20. ТIАХIА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ТIахIа.

2.

Оха ца доссийна хьоьга КъурIан хьо декъаза хилийта.

3.

Хьехам хилла бен‚ ша /Делах/ кхоьруш волчунна.

4.

Ша латта а‚ лекхара стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара/.

5.

Ша къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь нисвелла И.

6.

Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шиннена юккъехь дерг а‚ лаьттан бухахь дерг а.

7.

Ахьа дош чIогIа алахь а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а.

8.

/Цхьа/ Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIераш.

9.

Хьоьга деаний Мусан хабар?

10.

Цунна ма гира цIе‚ тIаккха цо элира шен доьзале: "Шу диса /хIокху меттехь/‚ суна цIе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа алу йохьуш‚ я суна карор бу цIера тIехь нийса некъ".

11.

Иза цунна тIевеъча‚ кхайкхира: "ХIай Муса!

12.

Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дIаяха хьан мачаш – хьо ву ТIува олучу езачу атагIахь.

13.

Аса хьо хаьржина – ладогIа вехьеца дуьйцучуьнга.

14.

Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз хIоттаде‚ Со хьехаван.

15.

Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хIора синна ша тIегIерташ долчуьнца бекхам хилийта.

16.

Хьо цунах вуха ма воккхийла ша цунах ца тешачо‚ шен дезаршна тIаьхьа хIоьттинчо а – тIаккха хIаллакьхир ву хьо.

17.

И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ Муса?"

18.

Цо элира: "И сан Iаса ю‚ со цунна тIетевжа‚ аса цуьнца сан жана гIаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу".

19.

Цо /Дала/ элира: "ДIакхосса и‚ Муса!"

20.

Цо и дIакхоьссира – цунах текхарг хилира чухьодуш.

21.

Цо элира: "Схьаэца и‚ ма кхера!" Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха.

22.

Хьан куьйг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна!

23.

Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех.

24.

Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла".

25.

Цо элира: "Сан Кхиош-кхобург‚ сан дог паргIатдаккхахь‚

26.

Ахьа аттачу  даккха суна сан гIуллакх.

27.

Ахьа бастахьа сан маттах шад.

28.

ТIаккха уьш кхетар бара сан дашах.

29.

Хилийтахь суна гIоьнча сан охIлах‚

30.

ХIарун‚ сан ваша.

31.

Цуьнца сан ницкъ чIагIбехьа.

32.

Суна накъосталла дайтахьа цуьнга сан гIуллакхехь.

33.

Оха Хьуна тасбахь дархьама дуккха а.

34.

Оха Хьо хьехавархьама дуккха а.

35.

Баккъалла а, Хьо хилла-кх тхо гуш верг".

36.

Цо /Дала/ элира: "Хьуна делла айхьа доьхург‚ Муса.

37.

Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьоьх къинхетам‚

38.

Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:

39.

"ТIорказа чу вилла и‚ тIаккха хIорда чу кхосса и. ХIордо юьстаха  кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву". Аса хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама сан бIаьргийн хьалха.

40.

Хьан йиша ма яхара‚ тIаккха цо олу: "Аса тIехьажадой шу и кхобург волчунна?" Оха хьо вухаверзийра хьан нене цуьнан бIаьрг бузо‚ и гIайгIIане ца йожийта а. Ахьа са дира – Оха хьо кIелхьараваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо веара шен хеннахь‚ Муса.

41.

Аса Сайна гIуллакх дан хаьржина хьо.

42.

Хьада‚ гIуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ ашшиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь

43.

ДIагIо ший а ФирIавнна тIе‚ баккъалла  а‚ и тIехваьлла /Делан дозанех/.

44.

Ашшиммо ала цуьнга кIеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала.

45.

Цу шиммо /Мусас а‚ ХIаруна а/ элира: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо кхоьру цо тхуна вас ярна‚ я и тIехваларна".

46.

Цо /Дала/ элира: "Шу /шиъ/ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву.

47.

ДIагIо цунна тIе‚ аш ала: "Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду. ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий а‚ Iазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тIе хьан Кхиош-кхобучуьнгара делилаца. Маршо ю нийсачу новкъа /тIаьхьа/ хIоьттинчунна.

48.

Тхуна вехьеца хаийтина: Iазап хир ду‚ аьлла‚ (цIена Делан дин) харцдинчунна а‚ /оцунах/ вухаваьллачунна а".

