23.
АЛЬ-МУЪМИНУН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Ирсе бу муъма нах.

2.

Уьш бу шайн ламазашкахь муьтIахь берш.

3.

Уьш бу десачу хабарех гена бовлуш берш.

4.

Уьш бу закат доккхуш берш.

5.

Уьш бу шайн эхье меженаш ларъеш берш.

6.

Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ – тIаккха уьш бехке бац.

7.

Царел дехьа кхийдинарш – уьш дозанах бевларш бу.

8.

Уьш бу шайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш.

9.

Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш.

10.

Уьш бу верасаш.

11.

Шайна ирсана Фирдавс кхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш.

12.

Оха кхоьллина адам /хIалхара стаг Адам/ цIеначу поппарах (топпарах).

13.

ТIаккха хилийтина Оха цунах тIадам чIогIачу меттигехь.

14.

ТIаккха тIадамах декъа цIий кхоьллира Оха‚ декъачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсиг‚ жижиган кийсагах кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкий тIе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тIаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела – кхоллархойх уггар диканиг.

15.

ТIаккха‚ баккъалла а, шу цул тIаьхьа лийр ду.

16.

ТIаккха‚ баккъалла а, шу Къематдийнахь дендийр ду.

17.

Оха кхоьллира шуна тIехула ворхI некъ /стигал/ – Тхо ца хилира кхолларах гIовпал.

18.

Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дIадахийта а ницкъ болуш ду.

19.

Оха кхиийра шуна цуьнца /догIанца/ хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохь дуккха стоьмаш а бу‚ аша царех боу.

20.

Сайнаъ ламанах схьадолуш долу дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу даьтта а‚ чамбийриг а юучарна.

21.

Баккъалла а, шуна дохнехь масал ма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царех аша доу.

22.

Царна /бежанашна/ тIехь а‚ кеманна тIехь а шу леладо.

23.

Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Аша Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?"

24.

Цуьнан къомах цатешаш хиллачерийн элаша элира: "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала‚ Далла лиънехьара Цо маликаш дохкуьйтур дара. Тхуна ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь а.

25.

Иза /Нухь/ жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц".

26.

Цо /Нухьас/ элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна".

27.

Оха хаам бира цуьнга вехьеца: "Кема де Тхан бIаьргийн хьалха‚ Оха вехьеца хаийтарца‚ Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича‚ цу чу /кеманна тIе/ лахка хIораннах шишша тайпа а‚ хьан доьзал а‚ царех шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу".

28.

Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ахьа алалахь: "Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах".

29.

Ахьа алалахь: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх."

30.

Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш.

31.

ТIаккха Оха кхиийра царал тIаьхьа кхин тIаьхье.

32.

Оха вахийтира цаьрга царех элча‚ Iибадат де Далла‚ шуна вац Иза воцург кхин Дела‚ аьлла. Шу ца кхоьру?

33.

Цуьнан къоман цатешаш хиллачу‚ эхартаца цхьаьнакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу элаша элира:  "ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аша юучух юу цо‚ аша молучух молу цо.

34.

Шу мукIар хилахь шаьш санначу адамна‚ тIаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу.

35.

Цо ваIда йина шуьца‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ шу арадохур ду‚ аьлла.

36.

Ма гена ю-кх‚ ма гена ю-кх шуьца йина ваIда!

37.

ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай‚ деха вай – вай юха дендийр дац.

38.

И /элча/ ву веккъа Далла тIе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац".

39.

Цо /элчано/ элира: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа суна гIо делахь цара со харцварна".

40.

Цо /Дала/ элира: "Цхьа кIеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна".

41.

Уьш схьалецира татано‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царех‚ делла дала зуламе къам!

42.

ТIаккха‚ царел тIаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тIаьхьенаш.

43.

Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Iожаллал‚ тIаьхьа дуьсур а дац.

44.

ТIаккха тIеттIа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тIе шен элча веъча – цара и харцвира‚ Оха царех цхьаберш вукхарна тIаьхьабахийтира. Оха царех хилийтира дийцарш. Белла бовла цатешаш болу нах!

45.

ТIаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХIарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

46.

ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе – уьш курабевлира‚ царех хилира  лакхабовла гIерта нах.

47.

Цара элира: "Тхо тешар ду‚ ткъа‚ тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гIуллакхдеш а болуш?"

48.

Цара и шиъ харцвира‚ шаьш хIаллакьхиллачарех хилира.

49.

Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла.

50.

Оха хилийтира Марьяман кIантах а‚ цуьнан нанах а делил. Оха дIалачIкъан нисдира и шиъ лекхачу меттиге‚ шен чIагIо а‚ шовда а долчу.

51.

ХIай элчанаш! Даа цIеначух‚ Iамал е диканиг! Баккъалла а, Со аша деш дерг хууш ву шуна.

52.

Баккъалла а, хIара шун уммат цхьа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург ву‚ Соьх кхералаш.

53.

Цара хадийра шайн гIуллакх вовшийн юккъехь тобанашца. Массо тоба шегахь долчуьнца яккхиеш ю.

54.

Бита уьш шайн кегари чохь хан тIеккхаччалц.

55.

Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кIентий а луш хилар

56.

Оха шайна диканаш сихдар ду? ХIетте а ца хаало-кх царна.

57.

Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-кхобучух кхерарах эгна берш‚

58.

Шаьш шайн Кхиош-кхобучун аятех тешаш берш‚

59.

Шаьш шайн Кхиош-кхобучуьнца накъост ца лоцуш берш‚

60.

Шаьш шайна деллачу рицкъанх /сагIа/ луш берш‚ шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шаьш шайн Кхиош-кхобучунна тIе юха боьрзур болу дела‚-

61.

Уьш бу диканийн тIе сихбелларш‚ уьш царех /шайн диканех/ хьалха кхуьур бу!

62.

Оха тIе ца дуьллу сина цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац.

63.

Церан /керстанийн/ дегнаш оцунах /бакъдолчух/ дIатиларчохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Iамалаш ю шаьш еш йолу.

64.

Царех ниIмат делларш Оха Iазапаца схьалаьцча‚ уьш мохь хьоькхуш бисира.

65.

/Цаьрга элира/: "Мохь ма хьекха тахана – шуна Тхоьгара гIо хир дац!"

66.

Хилла Сан аяташ шуна тIехь доьшуш – хилла шу царех юхадовлуш.

67.

Курадевлла цуьнца /КаIбица/‚ буьйсанна /КъурIанах/ луьйш.

68.

Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деъна церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг?

69.

Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш?

70.

Я цара олу: "Цуьнца жинаш ду?" И веъна цаьрга бакъдолчуьнца‚ царех дуккханнаш бакъдерг ца дезаш бу.

71.

Бакъдерг церан дезаршна тIаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хIаллакьхир дара. Тхо деара цаьрга царна хьехамца‚ уьш шайна /бечу/ хьехамах бухабевлира.

72.

Я ахьа цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-кхобучун харж тоьлаш ю. Иза рицкъа лучарех уггар диканиг ву.

73.

Баккъалла а, ахьа уьш кхойкху нийсачу новкъа.

74.

Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ новкъах дIатуьлуш бу.

75.

Оха къинхетам бинехьара царех‚ айдинехьара царех долу зен‚ уьш кхерсташ чухьовдур ма бара шайн тилорна.

76.

Оха Iазапаца схьалецира уьш‚ амма уьш мукIар ца хилира шайн Кхиош-кхобучунна‚ /Цуьнга/ хьаста ца белира.

77.

Оха шайна тIе чIогIа Iазап долу неI схьаеллалц – уьш цигахь массо хIуманах догдилла буьсуш.

78.

Иза /Дела/ ву кхоьллина шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а – ма кIезиг баркалла олу-кх аша!

79.

Иза ву кхиийна шу лаьттахь а – Цунна тIе шу гулдийр долуш а ду.

80.

Иза ву дендеш верг а‚ долуьйтуш верг а‚ Цуьнан ду буьйса а‚ де а хьийзар‚ шу хьекъале ца хуьлу?

81.

ХIаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьлларг.

82.

Цара элира: "Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду?

83.

И ваIда йинера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац".

84.

Ахьа ала: "Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?"

85.

Цара эр ду: "Делан ду". Ахьа ала: "Шу ца кхета?"

86.

Ахьа ала: "Мила ву ворхI стиглан Кхиош-кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Кхиош-кхобург?"

87.

Цара эр ду хьуна: "/Уьш/ Делан ю-кх". Ахьа ала: "Шу ца кхоьру /Делах/?"

88.

Ахьа ала: "Мила ву шен карахь массо хIуманан паччахьалла дерг‚ ша ларош верг‚ шена дуьхьал ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?"

89.

Цара эр ду: "Дела ву-кх". Ахьа ала: "Ма бозбуанчалла дина ю-кх шуна!"

90.

ХIаъ‚ Тхо цаьрга даьхкира бакъдолчуьнца‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш берш бу.

91.

Дала ца лецира цхьа а кIант‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царех цхьаберш /делий/ вукхарел лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух.

92.

Къайлах дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух.

93.

Ахьа ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа гайтанне а гайтахь суна царна хир ду аьлларг /Iазап/:

94.

"Со Кхиош-кхобушверг‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нехан юккъехь".

95.

Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда йинарг ницкъ болуш ду хьуна‚

96.

Ахьа духататталахь дикачуьнца вониг. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург.

97.

Ахьа алалахь: "Со Кхиош-кхобушверг‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн васвасех.

98.

Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-кхобург‚ уьш /шайтIанаш/ суна герга дахкарх".

99.

Царех цхьанна тIе /валар/ деъча‚ эр ду: "Сан Кхиош-кхобург‚ вухаверзаве-хьа со /дуьнена/.

100.

Дика Iамал ян мегара аса‚ айса ца еш йитинарг". ХIан-хIа! И дош ду цо /шайтIано‚ цатешачу стага/ ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц.

101.

Сур лекхча – гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара.

102.

Шайн мизан-терза дазделларш – уьш хир бу баккхийбуьйраш.

103.

Шен миза-терза дайделларш – уьш шаьш хIаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу.

104.

Шайн яххьаш цIаро ягаеш‚ шаьш цу /жоьжахати/ чохь кхоьллина болуш /хир бу уьш/.

105.

Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш!

106.

Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан докъазалла туьйлира тхуна тIехь‚ тхо хили-кх тиладелла нах.

107.

Тхан Кхиош-кхобург‚ арадахахь тхо цу /жоьжахати/ чуьра‚ тхо юха а тIедерзахь /къиношна/‚ – тIаккха тхо хир хьуна зуламхой".

108.

Цо /Дала/ элира: "ДIасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!"

109.

Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: "Тхан Кхиош-кхобург‚ иман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхоьх‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар диканиг".

110.

Аша царех белар дира цара шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царех доьлуш.

111.

Баккъалла а, Аса ял ели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш.

112.

Цо /Дала/ элира: "Мел лаьттира шу лаьтта тIехь шерийн барамехь?"

113.

Цара элира: "Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга".

114.

Цо элира: "Шу кIеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш.

115.

Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тIе  дерзор дац?

116.

Генаваьлла Дела – бакъволчу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург – сийлахь йолчу Iаршан Да.

117.

Мила ву Делаца цхьаьна кхин деле кхойкхург‚ шена цуьнца цхьа а тешалла доцуш? – цуьнан хьесап шен Кхиош-кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш.

118.

Ахьа ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарех уггар диканиг".