17. АЛЬ-ИСРАЪ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Вонах цIена ву Иза‚ Ша Шен лай буьйсанна /кхарста/ ваьккхина волу Дезачу Маьждигера Генарчу Маьждиге‚ Оха шен гонехь беркате дина долчу‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а.

2.

Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кIенташна‚ Со воцург кхин векал ма лаца‚ аьлла.

3.

Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зуьрет ду иза. Баккъалла а, иза /Нухь пайхамар/ хили баркате лай.

4.

Оха сацамбира Исраилан кIенташна жайна чохь: "Данне а боьханиг дийр ду аша лаьтта тIехь шозза‚ курадевр ду шу йоккхачу кураллица"‚- аьлла.

5.

Цу шиннех хьалхара ваIда еъча‚ Оха шуна тIе бахийтира Тхан леш‚ шайгахь чIогIа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш цIенойн юккъехула‚ ваIда кхочушхилира.

6.

ТIаккха Оха шуна бухаберзийра царна тIехь толам‚ гIо дира шуна хьолаца а‚ кIенташца а‚ шух хилийтира вуно дукха эскар.

7.

Аша диканиг дича – аша диканиг дина шайна‚ аша вониг дича – иза а шайна ду. /Делан/ шолгIа ваIда кхочушхилча – /Дала кхин мостагIий тIекхиссира шуна/ цара шун яххьаш вон ян‚ маьждига уьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола деънарг.

8.

Шун Кхиош-кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти.

9.

Баккъалла а, хIокху КъурIано нисво ша уггар нийса долчунна тIе‚ кхаъ боккху муъма нахана‚ шаьш диканаш деш болчу‚ шайна йоккха ял хиларца.

10.

Эхартах цатешаш берш – Оха царна кечдина лазош долу Iазап.

11.

Адамо вониг доьхуш доIа до, ша диканиг доьхуш доIа деш санна. Адам хилла сиха.

12.

Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши делил. Буьйсанан делил дIадоккху Оха‚ дийнан делил хуьлуьйту гуш шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-кхобучуьнгара комаьршаллах /рицкъа/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо хIума къастийна Оха къастамца.

13.

Массо стагана дихкина Оха шен хьоза цуьнан логах. Оха цунна Къематдийнахь жайна арадоккхур ду – цо лоцур ду иза схьадаьржина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цуьнан хьалхахь хир ду къематдийнахь).

14.

"Деша хьан жайна. Хьуо хьайх кхачо хили хьуна тахана хьесапна" /эр ду цуьнга/.

15.

Нисвелларг – шена нислуш ву. Тилавелларг а – шена тилалуш ву. Хьур бац хьочо кхечуьнан мохь. Тхо ца хилла Iазап деш Оха элча вахийтталц.

16.

Тхуна цхьа юрт хIаллакхьян лиъча‚ Оха омра до цуьнан хьалдолчаьрга‚ – цара цу чохь боьханиг до‚ тIаккха оцу тIехь дош бакъхуьлу – тIаккха Оха иза йохайо.

17.

Маса хIаллакйина Оха тIаьхьенаш Нухьал тIаьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лайн къинош хууш а‚ гуш а хилар.

18.

Милла а хиллехь дезаш сиханиг – сихдина Оха цунна цу чохь Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тIаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати – чувулур ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ эшийна а волуш.

19.

Милла а велахь дезна тIаьхьарниг‚ цунна тIегIиртинарг шен гIертарца ша тешна а волуш – уьш бу шайн дIагIертар баркалле хилларш.

20.

ХIоранна а ло Оха – хIокхарна а‚ вукхарна а – хьан Кхиош-кхобучун ниIматах. Хьан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хилла дихкина.

21.

Хьажал‚ муха базбина Оха царех цхьаберш вукхарна тIехь! Ткъа эхарт - даржах уггар доккханиг ду‚ дозаллах уггар докханиг ду.

22.

Делаца кхин дела ма хилийта – тIаккха хьо охьахуур ву бехке хилла‚ гIо доцуш висина.

23.