49.

Цо /ФирIавнас/ элира: "Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хIай Муса?"

50.

Элира /Мусас/ : "Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо хIуманна кхоллар делларг а‚ тIаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а".

51.

Цо /ФирIавнас/ элира: "Хьалха хиллачу тIаьхьенийн гIуллакх муха ду?"

52.

Элира /Мусас/: "Церан Iилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло.

53.

И ву Ша хилийтинарг шуна лаьттах ага‚ Цо шуна цу чухула некъаш дехкина‚ Цо даийтина стиглара хи". Оха дехна цуьнца (хица) шиш кепара тайп-тайпана ораматаш.

54.

Даа шайна а‚ даьхний а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна.

55.

Цунах Оха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу духадерзош ду‚ цунах Оха шу арадохур долуш ду кхин а цкъа.

56.

Оха цуьнга /ФирIавне/ гайтира Тхан дерриге делилаш – цо харц дира‚ цо тIе ца ийцира /уьш/.

57.

Цо элира: "Хьо веъна тхо тхан лаьттах даха хьан бозбуанчаллица‚ хIай Муса?

58.

Оха лур ма ду хьуна цунах терра бозбуанчалла. Хан тоха тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а йохор йоцуш‚ ахьа а – юккъера меттиг /массарна тIе бан атта йолу меттиг харжа вайна къовса/".

59.

Цо /Мусас/ элира: "Хан ю шуна – хаздаран де‚ Iуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гIеххьа хьалбаьлча/ нах гулбалар а".

60.

Вухавелира ФирIавна‚ шен мекарло гулйира‚ тIаккха веара.

61.

Цаьрга Мусас элира: "Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тIехь харцдерг – Цо Iазап доуьйтур ду шуна. ХIаллакьхилла харцдерг кхоьллинарг".

62.

Цара къийсира шайн гIуллакх вовшашлахь‚ къайлах кхеташо йира.

63.

Цара элира: "ХIара шиъ бозбуанчаш ма бу. Цу шиннена лууш ду шу шайн лаьттах арадаха шайн шиннен бозбуанчаллица‚ шун масал хилла долу некъ дIатилабан лууш ма бу уьш.

64.

ДIагулъе шайн мекарло‚ тIаккха цхьа могIа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг".

65.

Цара элира: "ХIай Муса‚ я ахьа кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?"

66.

Цо элира: "ХIан-хIа‚ кхосса аша!" ТIаккха церан машшаш а‚ церан Iасанаш а цунна хаалора церан бозбуанчаллица тIекхиссалуш.

67.

Мусас шегахь кхерам лайра.

68.

Оха элира: "Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву лакхахь верг.

69.

Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуанчийн мекарло. Воккхавуьйр вац бозбуанча миччахьара веъча а.

70.

Бозбуанчаш суждане бегийра. Цара элира: "Оха иман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга".

71.

Цо /ФирIавнас/ элира: "Аша иман дилли Цуьнга аса шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг ву иза ша шуна бозбуанчалла Iамийнарг. Аса хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ аса ирх кхазор ма ду шу хурманан дитташна тIехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхоьх Iазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а".

72.

Цара элира: "Тхуна цкьа а хьо дукхавезар ма вац тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а. Сацамбе айхьа сацамбеш берг. Ахьа сацам бийр бу деккъа дуьненан дахаран.

73.

Баккъалла а, Оха иман дилли тхан Кхиош-кхобучунна‚ Цо тхуна гечдархьама тхан гIалаташ а‚ ахьа тхо ницкъ шена тIедахийтина бозбуанчалла а. Дела – дика а ву‚ уггар вуха вуьсург а ву".

74.

Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тIе къинош дина вогIург – цуна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац.

75.

Цуьнан /Далла/ тIе муъма хилла вогIург а‚ ша дика Iамалш а йина – уьш бу шайна лаккхара даржаш дерш –

76.

Iаднан бошмаш‚ шайн бухахула татолаш оьхуш – цу чохь уьш гуттар лаьтташ. И бу бекхам ша цIанвеллачунна.

77.

Оха вехьеца хаийтира Мусага: "Аравала Сан лешца буьйсанна‚ хилийта царна хIордан чохь некъ бекъаберг‚ ма кхералахь /уьш хьайна/ тIекхиарх‚ ма кхералахь /кхечу бохамах а/.

78.

Царна тIаьхьавелира ФирIавн шен эскарца – уьш схьалийцира хIордах лоцучо.

79.

Тилира ФирIавнас шен нах‚ нийсачу новкъа ца бехкира.

80.

ХIай Исраилан кIентий! Оха кIелхьарадехира шу шун мостагIчух‚ ваIда йира /шуьца цхьаьнакхетта/ ламанан аьтту агIорахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а.

81.

Даа Оха шайна деллачу рицкъанх цIенаниг‚ тIех ма довлалаш /дозанех/ цу тIехь – тIаккха Сан оьгIазло хьаьрчар ю шух‚ шех Сан оьгIазло хьаьрчинарг – хIаллакьхилла.

82.

Баккъалла а, Со ву тIеттIа гечдийриг ша тоба диначунна‚ иман диллинчунна‚ дика Iамал йиначунна – тIаккха нисвеллачунна.

83.

"Хьо стено сихви хьан къомах‚ хIай Муса?".

84.

Цо элира: "Уьш дIогахь бу сан тачанах /богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIе‚ сан Кхиош-кхобушверг‚ Хьо реза хилархьама".

85.

Цо /Дала/ элира: "Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам Хьоьл тIаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс".

86.

Муса шен къомана тIе вухавирзира оьгIазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: "ХIай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера‚ ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун Iазап хьарча – аша йохий сан ваIда?"

87.

Цара элира: "Оха ца йохийра хьан ваIда тхан ницкъаца‚ делахь а тхоьга схьабаийтира къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс".

88.

Цо царна эса даьккхира дегIаца шен Iехар а долуш‚ тIаккха цара элира: "ХIара шун Дела ву‚ Мусан а Дела ву‚ цо /Мусас/ вицвина /и шен Дела‚ дIавахана/".

89.

Царна ца го-те цо /эсо/ царна дош а духа ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

90.

Цаьрга ХIаруна а ма элира хьалха: "ХIай къам‚ шу цуьнца питане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Рахьман ву‚ суна тIаьхьа хIотта‚ сан омрана муьтIахь хила".

91.

Цара элира: "Тхо совцур дац цунна Iибадат дечух тхуна тIе Муса вухаверззалц".

92.

Цо элира: "ХIай ХIарун‚ хьуна стено новкъарло йи  уьш тилабелла гича

93.

Суна тIаьхьа хIотта? Сан омрана Iеса хилла хьо?"

94.

Цо /ХIаруна/ элира: "ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахьа аларна: "Исраилан кIентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь".

95.

Цо элира: "Хьан хIун бала бу‚ хIай Самирий?".

96.

Цо элира: "Суна гира царна ца гинарг: аса схьалецира элчанан тачех цхьа кана‚ и кхоьссира аса‚ иштта хаздира суна сан сино".

97.

Цо /Мусас Самирийчуьнга/ элира: "ДIагIо! Хьуна /дуьненан/ дахарехь хир ду /таIзар/‚ ахьа олуш: "Ма хьакхало /соьх/". Хьуна тоьхна хан ю‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву чим бина хIорда чохь".

98.

Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела воцу‚ массо хIума чулаьцна цо Iилмаца".

99.

Иштта Оха дуьйцу хьоьга хабарех ша хьалхадахнарг‚ Оха делира хьоьга Тхан гергара дагадайтар.

100.

Цунах дIакъаьстинарг‚ милла велахь а‚ – баккъалла а, цо хьур ма бу Къематдийнахь /къинойн мохь/.

101.

Гуттар лаьтташ цу /жоьжахати/ чохь – вон хили царна  Къематдийнахь мохь.

102.

Оцу дийнахь сур локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш /бIаьргаш/ сенбелла.

103.

Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: "Аша-м ца даьккхира /цигахь/ итт /де/ бен".

104.

Тхо дика хууш ду цара олург. Царех леларца уггар тоьллачара эр ду: "Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина".

105.

Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахьа ала: "Дохийна даржор ду уьш сан Кхиош-кхобучо.

106.

Дуьтур ду Цо уьш нийса еса меттиг хилла.

107.

Хьуна гур яц цигахь лохе а‚ лакхе а.

108.

Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуттур бу кхойкхучунна‚ шех юьстах бовлийла доцуш‚ аьзнаш мукIар хир ду Къинхетам болчуьнан‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен.

109.

Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIато Къинхетам болчо Шена пурба деллачунна бен‚ Шен дашна реза хиллачунна бен.

110.

Цунна /Далла/ хаьа царел хьалха хилларг а‚ царел тIаьхьа хин дерг а‚ уьш тIаьхьа кхуьур бац Цунах Iилманца.

111.

Яххьаш мукIар хилира Ша дийнаволчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ хIоьттийнаволчунна /Далла/, дог диллина висира зулам деанарг /Делаца накъост лаьцнарг/.

112.

Ша диканаш динарг‚ ша муъма волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а.

113.

Иштта охьадоссийра Оха и Iарбийн Дешар дина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллак хилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла.

114.

Лакхахь ву Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло КъурIанца хьайга Цуьнан вехьи чекхдаллалц‚ ала: "Со Кхиош-кхобушверг‚ совваккха со Iилманца".

115.

Оха ваIда йинера хьалха Адамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла.

116.

Оха аьллера маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира - Иблис доцчо‚ – и дуьхьалделира.

117.

Оха элира: "ХIай Адам‚ баккъалла а, хIара /Иблис/ мостагI ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тIаккха дакъазвер ву хьо.

118.

Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тIерза вуьсийла а дац.

119.

Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац".

120.

ШайтIа тIедирзира цунна /тилаван/‚ элира: "ХIай Адам‚ аса тIенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тIе?"

121.

Цара шиммо цунах кхаьллира /стом/ – тIаккха царна шиннена шаьшшиннан эхье меттигаш гучуевлира – уьш болабелира шайна тIе ялсаманин гIаш летадан. Адамо Iесалла йира шен Кхиош-кхобучунна‚ – и тилавелира.

122.

ТIаккха шен Кхиош-кхобучо хаьржира иза‚ гечдира цунна‚ нисвира /нийсачу новкъа/.

123.

Цо /Дала/ элира: "Охьадисса цу чуьра дерриге а‚ вовшашна мостагIий а хилий. Шуьга беъча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и тилалур вац‚ и декъаза вер вац.

124.

Со хьехорах вухаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан‚ Оха гулвийр ву и Къематдийнахь бIаьрса а доцуш.

125.

Цо элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хIунда гулвина со бIаьрса а доцуш‚ со бIаьрса долуш ма вари-й?"

126.

Цо /Дала/ элира: "Иштта деара хьоьга Сан аяташ – ахь уьш дицдира. Иштта тахана хьо вицвийр ву".

127.

Иштта бекхам бо Оха тIалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Iазап мелхо а чIогIа а ду‚ /ханна/ деха а ду.

128.

Уьш нис ца бина-те Оха шайл хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша? – церан бахамашкахула лелаш ма бу уьш! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду‚ хьекъал долчарна.

129.

Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара и хилаза цадериг дара – Хан ю цIе тоьхна.

130.

Ахьа собарде цара дуьйцучунна тIехь‚ хьан Кхиош-кхобучунна тасбахь де малх схьакхетале а‚ и дIабузале а. Буьйсанан заманашкахь а тасбахь де‚ дийнан тIегIешкахь а‚ – хьо реза хила там бара.

131.

Хьан бIаьргаш данне а ма кхийдаде Оха царех шайна ниIмат деллачу марий-зударшка – дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цу чохь Оха зерхьама. Хьан Кхиош-кхобучун рицкъа дика а‚ мелхо а ханна деха а ду.

132.

Омра де хьан охIле ламаз де‚ алий‚ цу тIехь собаре хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъа. Оха лур ду хьуна рицкъа. ТIаьхье – /Делах/ кхерарехь ю!

133.

Цара элира: "Цо /пайхамара/ деанехьара вайга шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?" Цаьрга ца еана‚ ткъа‚ билгало хьалхарчу жайнашкахь?

134.

Оха уьш хIаллакбинехьара Iазапца цул /пайхамарал/ хьалха‚ цара эр ма дара: "Тхо Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа ваийтинехьара тхоьга элча – тхо тIаьхьахIуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо сийсаза хилале‚ тхо юьхьIаьржа хIоттале?"

135.

Ахьа ала: "Массо а хьоьжуш ву‚ хьежа шу а‚ тIаккха тIаьхьа хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш".