28. АЛЬ-КЪАСАС

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ТIа-син-мим.

2.

ХIорш ду хIуманаш билгалдечу жайнан аяташ.

3.

Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчунца тешачу къамана /пайда хилийтан/.

4.

Баккъалла а, ФирIавн вазвелира лаьттахь‚ шен нахах тобанаш йира цо‚ царех цхьа тоба гIелъеш. Цо байара церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира /хIума/ толхочарех.

5.

Тхуна лиира шаьш лаьттахь гIелбина хиллачарех къинхетам бан а‚ царех имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,

6.

Уьш чIагIбан лаьттахь‚ ФирIавна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта уьш шех кхоьруш дерг.

7.

Оха хаам бира Мусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Хьо кхерахь цунах /Мусана бохам хиларах/‚ ахьа кхосса иза хIоьрдан чу - кхера ма кхера‚ са ма гатде - Оха вухаверзор ву иза хьуна‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех.

8.

Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/. ФирIавнан доьзало цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийтан. Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира къинош динарш.

9.

ФирIавнан зудчо элира: "Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах - царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/.

10.

Мусан ненан дог даьсса Iуьйренга делира. Иза герга яра цуьнца гучу яла Оха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара иза /Мусан нана/ хилийтархьама /Делан ваIдех/ тешачарех.

11.

Цо элира цуьнан йише: "Хьада‚ цуьнан тIаьхьа гIо". Иза хьоьжура цуьнга агIорхьара‚ царна ца хууш.

12.

Оха хьарам бира цуна и вакхон зударий хьалха. ТIаккха цо элира: "Аса нисдой шу цIийнан охIлана тIе шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цуна хьехамчаш а хуьлуш".

13.

ТIаккха Оха вуха верзира иза шен нене‚ цуьнана бIаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цуна хаийтархьама а Делан ваIда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.

14.

Иза /Муса/ кхиъна ваьлча‚ нисвелча‚ Оха цуна делира хьукам а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачаьрна.

15.

ШахIарна чоьхьавелира иза цуьнан нах гIапал болчу хенахь. Цуна карийра цу чохь ши стаг вовшех леташ: хIара хIокхун тобанех‚ важа - хIокхун мостагIех. Цуьнга гIо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагIех волчунна тIехь. Мусас цуна буй туьйхира - цо иза чекхваьккхира. Цо /Мусас/ элира: "ХIара шайтIанан гIуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала тилавеш мостагI ду".

16.

Цо /Мусас хьаставелла Деле/ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса сан дегIана зулам ма дина‚ гечдехьа суна". Цо цуна гечдира. Баккъалла а, Иза гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.

17.

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа суна ниIмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечаьрна гIоьнча".

18.

Иза Iуьйранга велира шахIарахь кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гIо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цуна/. Мусас цуьнга элира: "Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!"

19.

ТIаккха шайн шиннан мостагI волчунна тоха цуна /Мусана/ лиъча‚ цо элира: "ХIай Муса‚ со вен лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг верах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницIкъ беш верг хилла а бен‚ хьо лууш ма вац дикачарех хила".

20.

Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: "ХIай Муса! /ГIалин/ дай дагабевла хьо вен‚ ара валалахь. Со хьуна хьехамбечарех ву".

21.

Иза цигара /гIалара/ аравелира кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ кIелхьара ваккхахь со зуламе нахах".

22.

Ша Мадйан агIоргахьа дIаволавелча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа".

23.

Мадйанан хинан коьрте кхаьчча‚ цуна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/‚ цуна карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: "ХIун бала бу шу шиннан?" Цу шиммо элира: "Оха ца маладо и Iуй чекх ца баьлча‚ ткъа тхан да - воккха стаг ву".

24.

Цо хи малира царна шиннена /церан бежнашна/‚ тIаккха дIавирзира IиндагIе‚ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ со Ахьа суна доссош долу диканиг оьшуш ма ву (меца ву)".

25.

Цуна тIе еара цу шиннех цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: "Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна". Иза /Муса/ цуна тIе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: "Хьо ма кхера! Хьо кIелхьара ваьлла зуламечу нахах".

26.

Цу шиннех цхьаммо элира: "Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахьа мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза - нуьцIкъала а‚ тешаме а ву".

27.

Цо /ШуIайбс/ элира: "Суна лаьа хIокху сан шина йоIах цхьаъ хьуна зуда йина яла ахьа суна болх барх борхI шарахь. Ахьа итт шо кхочушдахь - и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Далла лаахь‚ дикачарех".

28.

Цо элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама аса кхочушъяхь‚ довдийр дац соьца. И Дела вай олучун тIехь векал ма ву".

29.

Муса шен тоьхна хан чекх яьккхина а‚ шен доьзалца дIавоьдуш‚ цуна хааелира ТIур ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: "Аша /кхузахь/ собар де‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна тIе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цIерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала мегара".

30.

Иза цуна /цIарна/ тIе веъча кхийкхира тогIин аьтту агIорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: "Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да.

31.

Охьакхосса хьан Iаса!" Цуна иза гича етталуш текхарг санна‚ иза дIаведира вуха ца воьрзуш. "Ва Муса! Герга вала‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарех ву.

32.

Хьан куьйг че долла‚ ахьа схьадоккхур ду иза - схьадер ду кIайн хилла цхьа а зен доцуш‚ хьан тIетаIаде иза кхерарах ларвалархьама. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам".

33.

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса царех стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вен.

34.

И сан ваша ХIарун‚ иза соьл мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гIоьнча хилла‚ со бакъ хилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна".

35.

Цо /Дала/ элира: "Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шиннена бакъо‚ шуна шиннена тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шиннена тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ма ву".

36.

Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: "ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуанчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах хьалхалерчу дайшкахь".

37.

Элира ткъа Мусас: "Сан Кхиош-кхобушверг ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веъна а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхибер ма бац".

38.

ФирIавнас элира: "ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела‚ цIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарах (кибарчигаш ятта), тIаккха /лаькха/ гIала е суна, со мега Мусан делан тIе хьалавала. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарех".

39.

Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабала хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тIе духа ца дерзор ду.

40.

Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхоьссира уьш хIоьрдан чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!

41.

Оха хилийтира царех /нах/ цIерга кхойкхуш имамаш. Къемат дийнахь царна гIо дийр дац.

42.

Царна тIаьхьахьажийра Оха хIокху дуьненахь а неIалт‚ къемат дийнахь уьш ма бу эхьаза лелхинчарех.

43.

Оха делира Мусага жайна‚ Оха хьалхалера тIаьхьенаш хIаллак йиначул тIаьхьа нахана гуш долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла‚ уьш кхета мегара-кх‚ аьлла.

44.

Хьо вацара малхбузен агIонгахь Оха Мусага гIуллакх сацадечу хенахь‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарех.

45.

Делахь а Оха кхиира тIаьхьенаш‚ дахделира царна тIехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадъйан охIлан юкъахь царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а Тхо дара боуьйтурш /элчанаш/.

46.

Хьо вацара ТIур ламан агIонгахь Оха /Мусага/ кхийкхича‚ делахь а хьан Кхиош-кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/‚ ахьа кхерам тасан къамана‚ шена тIе хьоьл хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веъна долчу‚ цара ойла йийр яцара-те?

47.

/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: "Тхан Кхиош-кхобушверг! Ахьа ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешначарех".

48.

Шайга бакъдерг деъча Тхан гергара‚ цара элира: "Цуьнга /Мухьаммад пайхамаре/ делла хиллехьара Мусага делларг". Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: "Ши /КъурIан а‚ Товрат а/ бозбуанчалла ду вовшашна гIо а деш". Ма элира цара: "Массох ца теша /тхо/".

49.

Ахьа ала: "Схьало Делан гергара жайна ша цу шиннал /КъурIанал а‚ Товратал а/ нийса а долуш‚ со цуна тIаьхьахIуттур ву шу бакълуьйш хиллехь".

50.

Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабаьлла буйла. Мила ву ткъа тиламе Делера нийса некъ а боцуш шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам.

51.

Оха кхачийра цаьрга дош тIеттIа цара ойла йийр яцара-те?

52.

Оха шайна цул /КъурIанал/ хьалха жайна (Товрат, Инжил…) делларш - уьш цунах /КъурIанах/ тешаш бу.

53.

Иза шайна дешча цара элира: "Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалха бусулбанаш.

54.

Уьш - царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех цара сагIа даларна а.

55.

Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIакъаьста уьш‚ олуш: "Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал неха тIе".

56.

Баккъалла а, ахьа нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш.

57.

Цара /Къурайшин тайпан наха/ элира: "Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIоьттича хьоьца цхьана‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Iарбаша/". Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме хьарам‚ цига массо хIуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхуна гергара рицIкъ хилла? Делахь а царех дукхачаьрна ца хаьа-кх.

58.

Мел хIаллак йира оха юрт‚ кураелла хилла йолу шен дахарехь. ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ царел тIаьхьа кIеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш.

59.

Хьан Кхиош-кхобушверг ца хилира ярташ хIаллак еш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллак еш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен.

60.

Шуна делла хIума - иза дуьненан дахаран хьал ду‚ цуьнан хазалла а ю‚ Далла гергахьдерг - дика а‚ мелхо бухадуьссуш а ду‚ шу хьекъале ца хуьлу?

61.

Оха шеца /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг иза цуьнах кхиар а волуш тера ву-й ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал деллачух? ТIаккха къемат дийнахь иза хир ма ву /жоьжахате/ валинчарех.

62.

Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?"

63.

Эр шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачаьра: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ хIорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладарх терра. Тхо цIандела /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш".

64.

Элира: "Схьа кхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/". Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Iазап. /Ма лиира царна шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара‚ аьлла!

65.

Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: "ХIун жоп делира аша элчанашка?"

66.

Iаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хIумма а‚ хоьттур дац.

67.

Амма тоба динарг а‚ иман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а - тарло иза хила баккхибечарех.

68.

Хьан Кхиош-кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. Вонах цIена ву и Дела‚ гена вели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.

69.

Хьан Кхиош-кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара дIахьедош ду.

70.

Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цуна хастам бу хьалхарчахь а‚ тIехьарчахь а. Цуьнан ду хьукам а‚ Цуна тIе дIадерзор ду шу а.

71.

Ахьа ала: "Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI воцург муьлхачу делас шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хозу-те?"

72.

Ахьа ала: "Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахI воцург муьлхачу делас шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аша шена чохь садоIуш? Шуна ца го-те?

73.

Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аша шена чохь садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а - шу хила мегара баркалла олуш".

74.

Оцу динахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?"

75.

Оха схьаваьккхира хIора умматах теш‚ Оха элира: "Схьадаладе шайн делилш". Царна хиира бакъдерг Далла дуйла. Царех дIатилира цара /Цуьнан тIехь харц/ кхоьллина хилларг.

76.

Баккъалла а, Къарун вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цуна хазнаш‚ шен догIанаш цо ницIкъ болчу тобанца халла кхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къамо: "Хьо ваккхи ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийберш.

77.

Ахьа лаха хьуна Дала деллачохь эхартан цIа‚ диц ма де дуьненахь хьан дакъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гIерта лаьттахь пасад хIуманна тIе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хIума дийрш".

78.

Цо /Къаруна/ элира: "Иза /хьал‚ дехний/ суна делла соьгара Iилма бахьанехь". Цуна ца хаьа-те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакъйина цул хьалха‚ цул ницIкъаца мелхо а чIогIа йелуш‚гулдарца (хьал‚ дехний) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга /Далла и дика хаьа дела/.

79.

Иза /Къарун/ араваьлира шен къама тIе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачаьра элира: "ЭхI! Тхуна далахьара Къаруна делларг! Баккъалла а, ма дакъа долуш ву-кх иза!"

80.

Шайна Iилма деллачаьра элира: "Декъаза ма довла! Делан ял дика ю иман диллинчунна а‚ дика Iамал йинчунна. Иза дуьхьал кхетар ма яц собар диничаьрна а бен" /и хаза бекхам/.

81.

Оха лаьттан буха вахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цуна цхьа а гIо деш тоба Делан дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIодечарех.

82.

Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира олуш: "ОхI! Дала рицIкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ /лаьттан буха/ дахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхи ца беда /Делах/ цатешарш".

83.

И эхартан хIусам Оха хуьлийтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад ца дезачаьрна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручаьрна ю.

84.

Дикачуьнца веъначуьнна - цуна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг - вонаш диначаьрна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен.

85.

Баккъалла а, хьуна КъурIан тIе диллинчо хьо вухаверзор ма ву вухавоьрзучу меттиге. Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а".

86.

Хьо ма вацара дог дохуш хьайга Жайна даларе хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хилланне а ма хилалахь /Делах/ цатешачаьрна гIоьнча.

87.

Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тIаьхьа. Хьан Кхиош-кхобучунга кхайкха! Хьо хиланне а ма хилалахь /Делаца/ накъост лаьцначарех.

88.

Ахьа ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна Иза бен. Массо хIума хIаллак хир ю хьуна Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цуьнан тIе духа дерзор долуш ду шу а.