100. АЛЬ-IАДИЙАТ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

/Шайн багара/ аз долуш тIехьаьдда йогIучу /говрех/ дуй боу Аса‚

2.

/Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссачу /говрех/ дуй боу Аса.

3.

Iуьйрана тIелетачу /говрех/ дуй боу Аса.

4.

Цара аййира цигахь чан.

5.

Цара гобира цигахь /мостагIийн/ тобана:

6.

Баккъалла а, адам ша Кхиош-кхобуш волчун керста ма ду.

7.

Баккъалла а, иза цу тIехь /ша а/ теш ма ду.

8.

Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чIогIа ма ду.

9.

Цуна ца хаьа кешний чохь мел дерг аракхоьссича‚

10.

Дегний чохь мел дерг гучадаьккхича

11.

Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла?