114. АН-НАС


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Ахьа ала: "Со ларло нах Кхиош-кхобушволчуьнца

2.

Нехан Паччахьаца‚

3.

Нехан Делаца

4.

Васвасалла /дагчу догIу вон мел дерг/ кхуьссучу‚ Делан цIе яьккхича додучу /шайтIанан/ вонах‚

5.

Ша васвасалла кхуьссуш долчу нехан дегнашка‚

6.

Жинийх ду /и шайтIа/‚ нахах а ду".