101. АЛЬ-КЪАРИIА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Тухуш дерг.

2.

Иза хIун ду тухуш дерг?

3.

Хьоьга стено хаийтина‚ и тухуш дерг хIун ду?

4.

Оцу дийнахь адамаш хир ду даьржина цIоз санна‚

5.

Лаьмнаш хир ду къовзина тIаргIа санна.

6.

Амма шен терза язъелларг /дика Iамалш сов ялла/ -

7.

Иза хир ву /ша/ реза волчу дахарехь /ялсамани чохь/.

8.

Амма шен терза яйелларг -

9.

Цуьнан нана "хIавия" хир ю.

10.

Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза хIун ю?

11.

Алу туьйсу цIе /ю иза/!