21. АЛЬ-АНБИЙАЪ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Гергадеана нахана шайца хьесап дар, уьш тIаккха а терго ца еш‚ дуьхьалбевла бу.

2.

Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам‚ цара цуьнга ладугIуш бен‚ шаьш ловзуш долуш.

3.

Шайн дегнаш гIайгIа еш доцуш. Къайладаьккхира хабар зулам диначара: "ХIара адам бен дац шу санна? Бозбуанчалла дохьу аша‚ шайна гуш долуш?"

4.

Цо /пайхамара/ элира: "Сан Кхиош-кхобучунна хаьа дош‚ стиглахь а‚ лаьттахь а /аьлла долу/.  Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву".

5.

ХIаъ‚ цара элира: "Вовшех ийна гIенаш ду. ХIаъ‚ цо кхоьллина и. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайга цхьа делил даийта цо‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра".

6.

Иман ца диллира царел хьалха а цхьана а юьрто‚ Оха ша хIаллакйина хилла йолчу. ХIокхара иман дуьллур дара?

7.

Оха ца бахкийтира хьоьл хьалха а божарий бен‚ Оха цаьрга вехьеш луш. Хаттал хьехам болчу нахе‚ шаьш хууш ца хиллехь.

8.

Оха ца хилийтира царех кхача ца боу дегI‚ уьш ца лаьттира даима.

9.

ТIаккха Оха бакъхилийтира цаьрца ваIда. Оха хьалхабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира тIалам боцурш.

10.

Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iарбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь хиларца/‚ шу хьекъале ца хуьлу?

11.

Мас йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиира царел тIаьхьа кхин къаьмнаш.

12.

Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду /гIерта/.

13.

"Ма довда! Духадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка. Шуьга /барт/ хатта мегара".

14.

Цара элира: "Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!"

15.

И церан кхайкхам ца сецира Оха шайх ялтан канаш хиллийтталц‚ шаьш дIатийна буьсуш.

16.

Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а‚ ловзуш хилла /эрна/.

17.

Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара /Тхан гергахь болчу хьурулIинех а, маликех а/‚ Оха и деш хилча.

18.

ХIаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тIе – цо и дайа‚ и хIаллакьхуьлу‚ шуна бала бу шаьш /харц/ дуьйцучух.

19.

Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад ца ло уьш.

20.

Цара тасбахь до буьйсанна а‚ денна а‚ уьш лагI ца луш.

21.

Ткъа цара эцна-те делий лаьттах, цара денбеш /белларш/?

22.

Цу шиннахьа а АллахI воцург /кхин/ делий хиллехьара – уьш шиъа хIаллакьхилла хир яра. Вонах цIена ву и Дела‚ Iаьршан да волу‚ /лекха ву И/ цара дуьйцучух.

23.

Цуьнга ца хотту Цо дечух‚ цаьрга хоттур ду.

24.

Ткъа цара лецна И воцург /кхин/ делий? Ахьа ала: "Даладе шайн тешаллаш! ХIара хьехам бу соьца болчеран а /КъурIан/‚ соьл хьалха хиллачеран а /Товрат а, Инжил а, кхин жайнаш а – церанчохь массанхьа а Дела цхьаъ хилар чIагъдеш ду/. ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла".

25.

Оха ца ваийтина хьоьл хьалха цхьа а элча‚ Оха шега вехьеца хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла.

26.

Цара элира: "Лаьцна Къинхетам болчо доьзалхо". Вонах цIена ву Иза! Уьш-м сийлахь болу леш бай!

27.

Уьш /пайхамараш/ Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца гIуллакх деш бу.

28.

Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIаьхьахь дерг а, цара шапаIат дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхерарх  эгош бу.

29.

Милла велахь а‚ царех олуш: "Со ву дела‚ Иза а воцуш"‚- цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна.

30.

Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшех хоттаделла? Оха уьш къастийра! Хилийтира хих массо дийна хIума. Уьш ца теша-те?

31.

Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх.

32.

Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан /стиглан/ аятех бухарбуьйлуш бу /ойла ца еш/.

33.

Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо шен меттехь нека деш ю.

34.

Оха ца хилийтина адамна хьоьл хьалха а абаде. Ткъа хьо велча уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?

35.

Массо сино Iовшур ду далар. Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питана хилла. Тхуна тIе духадерзор долуш а ду шу.

36.

Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвой бен тIе ца лоцу цара: "ХIара ву шун делий хьехош верг?" Ткъа уьш Къинхетам берг хьехорна керста бу.

37.

Адам кхоьллина сихонах. Гойтур ду Аса шуна Сан делилаш‚ аша Со сих ма ве!

38.

Цара олу: "Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш делахь?"

39.

Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна тIера а, шайн баккъашна тIера а цIе дIа тоьттур йоцу‚ шайна гIо хир доцу хан! /Ма сих дийр дацра цара тIаккха и Делан Iазап/!

40.

ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /Къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ царна могур дац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац.

41.

Сийсазбина элчанаш хьоьл хьалха а. Царех /элчанех/ ца бешаш хиллачарех шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг.

42.

Ахьа ала: "Хьан лардийр ду шу буьйсанна а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорах бухарбевлла.

43.

Я церан делий бу-те уьш юхатухур болуш /Iазапах/ Тхо доцург? Царна могур дац шайна гIо дан а‚ уьш Тхоьх /Тхан Iазапах/ ларор ма бац.

44.

ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна а‚ церан дайшна а шайн тIехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу‚ ткъа‚ тоьлларш?

45.

Ахьа ала: "Баккъалла а, аса шуна кхерам тосу вехьеца. Ца хеза-кх къора болчарна кхайкхам шайна кхерам тосуш".

46.

Хьан Кхиош-кхобучун Iазапан хIо хьакхаро шаьш схьалецча цара эр ду: "Ма /боккха/ бала бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!"

47.

Оха хIиттор ю Къематденна нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац сина /цхьана а/ хIуманца. КIоллан буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан.

48.

Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна.

49.

Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-кхобучух‚ И гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах /кхоьруш/ бегабеш /эгош/.

50.

ХIара /КъурIан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аша цунна инкарло йо?

51.

Оха белира ИбрахIиме а хьалха шен нийса некъ‚ Тхо и вевзаш дара.

52.

Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: "ХIорш хIун суьрташ ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?"

53.

Цара элира: "Тхуна тхан дай а карийна-кх царна Iибадат деш".

54.

Цо элира: "Шу а‚ шун дай а хилла-кх билгалчу тиларчохь".

55.

Цара элира: "Хьо тхуна веъна-те бакъдолчуьнца‚ я хьо забар ечарех ву-те?!"

56.

Цо элира: "ХIаъ‚ шун Кхиош-кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарех ву.

57.

Делаца дуй боу аса шун цIушна янне а мекарло йийр ма ю аса шу /царех/ гена девллачул тIаьхьа‚ баккъаш берзийна".

58.

ТIаккха цо царех кийсакаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тIе берза мегара.

59.

Цара элира: "Хьан дина хIара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарех ву-кх!"

60.

Элира: "Тхуна хезира цхьа кIант уьш /вай делий/ хьехабеш‚ цунах ИбрахIим олу".

61.

Элира: "Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара".

62.

Цара элира: "Ахьа дина хIара тхан делашна‚ хIай ИбрахIим?"

63.

Цо элира: "ХIан-хIа. И дина хIокхучарех воккхучо. Аша цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!"

64.

Уьш шайна тIебирзира‚ цара элира: "Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!"

65.

ТIаккха уьш шайн кортошна тIе охьабахийтира: "Хьуна ма хаьий уьш бист ца хуьлий".

66.

Цо /ИбрахIимо/ элира: "Ткъа аша Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумманца а пайда ца бечунна‚ зен ца дечунна?

67.

Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аша Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?"

68.

Цара элира: "Вагаве и /ИбрахIим/‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!"

69.

Оха элира: "ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршо а".

70.

Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло – Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарех.

71.

Оха кIелхьараваьккхира иза а‚ ЛутIа а‚ ша Оха Iаламашна беркате динчу лаьтта.

72.

Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЯIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш.

73.

Оха царех хилийтира тхьамданаш. Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш‚ Оха цаьрга хаийтира диканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а‚ уьш хилира Тхуна Iибадат деш.

74.

