10. ЮНУС

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Алиф-ла-м-ра. Хьукаме долчу жайнан аяташ ду хIорш.

2.

Тамашийна хилла-те нахана, Оха царех цхьана стаге Тхан вехьи доссор‚ нахана кхерам а таса‚ иман диллиначарна кхаъ а баккха царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь тешаме бух бу‚ алий? Керстанаша ма элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуанча ма ву".

3.

Баккъалла а, шу Кхиош-кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира И Iарша тIехь. ГIуллакх дIахьо Цо. Цо пурба деллачул тIаьхьа а бен цхьа а гIодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-кхобург‚ Цунна Iибадат де. Аша ойла ца йо?

4.

Шун массеран дIадерзар Цуьнга ду. Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тIаккха и карладоккху иман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м – царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Iазап а ду шаьш /дин/ керста деш хиларна.

5.

И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан /беттан/ барам а хIоттийна – манзалаш‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ хуучу къомана.

6.

Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцарехь‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а Дала мел кхоьллинчохь делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу къомана.

7.

Баккъалла а, Тхоьца цхьаьнакхетарх дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергачу дахарна /дуьненна/ реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргIат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гIовпал хилларш а‚–

8.

Уьш бу шайн чугIойла /жоьжахатин/ цIе ерш шаьш карош хиллачуьнца.

9.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – шайн Дала уьш нисбийр бу шайн иманца, ниIматийн бошмашкахь церан бухахула татолаш оьхур ду.

10.

Церан доIа цу чохь /ялсаманехь/: "Везан Дела‚ вонах цIена ву Хьо" хир ду‚ церан маршалла цигахь "Салам" хир ду. Церан тIаьххьара доIа хир ду: "Хастам бу Далла – Iаламийн Дена".

11.

Дала нахана вониг сихдинехьара дикане церан сихбаларца – шайн Iожалла царна тIекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхан цхьаьнакхетаре дог ца дохуш берш шайн тилларчохь дIа-схьа уьдуш.

12.

Адамо, ша зуламо схьалаьцча, Тхоьга кхойкху шен агIона тIехь‚ я охьахиъна, я хьалагIаьттина. Оха шегара зулам айдича – дIаволало (шен хьалахалерачу новкъа) ша схьалаьцна хиллачу зуламна ша Тхоьга ца кхайкхича санна. Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарна шаьш деш хилларг.

13.

ТIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ – уьш ца хилира иман дилла. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана.

14.

ТIаккха шу хилийтира Оха царел тIаьхьа лаьттахь тIаьхье, Тхо хьажархьама шу муха лела.

15.

Тхан билгала аяташ шайна тIехь дешча‚ Тхан цхьаьнакхетаре дог ца дохучара элира: "ХIара доцург кхин дешар ло‚ я и хийца". Ахьа ала: "Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу вехьина тIаьхьа возуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-кхобучунна Iеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах".

16.

Ала: "Далла лиънехьара‚ аса шуна тIехь доьшур ма дацара и‚ Цо (Дала) шуна Iамор а ма дацара и‚ аса шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна. Аша ойла ца йо?

17.

Мила ву-те зуламе ша Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбуьйр ма бац.

18.

Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна? Цара олу: "ХIорш бу тхан гIодаккхархой Далла гергахь". Ахьа ала: "Аша дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а ца хуург?" Вонах цIена ву Иза‚ генаваьлла цара Шеца накъост лацарх.

19.

Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, – тIаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра Цо церан шеца хилпало хиллачохь.

20.

Цара олу: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара делил доьссинехьра цуьнга". Ахьа ала: "Къайлах дерг Делан ду‚ шу хьоьжуш Iе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьоьжучарех ву".

21.

Оха нахе къинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тIаьхьа,- цара мекарло йо Тхан аяташкахь. Ахьа ала: "Дела мелхо а сиха ву мекарло ярца". Баккъалла а, Тхан элчанаша дIаязъеш ю аша еш йолу мекарло.

22.

И ву шу дIа-схьа лелош аренгахь а‚ хIорда тIехь а‚ шу кеманна чохь хуьлуш. И дIадоьду цаьрца хазачу мохаца‚ уьш баккхийбуьй цунах. ЧIогIа мох богIу цунна тIе‚ царна йогIу массо меттигера тулгIе‚ царна моттало цо шаьш юкъадохуьйту. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цIандеш берш а хуьлий: "Ахьа тхо хIокхунах хьалхадахахь‚ тхо баркалла олучарех хир ма ду"‚- бохуш.

23.

Цо уьш хьалхабаьхначул тIаьхьа, цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХIай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кIеззиг/ хIума ду иза. ТIаккха шун дIадерзар Тхоьга ду – Оха дуьйцур ду шуьга аша деш хилларг.

24.

Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра лаьттан орамат, наха а‚ бежанаша а юучех. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиича)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тIехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буьйсанна я дийнахь Тхан болх кхочу цунна тIе – Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта (яраш) – селхана ца хилларг санна – иштта къастадо Оха аяташ ойла еш долчу къомана.

25.

Дала кхойкху машаран цIа чу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа.

26.

Дика хиллачарна диканиг ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /Къематдийнахь/‚ церан яххьийх чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш – ялсаманийн дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а лаьтташ.

27.

Вон дерг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царех. Ма вац царна Делера и духатуху верг. Шайн яххьаш боданечу буьйсанан кийсигашца хьулйиначарех тера бу уьш. Уьш цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар а лаьтташ.

28.

Оцу /къемат/ дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: "ДIалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а". Церан юкъ хадийра Оха. Церан накъосташа элира: "Шу ца хилла тхуна Iибадат деш‚

29.

Дала кхачойира теш хила тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аша тхуна Iибадат дарах гIапал".

30.

Цигахь бала кхечира массо а синан ша хьалха дахийтинчуьнца. Уьш дIаберзира Деле‚ шайн хьакъ верас хилла волчу‚ царех дIатилира шаьш /харц/ кхуллуш хилларг.

31.

Ахьа алал: "Мила ву шуна рицкъа луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву доладеш хазарх а‚ бIаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш‚ мила ву дIахьош гIуллакхаш?" Цара эр ду хьуна: "Дела ву-кх". ТIаккха ахьа ала: "Шу ца кхоьру /Цунах/?"

32.

И ву Дела – шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХIун ду, ткъа, бакъдолчул тIаьхьа тилар бен? ТIаккха а ма дIадерзина шу!

33.

Иштта бакъ хилира хьан Кхиош-кхобучун дош песакъ нахана тIехь: уьш тешар бац.

34.

Ахьа ала: "Шун накъостех вуй ша кхоллар долош верг‚ тIаккха и карладоккхуш верг?" Ала: "Дала доладо кхоллар‚ тIаккха и карладоккху. Ма Iехош ду-кх шу!"

35.

Алал: "Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг?" Ала: "Дала нисбо бакъдолчунна тIе". Ткъа ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг хьакъ вац шена тIаьхьахIотта‚ я ша нис ца беш верг ву ша нисвахь бен? Ткъа шуна хIун хилла? Аша муха хьукма до?!

36.

Царех дукхахберш моттарна а бен тIаьхьахIуттуш ма бац. Баккъалла а, моттаро бакъдолчух хIумма а кIелхьара ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчун дуьхьал хIумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг.

37.

ХIара КъурIан ца хилла кхолладала Дела воцучуьнгара‚ делахь а нийса догIуш ду и шел хьалха хиллачуьнца‚ шен чохь шеко йоццуш Iаламийн Дегара жайнан билгалдаккхар а ду и.

38.

Я цара олу: "Цо /ша/ кхоьллина и /КъурIан/"? Аша даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцург шайна ницкъ кхочург‚ шаьш бакълуьйш хиллехь.

39.

Делахь а харцдина цара шен /КъурIанан/ Iилманца шаьш тIе ца кхиънарг‚ шен таъвил а, хIинцале шайга ца кхаьчнарг. Иштта харцдира царел хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!

40.

Царех цунах тешаш верг а ву‚ царех цунах цатешарш а бу. Хьан Кхиош-кхобург дика хууш ву хьуна боьха леларш.

41.

Хьо цара харцвахь‚ ахьа ала: "Суна сайн Iамал ю‚ шуна шайн Iамал ю. Шу цIена ду аса дечух‚ со цIена ву аша дечух".

42.

Царех хьоьга ладугIуш берш а бу. Ахьа хозуьйтур дара къорачунна, цуьнан тIе а кхетам боцуш уьш хилча?

43.

Царех хьоьга хьоьжуш верг а ву. Ахьа нисвийр вара бIаьрса доцург, цуьнан тIе а гур долуш уьш ца хилча?

44.

Баккъалла а, Дала зулам ца до нахана цхьана а хIуманца‚ делахь а наха шаьш до шайна зулам.

45.

Цхьана /къемат/ дийнахь Цо уьш гулбийр бу‚ уьш дийнан цхьана сохьтехь а бен ца лаьттинарш санна‚ вовшашна бевзар бу уьш – тIаккха ийшира Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш‚ ца хилира уьш нисбелла.

46.

Я Оха гайттане а гойтур ду хьуна Тхаьш царна ваIда йина хиллачех цхьадерг /Iазап/‚ я Оха валлане а волуьйтур ву хьо /царна Iазап дале/. Тхоьга ду церан дIадерзар – тIаккха Дела теш ма ву цара деш долчунна.

47.

ХIора умматан элча ву. Шайн элча веъча кхиэл йийр ю царна юккъехь нийсонца‚ царна зулам дийр дац.

48.

Цара олу: "Маца кхочушхир ю и ваIда, шу бакълуьйш хиллехь?"

49.

Ахьа ала: "Аса дола ца до сайна зенна а‚ пайденна а Далла ма луъу бен. ХIора умматана тоьхна хан .ю‚ и шайн хан тIееъча – сахьт тIаьхьабуьсур а бац уьш‚ /сахьт/ хьалхабовлур а бац".

50.

Ала: "Дийцал аша суна: Цуьнан Iазап шайга буьйсанна я дийнахь деъча‚ оцунах хIун сихдан луур дара къинош деш болчарна?

51.

ТIаккха иза хIоьттича тешар дара шу цунах? ХIинца а? Шу ма дарий и сихдала лууш /хьалха/."

52.

ТIаккха эр ду зулам диначаьрга: "Iовша шайна гуттаренан Iазап. Бекхам  хир буй шуна, ткъа, аша карош хиллачуьнца а бен?"

53.

Хьоьга доьху цара (цунах лаьцна) дийцар: "Баккъалла а, дуй и?" Ахьа ала: "ХIаъ‚ сан Кхиош-кхобучуьнца (дуй буу аса), баккъалла а, ду-кх! Аша дохор дац иза".

54.

ХIора зулам динчу синан лаьттахь мел дерг хилча а – и дIалур дара цара‚ хьулдийр дара дохкодовлар шайна Iазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац.

55.

Баккъалла а, Делан дац, ткъа, стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг? Баккъалла а, Делан ваIда бакъ яц, ткъа? Делахь а царех дукхачарна ца хаьа-кх.

56.

Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду.

57.

ХIай нах! Шуьга беъна шун Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а – муъма нахана нийса некъ а‚ къинхетам а.

58.

Ала: "Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца – Цуьнца баккхийбоьдийла уьш – иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул".

59.

Ахьа ала: "Хьовсал шу‚ хIун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъех! Аша цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира". Ала: "Дала пурба делира шуна‚ я шу Далла тIехь харцдерг кхуллуш ду?"

60.

ХIун ду-техьа Далла тIехь харцдерг кхуллучарна моьттург Къемат- дийнахь? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тIехь‚ делахь а царех дуккхачара баркалла ца олу.

61.

Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахьа доьшур дац цунах цхьа а дешар а‚ аша йир яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-кхобучух дIадовр дац мискъал заррат лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахь долуш бен.

62.

Баккъалла а, Делан доттагIий – царна кхерам а хир бац‚ уьш пошме а хир бац.

63.

Уьш бу иман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) –

64.

Царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза – сийлахь-боккха толам бу.

65.

Церан дашо сингаттаме ма войла хьо, – баккъалла а, Далла ду дерриге а сий. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.

66.

Баккъалла а, Делан бац, ткъа, стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш? Стенна тIаьхьахIуттуш бу Дела воцург /кхин/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тIаьхьахIуттуш бац деккъа моттаргIина бен‚ уьш бац харцлуьйш а бен.

67.

И ву шуна буьйса хилийтина, цу чохь шу тийна хилийта‚ де а /хилийтина/, цу чохь /шуна хIуманаш/ гайта. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу къомана.

68.

Цара элира: "Дала доьзалхо лаьцна". Вочух цIена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца делил дуй шуна гергахь? Далла тIехь шайна ца хуург дуьйцу аша?

69.

Аша ала: "Баккъалла а, Далла тIехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбуьйр бац".

70.

Дуьненан бахам бу‚ тIаккха церан дIадерзар Тхуна тIе ду‚ тIаккха Оха Iовшуьйтур ду цаьрга чIогIа Iазап, уьш цатешаш хиларна.

71.

Деша царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: "ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iойла а‚ сан Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Барт бе шайн гIуллакхана тIехь а‚ шайн накъосташкахь а‚ тIаьхьа шун гIуллакхо шуьга гIайгIа ма йойтийла‚ тIаккха суна тIе дуьйла /кхиэл яйта/‚ хье ма велаш со /суна тIе ца догIуш/.

72.

Шу дIадерзахь (соьх) – аса шуьга цхьа а мах ца бийхира‚ сан мах Далла тIехь бен бац‚ суна омра дина со бусулбанех хила"‚- аьлла.

73.

Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарабехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира уьш тIаьхье‚ Тхан аяташ харцдинарш хина буха бахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран тIаьхье!

74.

ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца – уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха дозанах беллачийн дегнашна.

75.

ТIаккха царел тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош ден къам.

76.

Тхан гергара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: "Баккъалла а, хIара билггала бозбуанчалла ма ду".

77.

Мусас элира: "Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аша? Бозбуанчалла ду хIара? Бозбуанчаш баккхийбуьйр ма бац".

78.

Цара элира: "Хьо веъна тхуна тхо тхан дай шена тIехь тхайна карийначух дIадерзо? Шуна шиннена хилийтархьама сийлахьалла лаьттахь‚ тхо шух шиннех а тешаш ма дац".

79.

ФирIавнас элира: "Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуанча".

80.

Бозбуанчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: "Кхосса шаьш кхуссуш ерг".

81.

Цара кхоьссича‚ Мусас элира: "Аша шайца деъна дерг бозбуанчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала  ца тойо боьхачу нехан Iамал.

82.

Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала шен дешнашца‚ къинош дечарна ца дезахь а".

83.

Мусах цатийшира цуьнан къомах цхьа зуьрет бен, ФирIавнах а‚ цуьнан элийх а кхерарна‚ цара шаьш питане лацарна. Баккъалла а, ФирIавна лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/‚ баккъалла а, и кхоам цабечарех ву (Делан ниIматах).

84.

Мусас элира: "ХIай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна – Цунна тIетовжа‚ шу хиллехь муьтIахь дерш (бусулба нах)".

85.

ТIаккха цара элира: "Далла тIетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-кхобушверг‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана.

86.

КIелхьарадахалахь тхо хьан къинхетамца керста къомах".

87.

Мусага а‚ цуьнан веше (ХIаруне) а Оха хаийтира вехьица ашшиммо а шайн шинне къомана Мисрахь цIенош лаца‚ аьлла‚ шайн цIенойх къибла хилийта‚ ламаз хIоттаде‚ кхаъ баккха муъма нахана‚ аьлла.

88.

Мусас элира: "Веза волу тхо Кхиош-кхобушверг‚ ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахьа, тхан Кхиош-кхобушверг, уьш тилабалийтархьама Хьан новкъах. Веза волу тхо Кхиош-кхобушверг‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а‚ уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап гайтталц".

89.

Цо (Дала) элира: "Шу шиннан доIина жоп делла‚ нийса хила шу шиъ‚ тIаьхьа ма хIитталуш цахууш болчийн новкъа".

90.

Оха хIорд бийкъира Исраилан кIенташна. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций а‚ мостагIаллиций а. /ХIордан/ бухавахар шех кхиъча‚ цо /ФирIавнас ша хьорда буха гIуш/ элира: "Со тийши кхин Дела цахиларх,  Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарех (бусулба нахах) ву-кх".

91.

ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йина ахьа‚ хьо ма хили боьхачарех!

92.

Тахана Оха кIелхьаравоккхур ву хьо хьан дегIаца хьоьл тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхахберш Тхан аятех гIовпал ма бу.

93.

Оха охьаховшийра Исраилан кIентий бакъонан меттиге‚ цIеначух рицкъа а делира царна‚ шайга Iилма (бусулба дин) даллац хилпало ца йира цара. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Къематдийнахь, уьш шеца хилпало еш хиллачохь.

94.

Хьо шекончохь хиллехь Оха хьайга доссийначух‚ ахьа хаттал хьоьл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деъна хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарех.

95.

Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарех – тIаккха хьо хир ву эшначарех.

96.

Баккъалла а, шайна тIехь хьан Кхиош-кхобучун дош бакъ хилларш тешар бац.

97.

Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Iазап галлац.

98.

Юрт иман диллина ца хилча, цуьнан имано шена пайда ца бира Юнусан къомана бен: цара иман диллича Оха айдира царех дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап‚ бахам белира царна цхьана ханна.

99.

Хьан Кхиош-кхобучунна лиънехьара иман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьуна ницкъ иман дилийта могур дара нахе /царна ца луушехь/?

100.

Ца хилла сина иман диллар Делан пурбанца а бен‚ ойла ца еш болчарна рижс /Iазап/ хуьлуьйту Цо.

101.

Ахьа ала: "Хьовсал! ХIун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а? Хьалхадоккхур ма дац /Iазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара а тешаш доцу къам".

102.

Уьш хьовсар буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахьа ала: "Хьовса‚ со а шуьца цхьаьна  хьовсучарех ву".

103.

ТIаккха Оха кIелхьарабохур бу Тхан элчанаш а‚ иман диллинарш а. Иштта хьакъ хилла Тхуна – Оха кIелхьарабохур бу муъма нах.

104.

Ахьа ала: "ХIай нах! Шу хиллехь шекончохь сан динах‚ аса Iибадат дийр дац шуна Дела воцчу аша Iибадат дечарна‚ делахь а аса Iибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъма нахах хила‚ аьлла.

105.

Хьан юьхь хIоттае динна тIе догцIена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех‚ аьлла.

106.

Ахьа ма кхайкхалахь Дела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахьа и дахь – тIаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх"‚- аьлла.

107.

Дала зенаца хьо схьалацахь – и айдийр дерг вац хьуна И ша воцург. Хьуна диканиг Цунна лаахь – Цуьнан къинхетамна духатухург вац хьуна. И кхиадо Цо Шен лех Шена луучунна. И гечдеш верг а ву а‚ къинхетам беш верг а ву.

108.

Ахьа ала: "ХIай нах! Шуьга деъна бакъдерг шун Кхиош-кхобучуьнгара: нисвелларг – шена нисвелла ву‚ тилавелларг – шена тилавеллар ву. Со шуна тIехь векал а вац".

109.

Хьайга вехьица хаийтинчунна тIаьхьахIотта хьо‚ собар де Дала хьукма даллац. И – хьукма /нийса/ дечарех диканиг ву.