107. АЛЬ-МАIУН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и дин харцдеш верг?

2.

Иза ву бобер шен хьакъах духа тухуш верг.

3.

Мискачунна даа хIума далан /нах/ меттах ца боху цо.

4.

Боккха бала бу ламаз дечаьрна‚

5.

Шаьш дечу ламазах терго еш боцчу‚

6.

Шаьш /нахана/ гайтархьама /ламазаш деш/ болчу‚

7.

Шаьш /нахе ханна пайдаэца/ цIера салпал яла магош боцчу.