16. АН-НАХЬЛ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Делан омра кхаьчна (герга деъна къематде хIоттар)‚ и сихдар ма дехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ гена лекха ваьлла Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.

2.

Маликаш диссадо Цо Шен омраца Шен лех Шена луучуьнга "Аша дIахьеде Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш"‚- олий.

3.

Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а хьакъ-бакъ‚ лекха вели И цара /Шеца/ накъост лацарх.

4.

Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггала мостагI ву-кх /керста, Далла инкарло еш волу/.

5.

Даьхний – Цо кхоьллина уьш. Шуна царна чохь йовхо а ю‚ пайданаш а бу‚ царех аша дуу.

6.

Шуна царна чохь хазалла ю, аша чулохкучу хенахь а‚ аша дажа арадохуш а.

7.

Шун маххьаш дIахьо цара махка‚ шу цига кхочур доцчу, чIогIа хала а бен. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву.

8.

Говраш а‚ вир-бIарзанаш а‚ варраш а шу шайна тIеховшархьама а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а.

9.

Делан тIехь ду /стаг/ нийсачу новкъа нийсвар‚ цунах (некъах) бу (бакъдолчух) дIаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа дехкина хир дара Цо.

10.

И ву Ша стиглара хи доссийнарг‚ шуна цунах малар а ду‚ цунах дитташ а ду‚ шен чохь аша бежнаш дажош.

11.

Цуьнца Цо шуна долуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду, ойла ечу нахана.

12.

Шуна муьтIахь йина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а муьтIахь ду Цуьнан омраца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, хьекъале болчу нахана.

13.

Цо шуна лаьттахь яржийна хIуманаш (динаташ, ораматаш…) /муьтIахь йина шуна/‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх, дагадойтуш болчу нахана.

14.

И ву шуна муьтIахь бинарг хIорд. Аша цунна чуьра керла жижиг даархьама‚ шуьга цунна чуьра жовхIарш арадахийтархьама‚ аша шаьш тIеухкуш долу. Хьуна го кема лелаш цунна чухула, аша Цуьнан комаьршаллих /хIуманаш/ лахархьама‚ шу хир дацара-те баркалла олуш.

15.

Лаьтта лаьмнаш дихкира Цо, иза шуьца ца лестийтархьама‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нийслур дацара-те (шайна Iалашонашна тIе).

16.

Iаламаташ а /хилла/‚ седарчашца уьш нийслур бацара-те (буьйсана шаьш баха безачу).

17.

Ша кхуллург ца кхуллучух тера ву-те? Аша ойла ца йо-те?

18.

Аша Делан ниIмат дагардахь – хьесап далур дац шуна Цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

19.

Далла хаьа аша къайладоккхуриг а‚ аша дIахьедориг а.

20.

Дела воцуш шайга кхойкхуш берш – цара хIумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу.

21.

Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ шаьш маца дендийр ду.

22.

Шун дела цхьа Дела ву. Шаьш эхартах цатешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла бу уьш.

23.

Шеко йоцуш, Далла ма хаьа аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедийриг а. Баккъалла а, Цуна ца беза курабовлурш.

24.

Цаьрга аьлча: "ХIун доссийна шун Кхиош-кхобучо?"‚ олу: "Хьалхалерачийн туьйранаш".

25.

Цара дIахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш Къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийнчийн цхьаболу мохь а. Вон ца хили цара дIахьош ерг!?

26.

Царел хьалха хиллачара а мекарло йира – дIаяьхьира Дала церан гIишло буххашкара‚ тхов тIебожийра царна шайна тIехула‚ Цо Iазап даийтира царна шайна ца хуучухула.

27.

ТIаккха Къематандийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр ду: "Мичахь бу Сан "накъостий"‚ шаьш бахьанехь аша /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?" Шайга Iилма деллачара эр: "Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚

28.

Маликаш болуьйтуш болчу шайн синошна зулам дечу хьолехь". ТIаккха муьтIахь хилира уьш: "Тхо дацара вониг деш". ХIаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аша деш хилларг.

29.

"Чу гIуо жоьжахатин неIаршкахула‚ гуттар лаьтташ цу чохь. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугIойла".

30.

/Делах/ кхийринчаьрга элира: "ХIун доссийна шун Кхиош-кхобучо?"‚ цара элира: "Диканиг". Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан цIа-м дикох ду. Ма дика ду-кх /Делах/ кхоьручеран цIа!

31.

Iаднан бошмаш – царна чу гIур бу уьш – царна бухахула татолаш оьхуш. Царна цу чохь шайна езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна‚

32.

Шаьш маликаша болуьйтуш болчу цIеначу хьолехь‚ олуш: "Маршалла ду шуьга! Чу гIуо ялсаманина, шаьш /дика/ Iамал еш хиларна".

