24. АН-НУР

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха ша перз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ – шу кхетара дацара-те.

2.

Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIучу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъма нахах цхьана тобанна.

3.

Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцу зуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъма нахана.

4.

Оьздачу зударшна тIе бехк кхуссуш берш /и нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтIкъа гIаж – кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъ нах бу.

5.

Шаьш цул тIаьхьа тоба а дина‚ дика Iамал йинарш боцурш – тIаккха‚ баккъалла‚ Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.

6.

Шайн зударшна бехк кхуссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царех цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарех ма ву‚ аьлла.

7.

ПхоьзлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарех‚ аьлла.

8.

Цунах /зудчух/ таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза /и шен майра/ харцлуьйчарех ма ву‚ аьлла.

9.

ПхоьзалгIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарех ‚ аьлла.

10.

Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тоба къобалдийриг а‚ хьукма /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакьхир дара шу/.

11.

Баккъалла а, и эладита деънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царех хIора стагана къинах ша карадинарг ду. Царех шена тIе цуьнан /къинан/ доккханиг лаьцнарг – цунна доккха долу Iазап ду.

12.

И шайна хезча хIунда ца моьттура муъма божаршна а‚ муъма зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: "ХIара билггала эладита ду-кх?"

13.

Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш.

14.

Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллера шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аша тIех дийцинчохь доккхачу Iазапо.

15.

Аша тIе ма лецира и шайн маттаца‚ ма дийцира шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьттура и атта ду‚ иза Далла гергахь доккха ду.

16.

Шайна иза хезча аша хIунда ца элира: "Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо‚ ма доккха харцдерг ду-кх хIара".

17.

Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а ца дерзар‚ шу муъма нах далахь.

18.

Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.

19.

Баккъалла а, иман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш – царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац.

20.

Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела доглозуш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллак хир дара шу/.

21.

ХIай иман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIотталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг – баккъалла цо хьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Делан коьмаршалла шайна тIехь‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а Дала цIанво Шена луург. Дела хозуш верг а‚ хууш верг а ву.

22.

Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчаьрна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначаьрна а /сагIа/ лур дац алий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

23.

Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъма зударшна бехк кхуссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна доккха Iазап а ду.

24.

Оцу /къемат/ дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачун тIехь.

25.

Оцу дийнахь Дала ял лур ю царна шайн бакъ дин бахьанехь‚ царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг.

26.

Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий – цIеначу божаршна‚ цIена /лела/ божарий – цIеначу зударшна. Уьш цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицIкъ а ду.

27.

ХIай иман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду. Шу кхетар дацара-те?

28.

Шуна ца каравахь цу чохь /цу нехан цIеношкахь/ цхьа а – чу ма гIолаш шайна пурба даллалц. Шайга "Духа дерза" алахь – духа дерзалаш /чу ца гIош/. Иза вуно а цIена ду шуна. И Дела аша дийриг хууш ву.

29.

Къа дац шуна бехаш нах боцчу цIеношна чу шу даха‚ шайн чохь шун хIуманаш йолчу. И Дела хууш ву аша гучудокхариг а‚ аша хьулдийриг а.

30.

Ахьа ала муъма нахе охьатухийла цара шайн хьежар‚ шайн /божараллин/ меженаш ларйойла цара. Иза вуно а цIена ду царна. Баккъалла а, Дела девзаш ву цара дийриг.

31.

Ахьа ала муъма зударшка охьатухийла цара шайн хьежар‚ ларйойла цара шайн /зудараллин/ меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш цунах гучахь ерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрна‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршна‚ я зударийн Iовраташка ца хьоьжучу берашна а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тоба де Деле массара‚ хIай муъма нах‚ шу даккхидеда мега.

32.

Зударий балабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лех дикачаьрна‚ маре ло шайн лай-зударий. Нагахь уьш миска хилахь – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллих. Дела шорта ву‚ хууш ву.

33.

Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна хьал даллалц Шен комаьршаллих. Шун аьтту куьйгаша доладиначарех азат бала язбала лууш берш – язбе уьш шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДIало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теIабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тIе‚ царна лиънехь цIена хила‚ аша дуьненан дахаран хиламаш /бахам/ лоьхуш. Уьш тIетоIаш верг /кхахьбаллина/... Дела уьш тIетеIабиначул тIаьхьа гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву.

34.

Оха доссина шуьга билгала долу аяташ а‚ шул хьалха баханчерийн /дахаран/ масал а хилла‚ /Делах/ кхоьручаьрна хьехам а хилла‚

35.

Дела – стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишанан чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду зайтунан беркатечу диттах /цIеношкахь/ латина болчу‚ малхбале а‚ малхбузе а яц. Даьтта герга ду къага шех цIе хьакха елла яцахь а. Нуран тIехь а нур ду. Нисво Дала Шен нуран тIе Шена луург. Даладо Дала масалш нахана. И Дела массо хIума хууш верг ву.

36.

/И нур ду/ цIеношкахь‚ Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а магийна долчу‚ тасбахь до Цуна Iуьйранна а‚ суьйранна а.

37.

Нах бу /царчохь/‚ шаьш юкъахбохур боцуш йохка-эцаро а‚ эцаро а Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/ дийнах‚ шена чохь дегнаш а‚ бIаьрса а херцалур долчу.

38.

Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицIкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш.

39.

Цатешнарш – церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалах тера ю‚ хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цуна тIевахча – и хIумма ца карайо цуна. Цуна карийна Дела шена гергахь‚ Цо кхочушдина цуьнан хьесап. И Дела хьесапца сиха верг ву.

40.

Я /уьш/ тера ю кIоргачу хIоьрдан чохь болчу боданах‚ ша хьулбешболчу толгIано‚ шена тIехахула толгIа йолчу‚ цуьнан тIехахула марха йолчу. Боданаш ду цхьадерш вакхарна тIехь долуш‚ цо шен куьйг ара декхча – цуна и ган ца туьга. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац.

41.

Хьуна ца го и Дела хилар Шена тасбахь деш стигланашкахь а‚ латтахь а мел волчо‚ могIаршца /тIама деллачу/ олхазарша а. ХIоранна хиъна шен ламаз а‚ шен тасбахь а. И Дела хууш ма ву цара дийриг.

42.

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле ду дIадерзар а.

43.

Хьуна ца го Дала лохку мархаш‚ тIаккха хутту уьш‚ тIаккха Цо уьш хуьлуьйту тIеттIа /барз/‚ хьуна го догIа церан юккъехула долуш‚ Цо доссадо стиглара /мархийн/ лаьмнаш‚ шайна чохь тIкъес йолуш. Шена луучунна туху Цо и‚ Шена луучух духа йоккху. ТIкъесан нуро бIаьрса дIахьош лаьтта.

44.

Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрса долчаьрна.

45.

Дала кхоьллина массо дийнат хих. Царех шен гай тIехь леларг ду‚ царех шина кога тIехь леларг а ду, царех деа кога тIехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочург ву.

46.

Оха доссина билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа.

47.

Цара олу: "Тешна тхо Делах а‚ элчанех а‚ муьтIахь а хилла тхо". ТIаккха дIайоьрзу /бакъдолчу динах/ царех цхьа тоба цул тIаьхьа – уьш муъма нах бац!

48.

Шаьш Далла а‚ элчана а тIе кхайкхича шайн юккъехь хьукам дан – царех цхьа тоба дуьхьалйолу.

49.

Шайна хилахь бакъо – цуна тIе богIу уьш муьтIахь хуьлий.

50.

Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХIан-хIа! Уьш зуламхой бу!

51.

Баккъалла а, муъма нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчана а тIе кхайкхича шайна юккъехь хьукма дан цара алар: "ЛадоьгIна Оха‚ мутIахь хилла тхо". Уьш бу баккхийбедар берш.

52.

Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!

53.

Делаца биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахьа шайга омра дича арадовлур ду шаьш‚ бохуш. Ахьа ала: "Аша дуй ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара/. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аша дийриг".

54.

Ахьа ала: "МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчана! "Уьш дIаберзахь – цуна шена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цуна /элчана/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчана-м тIехь дац билгала дIакхачор бен.

55.

Дала ваIда йина шух иман диллинчаьрна а‚ дика Iамалш йиначаьрна а Ша тIаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачаьрна яларах терра‚ Ша чIагIдийр ду царна шайн дин‚ Ша цуна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тIаьхьа тешам лур бу (маршо лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Iибадат дийр ду‚ цхьа а хIума Соьца накъост лоцур дац. Цул тIаьхьа керста хилларг – уьш бу песакъаш!

56.

Аша хIоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтIахь хила элчана – шух къинхетам бан мегара.

57.

Хьуна ма мотталахь и цатешарш (Тхан омрах) бовда лур бу лаьттахь. Церан чугIойла – цIе ю. Ма вон дIадерзар ду-кх и!

58.

ХIай иман диллинарш! Шуьга пурба доьхийла кхузза шун аьтту куьйго дола диначаьра а‚ шух кхиъна ца ваьллачо а‚ сатасаран ламазал хьалха а‚ шаьш делкъахь бедар йоккхучу хенахь а‚ пхьуйрен ламазал тIаьхьа а – шун кхо Iоврат /йолу хан ю иза/. Шуна а‚ царна а къа дац царал /цу хенал/ тIаьхьа /чу бан/. ТIехьоьжуш бу шуна шух цхьаберш ваккхарна. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву.

59.

Шун бераша кхиъна баьлча пурба доьхийла цара шайл хьалхалерачаш дехарах терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву.

60.

Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу – царна къа дац шайн /тIехула/ бедарш яхарах‚ хазалла гучадоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча – царна дика ду. Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

61.

БIаьрса доцчун къа дац‚ астагI волчун къа дац‚ цомгаш волчун къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аша /хIума/ яарх шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара ‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкарая шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн догIанаш шун долахь болчарийн /цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аша /хIума/ яарх цхьаьна‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш салам ло шайга Делан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара ойла еш.

62.

Баккъалла а, муъма нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца /Делан элчаца/ долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьга пурба доьхурш  – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царех хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
63. Аша ма де элчанан кхайкхар шайна юккъехь шайх цхьаболчарийн вакхарга кхайкхарх тера. Далла бевзаш бу шух лачIкъа буьйларш. Ларлойла и цуьнан /элчанан/ омрана хилпало еш берш питна (дуьненан бала) шайх хьаьрчарах‚ я /эхартан/ лазош долу Iазап шайх хьарчарах.
64. Ткъа Делан дац стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Цуна хаьа шу Шена тIехь дерг. Уьш Шена тIеберзинчу дийнахь Цо цаьрга дуьйцур ду цара дийнарг. И Дела массо хIума хууш верг ву.