Хьан Кхиош-кхобучо омра дина: аш Iибадат ма делаш Цунна а бен‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царех цхьаъ я ший а къеналлина тIекхачахь‚ ахьа цаьрга шиннге ма алалахь: "Уффай!"‚ дIа ма къахкхолахь и шиъ‚ ахьа алалахь цаьрга шиннега хаза дош.

24.

Ахьа охьабахийта царна шиннена къинхетамах муьтIахь хиларан тIам‚ ала: "Сан Кхиош-кхобушверг‚ къинхетам бехьа царех шиннех‚ цара шиммо жима волуш со кхиоре терра".

25.

Шун Кхиош-кхобург дика хууш ву шун синошкахь дерг. Шу дика хилахь – баккъалла, Иза хилла /цIена тоба дарца/ Шена тIебоьрзучарна гечдеш.

26.

Гергарчунна шен хьакъ дIало‚ мискачунна а‚ некъан накъостана а /дIало церан хьакъ/‚ дайа ма дайа /шайн хIума/ эрна.

27.

Эрна дойуш берш хилла шайтIанийн вежарий‚ ткъа шайтIа шен Кхиош-кхобучунна керста хилла.

28.

Нагахь хьо царех верзанне а дIаверзахь, хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам лоьхуш‚ ахьа цуьнга дог дохуш‚ ахьа цаьрга алалахь дайа дош.

29.

Ма де хьайн куьг хьайн логах дихкина‚ даржа а ма де и массо даржорца - охьа хуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гIайгIане а вахана.

30.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо рицкъа даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш бевзаш а‚ гуш а.

31.

Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш – Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гIалат.

32.

Зинанна герга ма гIолаш‚ баккъалла а, и хилла ирчаниг‚ и хилла боьханиг.

33.

Ма дайалаш са‚ Дала Ша хьарам дина долу‚ де хьакъ доцуш. Шена зулам деш винарг – Оха цуьнан валина /ирс оьцучунна/ бакъо елла /чIир эца/‚ байарехь тIех ма волийла иза. Баккъалла а, иза хилла шена гIо динарг.

34.

Шу герга ма гIолаш буоберан дохнна уггар хазачуьнца бен‚ и воккха хиллалц‚ Iалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чIагIонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. /Дала жоп доьхур ду цунах/.

35.

Нийсо е юстарехь шаьш юстуш‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тIаьхьенгахь.

36.

Хьо тIаьхьа ма хIотталахь хьайна шегахь Iилма доцучунна. Баккъалла а, лерса а‚ бIаьрса а‚ дог а – уьш дерриге а хилла цунах жоьпалле.

37.

Ма лелалахь лаьтта тIехь воккхавуьйш – баккъалла а, ахьа лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!

38.

Массо оцуьнан вониг хьан Кхиош-кхобучунна гергахь ца дезаш хилла.

39.

И ду хьан Кхиош-кхобучо хьоьга вехьица хаийтинчу хьикматах. Ма хилийта Делаца кхин дела – тIаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла‚ эшийна а волуш.

40.

Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-кхобучо кIенташца‚ Шена маликех зударий лаьцна? Баккъалла а, шу олуш ма ду доккха /къине/ дош.

41.

Оха /массо хIума/ билгалдина хIокху КъурIан чохь цаьрга дагадаийтархьама – цо-м уьш алсам ца боху (бакъдолчух) дIакъахкарций бен.

42.

Ахьа ала: "Цуьнца кхин делий хилча а‚ цара ма-бохху – Iарш йолчунна тIе некъ лохур ма бара цара".

43.

Вонах цIена ву Иза‚ лаккхавели Иза цара дуьйцучух дукха лекха.

44.

Цунна тасбахь деш ю ворхI стигал а‚ латта а‚ царна чохь верг а‚ Цуьнан хастамца тасбахь ца деш хIумма а яц‚ делахь а шу ца кхета церан тасбахьах. Баккъалла а, Иза хилла дукха собаре а‚ гечдийриг а.

45.

Ахьа КъурIан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулъелла дуьхьало.

46.

Оха йина церан дегнашна тIехь гIат, уьш цунах /КъурIанх/ цакхетархьама‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахьа хьехийча хьан Кхиош-кхобушверг КъурIан чохь веккъа Ша цхьаъ‚ уьш бухабовлу (бакъдолчух) къехкаш.

47.

Тхо дика хууш ду цара шега ладугIург, хьоьга шаьш ладугIуш болуш – къайлах хабар дуьйцуш а‚ зуламхоша олуш а: "Шу тIаьхьа хIуьттуш ма ду шегахь бозбуанчалла долчу стагана".

48.

Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ца могу царна /нийса/ некъ /карон/.

49.

Цара элира: "Тхоьх даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду керла халкъ а хилла?"

50.

Ахьа ала: "Шу а хила тIулг я эчиг‚

51.

Я кхоллар‚ ша доккха хуьлуш‚ шун дегнашкахь /иза а дендийр ду/". ТIаккха цара эр ма ду: "Хьан /дендина/ духадерзор ду вай?" Ахьа ала: "Дуьххьара шу кхоьллинчо". ТIаккха цара шайн кортош хьавзор бу хьоьгахьа‚ эр ду: "Маца ду иза?" Ахьа ала: "Иза кеста хила тарло".

52.

Оцу /къемат/ дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аша Цуьнан хастамца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кIеззиг бен ца лаьттира‚ аьлла.

53.

Ахьа ала Сан лешка‚ цара олийла уггар хазаниг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов кхуьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна билггала мостагIа хилла.

54.

Шун Кхиош-кхобушверг шу дика девзаш ву. Шена лаахь къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал хилла.

55.

Хьан Кхиош-кхобушверг дика хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарел‚ Оха делла Давуде Забур.

56.

Ахьа ала: "Аша кхайкха шаьш И /АллахI-Дела/ витина делий бу бохучаьрга /шайна гIо де алий/". Церан долахь ма дац шуна тIера зен айдар а‚ /хIумма/ хийцар а.

57.

Цара шайга кхойкхуш берш шаьш а бу шайн Деле некъ лоьхуш‚ царех вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу цуьнан Iазапах. Баккъалла а, хьан Делан Iазап хилла шех ларлуш.

58.

Ма яц цхьа а юрт Оха хIаллакйийрйоцуш Къематде дале‚ я Оха шена чIогIа Iазап дийрдоцуш. И хилла жайнахь язделла.

59.

Тхо духа ца тоьхна Оха аяташ доссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха елира самудашна эмкал гуш йолуш‚ цара цуьнца зулам дира. Оха ца боссабо аяташца кхерам бен.

60.

Оха ма элира хьоьга: "Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо нахах гуо биллина". Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гар нахана питана бен‚ КъурIан чохь шена неIалт аьлла долу дитт а‚ Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен.

61.

Оха ма элира маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира, иблис доцчо. Цо элира: "Аса сужд до, ткъа, Ахьа поппарх кхоьллинчунна?"

62.

Элира /иблисо/: "Гой хьуна хIара Ахьа суна тIехь сийлахь винарг? Ахьа со тIаьхьататтахь Къематде даллалц‚ цуьнан зуьрет тилор ма ду аса‚ кIеззиг берш боцурш".

63.

Цо /Дала/ элира: "ДIадала! Царех хьуна тIаьхьа милла хIоттахь,– баккъалла а, жоьжахати ю-кх шун кхоччуш бекхам".

64.

Кхерабе царех хьайна могурш хьайн озаца‚ тIекхосса царна хьан дошлой а‚ гIашлой а‚ дакъалаца цаьрца дохнехь а, доьзалшкахь а‚ ваIда йе царна! ШайтIано ваIда ма ца йо царна, Iехор бен.

65.

Баккъалла а, Сан лай, царна тIехь бакъо яц хьан. Кхачамбина векал хиларца хьан Кхиош-кхобучуьнца.

66.

Шун Кхиош-кхобург ву Ша лелош верг шуна хIордан чохь кема шуьга лехийта Цуьнан комаьршаллах. Баккъалла а, Иза хилла шух къинхетаме.

67.

Шу зено схьалаьцча а хIорда чохь‚ дIа ма тилий и аша шайга кхойкхуш берш, Иза витина. ТIаккха Цо шаьш кIелхьарадаьхча аренна тIе – шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалла доцуш.

68.

Шу тешна хили-те Цо шуьца аренан цхьа агIо хьулйийриг цахиларх‚ я Цо шуна тIе дарц доссориг цахиларх? ТIаккха шуна векал карор ма вац.

69.

Я шу тешна ду-те Цо шу цунна (хIорда) чу /цкъа шун доIа бахьанехь Оха арадаьхначул тIаьхьа/ кхин цкъа а дерзориг ца хиларх‚ тIаккха шуна тIе механ дарц доссош – цо шу дIахьур ду шу цатешаш хиларна. ТIаккха шуна карор вац шайна Тхуна тIехь цуьнца тIаьхьаваьлларг.

70.

Оха сийдина Адаман кIенташна‚ Оха лелийна уьш аренгахь а‚ хIорда чохь а‚ рицкъа делла царна цIеначух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу дуккхачарех базбарца.

71.

Оцу /къемат/ дийнахь Оха кхойкхур ду массо нахе шайн имамаца. Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь – цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац.

72.

ХIоккхахь бIаьрса доцуш милла хиллехь – иза эхартахь а бIаьрса доцуш ву‚ новкъаца уггар тилавелларг а ву.

73.

Уьш герга хилира Оха хьайга вехьица доссийначух хьо дIатилаван хьоьга Тхуна тIехь кхидерг кхоллийтархьама. ТIаккха хьо доттагI лаьцна хир ма вара цара!

74.

Оха хьо чIагIвина ца хиллехьара‚ хьо герга вара жимма царна тIетовжа.

75.

ТIаккха Оха хьоьга Iовшийтина /Iазап/ хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тIаккха хьуна Тхуна тIехь гIоьнча карор ма вацара.

76.

Уьш кийча бара хьуна лаьттара (Маккара) кхерам таса‚ хьо цу чуьра (Маккара)  араваккхархьама. ТIаккха хьоьл тIаьхьа уьш кIеззиг бен лаьттар ма бацара (Дала Iазап дийр ду царна).

77.

Оха хьоьл хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Iадатехь ду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Iадатна хийцар.

78.

Ахьа ламаз хIоттаде малх дIакховдарна‚ буьйсанан бодашка кхаччалц‚ сатасаран КъурIан а /деша/. Баккъалла а, сатасаран КъурIан хилла шена тешалла долуш.

79.

Буьйсанах а – ахьа къахьега хьайна цуьнца сов ламазаш дарца – хьан Кхиош-кхобучо хьуна хастаме меттиг йоссо тарло.

80.

Ахьа ала: "Сан Кхиош-кхобушверг! Чу вилла со бакъдолчу чугIойлина‚ араваккха со бакъдолчу араволийлийна‚ хилийталахь суна гIоьнна Хьан гергара бакъо".

81.

Ахьа ала: "Бакъдерг деъна‚ харцдерг дайна". Баккъалла а, харцдерг довш хилла.

82.

Оха доссадо КъурIанах муъма нахана дарба а‚ къинхетам а берг. Зуламхошна – цо дараш бен сов ца доху.

83.

Оха адамна ниIмат делча – и вухаваьлла‚ гена ваьлла‚ ша воно схьалаьцча и хили догдиллина.

84.

Ахьа ала: "Массо ву Iамал еш шен новкъа". Шун Кхиош-кхобург дико хууш ву новкъаца /массарел/ нисвелларг милла велахь а.

85.

Цара хьоьга хоьтту сих /лаьцна/.Ахьа ала: "Са сан Кхиош-кхобучун гIуллакхах ду. Шуна Iилма кIеззиг бен ца делла".

86.

Тхуна лиънехьара‚ Оха дIадаьккхина хир дара хьоьга Оха вехьица делларг – тIаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тIехь векал.

87.

Хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам а бен. Цуьнан комаьршалла хьуна тIехь йоккха хилла.

88.

Ахьа ала: "Адамаш а‚ жинаш а гулделча хIокху КъурIанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царех цхьаберш вукхарна гIоьнчий хилча а".

89.

Оха хIокху КъурIан чохь нахана къастийначу хIора масалх‚ дукхахболу нах керстаналла бен /къобалдан/ дуьхьал хилира.

90.

Цара элира: "Тхо тешанне а тешар ма дац хьоьх ахь лаьттах тхуна хьоста дада ца дахь‚

91.

Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цуьнан юккъехула татолаш ца даладахь ахьа далорца‚

92.

Я стигале тхуна тIе ахьа кескаш ца кхиссийтахь‚ хьайна ма моьтту‚ я ахьа Дела а‚ маликаш а ца даладахь тхуна хьалха‚

93.

Я хьуна дашо цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахьа тхуна жайна доссолац‚ Оха ша доьшуш а долуш". Ахьа ала: "Вонах цIена ву сан Кхиош-кхобург‚ со хиллий, ткъа, адам а‚ элча а бен?"

94.

Нах духа ца тоьхна тешарах цаьрга нийса некъ беъча‚ шаьш аларо бен: "Адам доуьйту, ткъа, Дала элча хуьлий?"

95.

Ахьа ала: "Лаьттахь маликаш хиллехь лелаш паргIатдевлла‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик элча а хилла".

96.

Ахьа ала: "Дала кхачойина теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш бевзаш а‚ гуш а".

97.

Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна карор ма бац царна Иза воцург гIоьнчий. Оха гулбийр бу уьш Къематдийнахь шайн яххьаш тIехь бIаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугIойла – жоьжахати ю. И ма яйнехь‚ Оха цIе тIетуху.

98.

Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех цатешаш хиларна а‚ цара аларна а: "Тхо даьIахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?"

99.

Царна ца го-техьа и Дела‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу‚ ницкъ кхочушхилар и саннарг юхакхолла‚ Цо царна Iожалла хилийтина‚ шегахь шеко йоцуш‚ зуламхой керстаналла бен /къобалдан/ дуьхьал хилира.

100.

Ахьа ала: "Шу хилча а сан Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бIаьрмециг хир ма дара шу уьш шайгара дIадаларна кхоьруш. Адам хилла пис.

101.

Оха делира Мусага исс билгала долу делил. Ахьа хаттал Исраилан кIенташка‚ иза цаьрга веъча‚ цуьнга ФирIавнас элира: "Суна хьо моьттуш ву‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуанчалла дина верг ву".

102.

Цо элира: "Хьуна хиъна: хIорш ца доссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а хилла‚ суна хьо моьттуш ву хьуна‚ хIай ФирIавн‚ хIаллакьхилла".

103.

ТIаккха цунна /ФирIавнна/ лиира уьш /Исраилан кIентий/ лаьттара лелхабан‚ Оха иза а‚ цуьнца верг массо а хина буха вахийтира.

104.

Оха элира цул тIаьхьа Исраилан кIенташка: "Лаьттахь даха‚ эхартан ваIда еъча‚ Оха шу далор ду /Далла хьалха/ массаьрца а".

105.

Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /КъурIан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза. Хьо ца ваийтина Оха хаамча а‚ кхерамча а бен.

106.

КъурIан а деъна Оха хьоьга и дешийтархьама нахана паргIат‚ Оха и доссийна кIез-кIеззиг доссорца.

107.

Ахьа ала: "Теша цунах‚ я ма теша. Баккъалла а, шайна Iилма делларш цул хьалха и шайна тIехь доьшуш чIенгийн тIе гуора оьгу.

108.

Цара олу: "Вонах цIена ву тхан Кхиош-кхобург‚ тхан Кхиош-кхобучун ваIда кхочушхилла".

109.

ЧIенгашна тIе бега уьш боьлхуш‚ Цо уьш совбоху /Далла/ муьтIахь хиларца.

110.

Ахьа ала: "Аша кхайкха /Деле/ АллахI алий‚ я Къинхетаме верг алий. Аша муьлхачуьнца кхайкхахь а - /дика ду/‚ Цуьнан хаза цIераш ю". Хьан ламаз дукха чIогIа ма де‚ сов меллаша а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна.

111.

Ахьа ала: "Хастам бу Далла доьзалхо ца лаьцначу‚ шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост ца хиллачу‚ сийсазаллах /ларван/ гIоьнча а ца эшна Цунна". Воккха виэ Иза воккхаварца!