1. АЛЬ-ФАТИХЬА


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

  1. Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

  2. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена,

  3. Ша сов къинхетаме‚ къинхетаме волчу,

  4. Шен долахь бекхаман де долчу!

  5. Хьуна Iибадат до оха‚ Хьоьга гIо а доьху.

  6. Нисде Ахь тхо нийсачу новкъа,

  7. Ахь шайна ниIмат деллачеран новкъа. Хьо шайна оьгIаз ца ваханчеран а‚ тила ца беллачеран а новкъа. /Амин/.