33.

Уьш /керстанаш/ хьоьжуш бу-те шайга маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-кхобучун омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а шайна зулам деш хилира уьш.

34.

Шаьш дина вонаш кхиира царех‚ шаьш ца дешаш хилларг хьакхаделира царех.

35.

/Делаца/ накъост лаьцначара элира: "Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха". Иштта /хьукма/ дора царел хьалха хиллачара а. Элчанийн тIехь ду-й, ткъа, билгала дIакхачор бен?

36.

ХIора умматана Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ ТIагIутах гена довла‚ аьлла. Царех Дала нисвинарг а ву‚ царех шена тIехь тилар  кхочушхилларг а ву. Лела шу лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла /Делан цIена дин/ харцдиначеран тIаьхье!

37.

Церан нисбаларна тIехь хьо мел сутар хилча а‚ Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна гIоьнчий ма бац.

38.

Делаца чIогIа дуйнаш ма биъна цара "Денвийр вац Дала велларг"‚- бохуш. ХIаъ! Иза хьакъ-бакъ хилар Цуьнан тIехь йолу ваIда ю-кх! Делахь а дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.

39.

Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла.

40.

Тхан дош ду цхьа хIума Тхуна дезча алар: "Хила!" – и хуьлу.

41.

Шайна зулам диначул тIаьхьа Делан дуьхьа дIакхелхинарш – Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ уьш хиллехь хууш.

42.

Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжинарш а.

43.

Хьоьл хьалха а ца бахийтина Оха божарий бен Оха шайга вехьеш а луш. Аша хаттал хьехам шегахь болчу охIлане, шаьш хиллехь ца хууш.

44.

Билгалонашца а‚ жайнашца а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта цаьрга доьссинарг‚ уьш ойла еш хилийтархьама а.

45.

Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьттаца хьулбийриг цахиларх‚ я шайга Iазап догIург цахилрх шайна ца хуучухула?

46.

Я Цо шаьш схьа цалацарх шайн дIа-схьа идаршкахь? Уьш ма бац карарабовлур берш.

47.

Я Цо шаьш схьалацарх кхерамна чохь? Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург доглозуш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

48.

Уьш ца хьожу-те Дала кхоьллинчу хIуманашка, шайн IиндагI теIаш долчу аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а Далла сужд дарца шаьш муьтIахь а долуш?

49.

Далла сужд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ бежанех /долчара а/‚ маликаша а‚ цара куралла ца йо.

50.

Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-кхобучух‚ деш ду шайга де бохург.

51.

Дала элира: "Аша ма лаца ши дела. Иза цхьа Дела ву‚ Соьх кхералаш!"

52.

Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу?

53.

Шуьца мел долу ниIмат а Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана зено схьалаьцча – Цуьнга цIогIа детта аша.

54.

ТIаккха Цо зен шух дIадаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-кхобучуьнца накъост лоцу

55.

Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна!  ТIаьхьа хуур ду шуна.

56.

Оха шайна деллачу рицкъех шайна ца хуучарна дакъа до цара. ТаллахIи‚ цаьрга хоттур ма ду цара харц кхуллуш хиллачух.

57.

Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цIена ву Иза – ткъа шайна – шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту.

58.

Царех цхьаннан йоI хилла, аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, чIогIа пошме хуьлий.

59.

Хьулбо цо нахах шена кхаъ баьккхина болу цатам. "Сийсазаллин тIехь схьаоьцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулъйо-те?" Ма вон ду-кх цара деш долу хьукам!

60.

Эхартах цатешачарна вонан масал ду‚ Далла лакхара масал ду‚ Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

61.

Дала нах шайн зулам бахьанехь /балане/ лоцуш хиллехьара‚ цуьнан /лаьтта/ тIехь цхьа а дийнат дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а тIаьхьатотту Цо уьш цIетоьхна хан тIекхаччалц. Шайн хан еъча – цхьа сахьт тIаьхьа ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу.

62.

Далла шайна ца дезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чу/ сихбийр бу /массарел хьалха/.

63.

ТаллахIи‚ хьоьл хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхан элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна‚ тахана а церан верас и ду‚ царна лазош долу Iазап ду.

64.

Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахьа царна билгалдаккха бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш болчу нахана.

65.

Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тIаьхьа. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ладугIучу нахана.

66.

Шуна бежанашкахь а маьIна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолучух боьхаллин а‚ цIийнан а юккъера шура‚ цIена йолуш‚ чам болуш молучарна.

67.

Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аша доккху вахош долу малар а‚ хаза рицкъа а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ойла ечу нахана.

68.

Хьан Кхиош-кхобучо накхаршка хаийтира: шайна цIенош лаца лаьмнех а‚ диттех а‚ цара (наха) ечух а (некхаршна чохь Iан кечам).

69.

ТIаккха даа шайна массо стоьмех‚ шайн Кхиош-кхобучун некъашкахула лела муьтIахь хилла‚ аьлла. Церан кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх, шаьш ойла ечу нахана.

70.

Дала кхоьллина шу‚ тIаккха Цо долуьйту шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьоле верзош верг а, цунна хууш хиллачул тIаьхьа хIумма ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву.

71.

Дала шун цхьаберш вуккхарел базбина рицкьанна тIехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъа лур долуш шайн куьйган кIелболчарна‚ шаьш цу чохь цаьрца цхьанийса а деш‚ Делан ниIмат а харц до, ткъа, цара?

72.

Дала шуна шух шайх а зударий хилийтина‚ Цо шуна шун зударшкара кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина‚ Цо шуна дикачух рицкъа делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIматана керстаналла до?

73.

Цара Iибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкехь хIумма а йоцучарна‚ ницкъ ца кхочучарна?

74.

Далла масалш ма даладе. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду.

75.

Дала далийна шуна масал: Шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен цхьана а хIуманна ницIкъ а ца кхочуш волу‚ Оха шена Тхайгара дика рицкъа делларг а ву‚ цо цунах харж а йо /сагIа ло/ къайлах а‚ гучохь а. Цхьанийса буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а царех дукхахберш ца хууш бу.

76.

Дала /кхин/ масална оьцу ши стаг: оцу шиннех цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьана а хIуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен валина тIехь ву‚ миччахьа а цо и хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьанийса вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш?

77.

Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтан гIуллакх бIаьрнегIар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь а бен. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву.

78.

Дала схьадаьхна шу шун нанойн кийрара‚ хIумма хууш дацара шуна‚ Цо шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а хилийтира‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш.

79.

Царна ца го-те олхазарш‚ муьтIахь лелаш стиглан хIаваэхь? Уьш ца сацо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана.

80.

Дала шуна хилийтина шун цIенойх хIусам‚ Цо хилийтина шуна бежанийн неIарех цIенош‚ шаьш шуна дайа долуш шу дIа-схьа долучу дийнахь а‚ шу /севцина/ лаьттачу дийнахь а;  церан тIаргIех а‚ месех а‚ чоьшех а шуна палтар а ю‚ цхьана ханна бахам а бу.

81.

Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух IиндагIа‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочIкъийла‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах а‚ духар а шу лардеш вовшийн ницкъах. Иштта кхочушдо Дала Шен ниIмат шуна тIехь, шу хилархьама мукIар хилла.

82.

Уьш дIаберзахь – хьуна тIехь билгала дIакхачор ду (Тхан элчалалла).

83.

Делан ниIмат девза царна‚ тIаккха инкарло йо цара цунна‚ царех  дукхахберш керстанаш бу.

84.

Оцу дийнахь Оха вохуьйтур ву хIора умматах теш‚ тIаккха керстанашна пурба лур дац‚ царна бехкаш а бохур бац.

85.

Зулам диначарна Iазап гича‚ царех и дайдийр дац‚ тIаьхьатоттур а бац уьш.

86.

/Делаца/ накъост лаьцначара шайн "накъостий" гича‚ эр ду: "Тхо Кхиош-кхобуш верг‚ хIорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга хьо витина кхойкхуш хилла болу". Цара цаьрга дош кхуссур ду: "Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх"‚- аьлла.

87.

Деле кхуссур цара оцу дийнахь мукIарло‚ дIатилар ю царех цара кхуллуш хилларг.

88.

Цатешначарна а‚ Делан новкъах /нах/ тилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапан тIе а Iазап, уьш боьханиг деш хиларна.

89.

Оцу дийнахь хIора умматехь Оха вохуьйтур ву шайна тIехь теш царех шайх‚ хьо валор ву Оха теш хилла хIокхарна тIехь. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусулбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу.

90.

Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг‚ гергарчарна /сагIа/ далар‚ ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо, хьехам тIелоцурбацаре-те аша.

91.

Делаца чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш боха ма бе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аша Дела ма хилийтина шайна тIехь векал. Баккъалла а, Далла хаьа аша дийриг.

92.

Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала хьарчинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшийн юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарел хьал сов долуш хилийтирхьама. Дала шу цуьнца зуьйш ду. Цо шуна Къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг.

93.

Далла лиънехьара Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга хаттанне а хоттур ма ду аша деш хиллачух.

94.

Шайн дуйнех вовшийн юккъехь пайда ма эцалаш – тIаккха ког телхар бу, и чIагIбеллачул тIаьхьа‚ вониг Iовшур ду аша шаьш Делан новкъах /нах/ тилорна‚ шуна доккха Iазап а ду.

95.

Ма эца Делан ваIдах кIеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь.

96.

Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Делан гергахь дерг бухадуьсур ду. Собардеш хиллачеран ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачун уггар хазачуьнца.

97.

Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда-стаг елахь а‚ ша муъма волуш – и денвийр ма ву Оха хазачу дахарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачун уггар хазачуьнца.

98.

Айхьа КъурIан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь тIулгаш кхуьссуш эккхочу шайтIанах.

99.

Баккъалла а, цуьнан бакъо яц иман диллинчарна тIехь‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжачарна тIехь а.

100.

Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ накъост виначарна тIехь‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а.

101.

Оха аятан метта аят хийцийча – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: "Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву". ХIаъ‚ царех  дуккхахберш хууш бац.

102.

Ахьа ала: "И доссийна Дезачу сино хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама иман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусулба нахана.

103.

Тхуна хууш ду‚ цара олу: "Иза Iамавеш ву адамо". Уьш шена тIекхийдаш берг Iажам мотт ма бу‚ ткъа хIара билгала Iарбийн мотт ма бу.

104.

Баккъалла а, Делан аятех цатешаш берш – Дала нисбийр бац уьш‚ царна лазош долу Iазап а ду.

105.

Баккъалла а, Делан аятех цатешаш берш харцдерг кхуллуш бу‚ уьш – харцлуьйш берш бу.

106.

Ша иман эцначул тIаьхьа Делаца керсталла динарг‚ шен дог иманца чIагIделла долуш шена ницкъ бинарг а воцуш‚ керсталлина шен дог деллинарг – царна Делера оьгIазло а ю‚ царна доккха Iазап а ду.

107.

Иза цара эхартал дуьненан дахар дезар лахарна ду‚ Дала нисбеш  цахиларна ду керста нах.

108.

Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бIаьрсина а мухIар тоьхнарш‚ уьш бу шаьш гIовпал берш!

109.

Шеко яц эхартахь уьш эшнарш хиларан.

110.

ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург /гечдеш ву/ хIижар диначарна, уьш питане лаьцначул тIаьхьа шаьш къахьегна болу‚ собар дина болу, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

111.

Оцу /къемат/ дийнахь массо а вогIур ву шен са къуьйсуш‚ массо сина лур ду ша динарг‚ царна зулам дийр дац!

112.

Дала масална ялийна цхьа юрт. И хилла маьрша а‚ паргIат а: шен рицкъа догIура цига шортта массо меттигера. ТIаккха цо Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар, цара деш хилларг бахьанехь.

113.

Цаьрга веара элча, царех а волуш – цара иза харцвира – тIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ уьш зуламхой бу.

114.

Аша даа Дала шайна деллачу рицкьанх хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш хиллехь.

115.

Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIарца хьахийнарг а. Ша ца ваьлларг‚ къа деш воцуш‚ дозанах а ца волуш – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

116.

Аша ма алалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдолчунна: "ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду"‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбуьйр болуш бац.

117.

КIезиг зовкх хьоьгур ду‚ царна лазош долу Iазап ду.

118.

Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шайна зулам деш.

119.

ТIаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба деш дика Iамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.

120.

Баккъалла а, ИбрахIим хилла Далла муьтIахь имам‚ цIена дин дерг‚ и ца хилла ширк дечарех.

121.

Цуьнан ниIматашна шукар дийриг а /хилла иза/. Цо /Дала/ хаьржина иза‚ нис а вина нийсачу новкъа.

122.

Оха цунна делира дуьненахь а диканиг‚ иза эхартахь а дикачарех ву.

123.

ТIаккха Оха хьоьга вехьи доссийра цIена дин долуш хиллачу ИбрахIиман миллатан тIаьхьахIотта‚ аьлла‚ и ца хилла ширк дечарех.

124.

Шоьтаде /даздар/ хилийтина цуьнгахь хилпало хиллачарна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург хьукам дийр долуш ву царна юккъехь уьш хилпало еш хиллачуьнгахь.

125.

Ахьа кхайкха хьан Кхиош-кхобучун новкъа хьекъалца а‚ хазачу ваIзийца а‚ цаьрца къийса хазачу кепаца. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург вуно дика вевзаш ву Шен новкъах тилавелларг. Иза вуно дика бевзаш ву нийсачу новкъахь берш а.

126.

Нагахь санна аша таIзар дахь‚ таIзар де шайна таIзар диначух терра‚ аша собар дахь – иза собар дечарна дика ду-кх.

127.

Ахьа собар делахь‚ хьан собар Делаца а бен дац‚ царна пошме ма хила‚ хьо ма хила сагатлуш цара ечу мекарлонах.

128.

Баккъалла а, Дела ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца.