доккхуш аттонехь а‚ халонехь а‚ оьгIазло юхатухуш‚ нахана къинтIера бовлуш. Цу Далла беза дика берш.

135.

Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогIуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Хьан гечдийр ду къинош Дала бен? Шаьш динчунна тIе буха ца боьрзуш‚ шайна хууш.

136.

Церан бекхам бу – шайн Кхиош-кхобучун гечдар‚ бошмаш а‚ шайна кIелхьахула хиш лелаш йолу‚ цу чохь гуттар а лаьтташ‚ хаза мел бу и Iамал йинчарна.

137.

Шул хьалха а дIадахна хилларш‚ шу лела лаьтта тIехь‚ хьажа‚ муха хилла /дин/ харцдинчеран чаккхе.

138.

Иза хаам бу нахана‚ нийса некъ а бу‚ хьехам а бу /Делах/ кхоьручарна.

139.

Шу ледара ма довла /гIазот дан/‚ шу сингаттаме ма хила /УхIудехь эшарна/ – шу лакхахь хир ду /керстанашна тIехь толам баккхарца/, шу /баккъалла а,/ тешаш делахь.

140.

Шуна чов хилча – нахана а хилла чов, цунах терра. И денош Оха хьавзадо нахана юккъехь‚ Далла бовзархьама иман диллинарш‚ шун юккъера гIазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой.

141.

Дала /къинойх/ цIанбархьама иман диллинарш, цатешарш хIаллакбархьама а.

142.

Шу моьттуш дара-те ялсамане гIур ду, Далла бовзале шух къахьегнарш а, Цуна бовзале собар динарш а?

143.

Шу ма дарий дала лууш /гIазотехь/ цуьнца цхьанакхетале хьалха‚ и /далар/ гира шуна‚ шу хьоьжуш долуш (ткъа хIинца духадовлу шу?).

144.

И Мухьаммад ма вац элча бен. ДIабахана цул хьалха элчанаш. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу /цатешаре/ духадоьрзур ду шу? Вухаваьлларг милла велахь а‚ цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо. ТIаккха миэл лур бу Дала баркалле болчарна.

145.

Ца хилла сина далар Делан лаамца бен‚ шен язонца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш – Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш – Оха ло цунна цунах. ТIаккха миэл лур бу Оха баркалле болчарна.

146.

Маса пайхамаро тIом бина (Делан новкъахь), мел дукха тIемаш бина цаьрца (пайхамаршца) цхьана (Iелам наха а, дика Iамалш йинчара а). Халчу ца даьккхира цара шайна Делан новкъахь хилла долу цатам берг‚ ледара ца бевлира уьш‚ мукIар ца хилира /мостагIчунна/. Цу Далла беза собаре берш.

147.

Церан олуш дош хилла деккъа: "Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь тхуна тхан къинош‚ тхан гIуллакхехь /тхоьгара яьлла/ тхан тIаламазалла а, чIагIбелахь тхан когаш‚ гIо делахь тхуна цатешаш долчу къомана тIехь".

148.

Дала елла царна дуьненан ял‚ ткъа ма хаза ю эхартан ял. Цу Далла беза диканиг деш берш.

149.

ХIай иман диллинарш! Цатешачарна шу муьтIахь хилахь‚ цара шу духадерзор ду /шайн дине/ – тIаккха шу дIадоьрзур ду /иманах/ эшна.

150.

ХIаъ! Дела ву шун гIо лоцург‚ И уггар дикачех гIоьнча ма ву.

151.

Оха кхуссур ма бу цатешачеран дегнашка кхерам‚ цара шайга йоссийна (цхьа а) бакъо йоцуш Делаца накъост лацарна. Церан хIусам – /жоьжахатин/ цIе ма ю. Ма вон ю-кх зуламхойн чугIойла!

152.

Дала бакъйина шуна Шен ваIда‚ аша и /цатешарш/ бойуш Цуьнан пурбанца‚ шу ледара довллалц‚ гIуллакхехь вовшашца къийссалц‚ шу Iеса хиллалц‚ шуна дезаш хилларг (толам) Цо шуьга гайтинчул тIаьхьа. Шух дуьне дезаш верг а ву‚ шух эхарт дезаш верг а ву. ТIаккха шу дIатеттира цо царех‚ шу зерхьама. Шуна къинтIера велира Иза. И Дела Шен комаьршалла йолуш ма ву тешаш болчарна.

153.

Шу дIадевдира ирх цхьаьнгга а духа ца хьоьжуш‚ кхечарна юккъехь элча шуьга кхойкхуш лаьтташ. ГIайгIанца а гIайгIа кхоьссира Цо шуна‚ шу сингаттаме ца хилийтархьама шун ца хиллачунна /хIонсана/ а, шуна /нах байарца а, эшарца а/ хиллачу бохамна а. И Дела дика хууш ву аша дийриг.

154.

ТIаккха Цо йоссийра шуна гIайгIанал тIаьхьа паргIато – наб озор. Шух цхьа тоба хьулйира Цо. Вукху тобанан синтем байира шайн синоша: цара ойла йора Делах бакъдоцург‚ жехIал заманан ойла /йора цара/. Цара олура: "ГIуллакхах хIумма а дуй вайна?" Ахьа ала: "ГIуллакх дерриг Далла ду". Хьулдеш бу уьш шайгахь‚ хьуна шаьш гучу ца доккхуриг. Олуш: "Тхуна хиллехь гIуллакхах /цхьа/ хIума‚ кхузахь дойур дацара тхо". Ахьа ала: "Шу лаьттина хиллехьара шайн цIенош чохь‚ шу дийшина Iохккучу шуна тIебогIур бара шайна тIом бар яздина берш, Дала зерхьама шун кийрахь дерг‚ /къинойх/ цIандархьама шун дегнашкахь дерг. И Дела хууш ма ву кийрахь дерг.

155.

Баккъалла а, шух /тIемах/ бухабевлларш ши тоба вовшех кхеттачу дийнахь‚ – шайтIано тилийна уьш, цхьадолчу цара динчу /вон/ хIуманца. Дела къинтIера велира царна. Дела ша гечдеш а‚ дог кIеда а ву.

156.

ХIай иман диллинарш! Шу ма хила цатешачаьрга тера шаьш олуш хилла болу шайн вежаршка уьш йохк-эцарна я гIазотана арабевлча: "Тхуна гергахь лаьттинехь лийрбацара а‚ бойур а бацара уьш". Цунах Дала церан дегнашкахь боккха балам бийр бу. И Дела денбеш а ву‚ болуьйтуш а ву. И Дела аша деш дерг гуш а ву.

157.

Шу дайахь Делан новкъахь я лахь – Делера гечдар а ду‚ къинхетам а бу – и  аша гулдеш долчул дика ду.

158.

Шу лахь а‚ я дайахь а – Далла тIе гулдийр долуш ду шу.

159.

Делера къинхетамца хьийзира хьо царна тIе кIеда. Хьо кIоршаме‚ дог дера хиллехьара‚ хьуна гонахьара дIасабаьржар бара уьш. КъинтIера вала царна‚ гечдар а деха царна. дагавала царца гIуллакхехь. Ахьа айхьа сацам бича – Далла тIетовжа. Далла беза /Шена/ тIетевжарш.

160.

Дала шуна гIо дахь – шуна тIехь толамхо вац. Цо шу гIо ца деш дитахь – мила ву Цул тIаьхьа шуна гIо дийр дерг? Далла тIетевжийла муъма нах!

161.

Там бац пайхамарна хIонс лачкъо. Лачкъийинарг ша лачкъийначуьнца вогIур ву къематдийнахь. ТIаккха хIора синна ша гулдинчуьнца бекхам бийр бу – царна зулам дийр дац.

162.

Делан реза хиларна тIаьхьахIоьттинарг тера вуй Делера оьгIазаллина тIевирзинчух? Цуьнан чугIойла – жоьжахати ю. Ма вон ю и дIавоьрзу меттиг!

163.

Уьш тайп-тайпана бу Далла гергахь /ялсамане гIур берш а, жоьжахате гIур берш а/. И Дела гуш ву цара деш дерг.

164.

Доккха дика дина Дала муъма нахана-царалахь элча вахийтина шайн юккъера‚ Цуьнан аяташ царна доьшуш‚ уьш цIанбеш‚ жайна а‚ хьекъал а царна Iамадеш – хьалха уьш билгалла тиларчохь хиллехь.

165.

Я шуна эшам хилча – аша бира эшам (хIалха мостагIчунна) шозза алссам. Аша элира: "ХIара мичара ду?" Ахьа ала: "Иза шуьгара шайгара ду". Баккъалла а‚ Дела массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.

166.

Ши тоба цхьаьнакхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшам Делан лаамца бу‚ цу Далла /Шех/ тешна хилларш бовзархьама.

167.

Цунна бовзархьама шалхолелораш а‚ шайга аьлла долуш: "Схьадуьйла‚ тIом бе Делан новкъахь‚ я дIалелхабе /мостагIий/‚ аьлларш: "Тхуна тIом бан хууш хиллехьара‚ тхо шуна тIаьхьа хIуьттур дара". Уьш цатешарна герга бара оцу дийнахь иманна /герга/ хиллачул‚ меттанашца дуьйцуш шайн дегнашкахь доцург. И Дела дика хууш ву цара хьулдеш дерг.

168.

Шайн вежаршка аьлла хилларш – шаьш чохь севцна хилла болу: "Оха бохург динехьара‚ бойур бацара уьш". Ахьа ала: "Духатоха шайх кхалхар‚ шу бакълуьйш делахь".

169.

Ахьа ларране ма ларалахь Делан новкъахь белларш белла. Дийна бу уьш – шайн Кхиош-кхобучун гергахь рицкъа долуш.

170.

Дала Шен комаьршаллах шайна деллачуьнца баккхийбеш бу уьш‚ царех ца кхуьуш тIаьхьа бисинчарна кхаъ боьхуш бу уьш кхерам ца хилийтаран а‚ уьш сингаттаме ца хилийтаран а.

171.

Кхаъ боьхуш бу уьш Делера ниIматца а‚ комаьршаллица а‚ Дала ца эшоре муъма нехан ял /дог дохуш бу уьш/.

172.

Уьш бу Далла а‚ элчанна а жоп делларш‚ шайна чов хиллачул тIаьхьа. Царех диканиг диначарна а, /Делах/ кхийринчарна а сийлахь-йоккха ял ю.

173.

Ишттанаш бу уьш шайга наха аьлла: "Нах бу шуна гуо биллина‚ царех кхера". Цо уьш алсамбехира иманца‚ цара элира: "Тхан кхачо ю – Дела‚ дика векал а ву И".

174.

Делера ниIматца а‚ дозаллица а бухабирзира уьш‚ зено ца лецира уьш‚ Делан резаллина тIаьхьахIиттира уьш. И Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву.

175.

И шайтIа дара шен доттагIашца /шу/ кхеро гIерташ‚ ма кхера царех‚ Сох кхера‚ шаьш тешаш делахь.

176.

Хьо сингаттаме ма войла цатешарехь сихбеллачара. Цара данне а цхьана а хIуманца зен дийр дац Далла. Дела лууш ву царна дакъа ца дан эхартахь‚ царна доккха Iазап ду.

177.

Иман доьхкина, цатешар эцначара данне а Далла /цхьана а/ хIуманца зен ца до. Царна лазош долу Iазап ду.

178.

Цатешачарна ма моьттийла Оха шаьш латтор шайна диканна ду, оха уьш латтош бу къиношца алсамбовлийтархьама. Царна сийсаза долу Iазап ду.

179.

Ца хилира и Дела муъма нах буьтуш шу долчу хьолехь‚ боьханиг цIеначух къаста ца веш. Ца хиллера и Дела шу кхиадеш къайленна тIе‚ мухха делахь а, Дала хоржу элчанех Шена луург. Тешалаш Делах а‚ Цуьнан элчанех а, шу тешахь‚ шу /Делах/ кхерахь а, – шуна сийлахь-йоккха ял ю.

180.

Дала Шен комаьршаллах /шайна/ даийтинчунна тIехь писалла лелочарна ма моьттийла и шайна дика ду. И царна вон ду, къематдийнахь и цара кхоийнарг церан логах хьарчор ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс. И Дела аша дийриг дика хууш ву.

181.

Далла хезира аьлла долу дош: "Дела пекъар ву‚ тхо хьоле ду". Оха дIаяздийр ду цара аьлларг а‚ цара хьакъ доцуш пайхамарш байар а. Оха эр ду: "Iовша жоьжахатин Iазап".

182.

Шун куьйгаша хьалхадаьккхинарг бахьанехь ду иза /Iазап/. И Дела зулам деш ма вац лешна.

183.

Ишттанаш а бу уьш шаьш аьлла: "Дала барт бина тхоьца‚ тхо тешар дац элчанах, цо даийтталц сагIа ша дууш цIаро". Ахьа ала: "Шуьга баьхкира сол хьалха билгалонашца элчанаш‚ аша аьлла долчуьнца а – уьш хIунда байира аша‚ шу бакълуьйш делахь?"

184.

Хьо цара харцвича‚ хьоьл хьалха а элчанаш харцбина. Билгалонашца баьхкина бара уьш: Забурца а‚ нуьре долчу жайнаца а.

185.

Массо сино Iовшур ду далар. Шуна лур ю ял къематдийнахь. Жоьжахатина гена ваьккхинарг а‚ ялсамане вахийтинарг а – и ву толам баьккхинарг. Дуьненан дахар ма дац Iехаваран хIума бен.

186.

Шу данне зуьйр ма ду шун дохнаца‚ шун синошца‚ шуна хаззане а хезар ма ду шул хьалха жайна даийтинчаьргара а‚ мушрикунашкара халахетарш‚ аша собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь – баккъалла а, и ду-кх чIогIачу гIуллакхех.

187.

Дала барт бира жайна деллачаьрца: аша билгалдоккхур ду нахана‚ аша хьулдийр дац и аьлла. И дIатесира цара шайна тIехьа‚ цунах кIеззиг мах ийцира цара‚ ма вон хIума ю-кх цара оьцург!

188.

Хьуна ма мотталахь и шайна /Дала/ деллачуьнца баккхийбуьйш берш‚ шаьш дина доцучуьнца наха шаьш хесто лууш берш‚ хьуна ма мотталахь уьш Iазапана кIелхьарабевр бу‚ царна лазош долу Iазап ду.

189.

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ и Дела массо хIуманна ницкъ кхочуш ву.

190.

Баккъалла а, стигланаш а‚ латта а кхолларехь‚ буьйса-де хийцадаларехь билгалонаш ма ю хьекъал долчарна.

191.

Ишттанаш бу уьш шаьш Дела хьехавеш дIахIиттина а‚ охьхевшина а‚ шайн агIошна тIехь а‚ ойла еш бу уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан: "Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа кхоьллина ма дац хIара эрна‚ Хьо хаставо оха‚ ларделахь тхо цIеран /жоьжахатин/ Iазапах.

192.

Тхан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, Ахьа цIерга воьллинарг, Ахьа сийсазвинарг ву-кх иза‚ зулам диначарна ма бац гIоьнчий.

193.

Тхан Кхиош-кхобург‚ тхуна хезира кхайкхам имане кхойкхуш: иман дилла шайн Кхиош-кхобучунна, бохуш‚ тIаккха Оха иман диллира. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа гечделахь тхуна тхан къинош‚ цIанделахь тхо тхан вочу Iамалех‚ тхо далийталахь дикачаьрца.

194.

Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахьа тхуна даийталахь Айхьа хьайн элчанашка доуьйтур ду аьлларг‚ сийсаза ма делахь тхо къематдийнахь‚ баккъалла а, Ахьа хилпало ма яц ваIданна".

195.

Жоп делира царна шаьш Кхиош-кхобучо: "Аса эшор ма яц йинчун Iамал‚ и стаг велахь а я зуда елахь а‚ – шу вовшех ду. ДIакхелхинарш‚ шайн цIеношкара арабаьхнарш‚ Сан новкъахь шайна халонаш хилларш‚ шаьш тIом бинарш‚ шаьш тIам тIехь белларш – цIанбийр бу Аса уьш шайн вочу Iамалех‚ бухахула хин татолаш лелаш долчу бошмашка бохуьйтур бу Аса уьш, – миэл бу и Далла гергара. И Дела шегахь хаза миэл болуш ву".

196.

Хьо Iеха ма войла и цатеша нах махкахь дIа-схьа хьедаро.

197.

КIеззиг хIума ду иза. ТIаккха церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон товжийла ю иза.

198.

Мухха делахь а‚ шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна бошмаш ю‚ шайн бухахула хин татолаш лелаш‚ гуттар а лаьттар бу уьш цу чохь, – Далла гергара хьешашна кечдар ду иза. Далла гергахь дерг дика ду, дика Iамал йиначарна.

199.

Баккъалла а, жайнан охIлех ву Делах тешаш верг‚ шуьга доссийначух‚ шайга доссийначух тешаш верг‚ Далла муьтIахь а волуш. Делан аяташ ца духку цара кIеззигчу мехах. Царна шайн ял ма ю шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И Дела сиха ма ву хьесап дарехь.

200.

ХIай иман диллинарш! Аша чидам белаш‚ шу собаре хилалаш‚ чIагIлолаш вовшашца‚ Делах кхералаш даккхийдуьйр ду шу.