ЛутIана а делира Оха хьукма а‚ Iилма а‚ Оха и кIелхьараваьккхира юьртара ша боьханаш деш хилла йолчу‚ баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш.

75.

Оха иза /ЛутI пайхамар/ воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарех ву.

76.

Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха‚ Оха цунна жоп делира‚ кIелхьараваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу баланах.

77.

Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге /хина/ бухабахийтира.

78.

Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукма дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукманан тешаш.

79.

Оха цунах /хьукмех/ кхетийтира Сулейман а. Массарна Оха делира хьукма а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш‚ олхазарш а‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш.

80.

Оха цунна Iамийра шуна бедарш яр‚ цара шу Iалашдархьама шун ницкъах‚ аш баркалла ца олу?

81.

Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох-дарц хуьлуш‚ дIа-схьа лелаш Тхан омраца лаьттахула‚ Оха ша беркате дина хиллачу. Тхо хилла массо хIума хууш дерш.

82.

ШайтIанех а хилла цунна /хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш.

83.

Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Со балано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарех а уггар къинхетам берг ву-кх".

84.

Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бала‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьаьна царах тераниг‚ Тхан гергара къинхетам хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла.

85.

/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифл а‚ массо а собаре хиллачарех бу.

86.

Тхан къинхетамчу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарех бу.

87.

Зун-Нун а‚ дIавахара иза оьгIазвахана‚ цунна моьттура Тхан ницкъ кхочур бац шена тIехь‚ тIаккха цо кхайкхира боданехь: "Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам диначарех".

88.

Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьараваьккхира сингаттамах‚ иштта кIелхьарабоху Оха муъма нах.

89.

Закарийа /хьахаве/‚ цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: "Со Кхиош-кхобушверг‚ ма витахь со цхьан‚ Хьо ирс лучарех уггар диканиг ма вара!"

90.

Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда. Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура догдохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхоьх кхоьруш.

91.

И шен дегI Iалашдинарг а /хьехайе/‚ Оха цу чу Тхан синах хIуп элира‚ цунах а‚ цуьнан кIантах а /массо/ Iаламна делил хилийтира Оха.

92.

Баккъалла а, хIара шун уммат цхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобушверг а ву‚ Суна Iибадат дейша.

93.

Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъира шайн гIуллакх вовшашна юкъахь. Дерриге а Тхуна тIе духадоьрзу.

94.

Диканаш деш верг‚ ша муъма волуш – хир дац цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, тхо цунна яздеш ду.

95.

Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) бухаберза

96.

Яъжуж а‚ Маъжуж а гучубовллалц? Уьш массо гу лакхарчу меттигашкара тIегIертар бу.

97.

Гергаеана бакъйолу ваIда‚ цатешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: "Ма бала бу-кх вайна‚ вай дар-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш".

98.

Баккъалла а, шу‚ Дела а витина‚ аша шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду.

99.

Уьш делий хиллехьара – цу чу гIур бацара‚ массо а цу чохь гуттар лаьттар ву.

100.

Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац.

101.

Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цуьнан /жоьжахатина/ генахь хир бу.

102.

Царна хезар дац цуьнан /жоьжахатин/ шах-ших а‚ уьш шай синошна дезначохь гуттар лаьттар бу.

103.

Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: "ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг".

104.

Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккхур ду иза Тхан тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш.

105.

Оха яздинера Забура чохь хьехамал тIаьхьа: "Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша".

106.

Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана.

107.

Оха ца ваийтина хьо /массо/ Iаламна къинхетам хилла бен.

108.

Ахьа ала: "Суна вехьеца хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла‚ шу муьтIахь хуьлий?"

109.

Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Аса дIакхайкхийна шуьга цхьанисса‚ суна ца хаьа герга ду‚ я гена ду шуна ваIда йинарг.

110.

Баккъалла а, Цунна /Далла/ хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а.

111.

Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьа таттар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ я цхьа хан яллалц бахам а".

112.

Ахьа /хIай пайхамар/ ала: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа де-кха бакъонца хьукма. Тхан Кхиош-кхобург ву Къинхетаме верг‚ Шегара гIо эца дезаш верг аша сипат дечунна тIехь".